ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахташкахь къизаллаш лелош яьхна 40 Гб видеош кхаьчна шега, боху Gulagu.net кхоллархочо


Бакъонашларъяран Gulagu.net проект кхоллархо Осечкин Владимир
Бакъонашларъяран Gulagu.net проект кхоллархо Осечкин Владимир

Бакъонашларъяран Gulagu.net проект кхоллархочо Осечкин Владимира дIахьедина, Оьрсийчоьнан колонешкахь чубоьхкинчу нахана тIехь къиза Iазап латтош яьхна видеош тIехь йолу лерринчу сервисийн "къайлах" архив караеъна шена аьлла. Цунах лаьцна яздо Свобода Радионо.

Юьйцурш ю 40 сов гигабайт видеош. Осечкина дийцарехь, цара "гучудоккху Оьрсийчуьрчу набахташкахь лелаш ФСБ-н а (Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервис), ФСИН-ан а (Федералан таIзарш кхочушдон сервис) агентийн "зондеркомандаш" хилар, кураторша тIедилларца чубоьхкинчу нахана гIело еш а, ницкъбеш а лелаш йолу.

Цул сов, шаьш нах хьийзош яьккхинчу видеокомпроматах пайда а оьцуш, цара вербовка йо шаьш ницкъ бинчу нахана шайн "кIизаллаш лелоран конвейерехь" цаьрга дакъалацийта а, "моттбеттархой" беш а, талламхоша хьалххе кечдинчу тоьшаллашна тIе куьг таIадайта а.

Архиван хьалхара видео гайтина "Вот так" зорбан гIирсо. Оцунна тIехь масех стаг ву, набахтехь ма-хилллара йолчу чохь, тIехь хIуманаш йоцу стаг, маьнгехь дIа а вихкина, иза вуно ирчачу кепехь хьийзош воллуш.

ЧIагIдеш ду иза хилла хилар стохка Чиллан-баттахь. Кхо видио Бакъонашларъяран проекто елла "Медиазоне"(Медиазона юкъатоьхна ю Оьрсийчохь арахьарчу агентийн тептарна).

Зорбан гIирсо даладо иштта Осечкина шега видеоархив каракхачарх лаьцна дийцинарг. Gulagu.net кхоллархочо дийцарехь, цуьнан накъаостийн аьтто баьлла Оьрсийчуьра араваккха, ФСИН-а урхалла дечу цхьана колонехь 5 шо даьккхина стаг. Осечкина цуьнан цIе ца яьккхина, амма билгалдаьккхина иза набахтехь "йиттина а, ницкъ бина а, цул тIаьхьа говзанчах санна пайда эцна а" программист хилар. Цундела 2018-2020-чу шерашкахь цуьнан тIекхача аьтто хилла ФСИН-ан компьютершна а, белхахойн видеорегистраторшна а.

Осечкина дийцарехь, видеоархив ю Владимиран а, Саратовн а, Иркутскан а регионашкара ФСИН-ан урхаллашкара. Gulagu.net кхоллархочо чIагIдарехь, верриг а Iазапах а, гIело ярх а чекхваьлла 200 сов стаг, амма видео яьккхина царах 40 стаг хьийзош.

  • Бакъонашларъяран Gulagu.net проект кхоьллира Осечкин Владимира 2011-чу шарахь. Цуьнан белхахой ларъян гIертара чубоьхкинчу нехан бакъонаш, цара биллина зорбане баккхар колонешкахь ницкъ барх лаьцна хаамаш.
  • Кхушара Товбеца-баттахь ФСИН-ан а, ФСБ-н а тIедожорца Роскомнадзора блок хIоттийра Gulagu.net сайтана. Осечкина дIахьедина шайн проекта кхидIа а болх бийр бу, амма ша Оьрсийчуьра арабохур бу шен белхахой, церан кхерамазалла ларъян аьлла. Иза ша а дIавахна кхечу пачхьалкхе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG