ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь даккха пхи шо кхайкхийна Джумаев Сайд-Мухьаммадна


Джумаев Сайд-Мухьаммад
Джумаев Сайд-Мухьаммад

Москварчу Тверской кIоштан кхело колонехь даккха пхи шо хан туьйхи цигарчу пачхьалкхан университетан студент волчу Джумаев Сайд-Мухьаммадна. Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна бехке вина иза, Оьрсийчоьнан оппозиционер волчу Навальный Алексейгахьа хIоттийначу митингехь омонхойх тийсаваларна. Джумаевн хьокъехь бина сацам бовзийтина Мусаев Мурада.

Кхело вердикт йовзуьйтучу дийнахь Москварчу суьдхойн гIишлона хьалха баьхкинера Джумаевн гергарнаш а, цуьнца цхьана доьшурш а, яздо "Кавказскйи узел" ресурсо.

"Хаамийн гIирсашкахь яздечуьнга хьаьжча, суна гуш ду, СаьIид - оьзда, бакъахьара кIант хилар а, цунна Iедалхой тIаьхьабовлар нийса доций а. Цунна куьйгаш тоха луур дара суна", - аьлла Пензера еанчу жигархочо Светлана Гериховнас.

Хьалхо Джумаев Сайд-Мухьаммадна пхи шо хан тоха догIу набахтехь такха, аьллера Iедалан цIарах бехктIехьочу агIоно. Цул тIаьхьа юха а кхачам боллуш гIуллакх талла сацам бира кхело.

  • Навальныйн агIолоцуш дIаяьхьначу митингера яьржира Джумаевх тера стаг полицин ницкъех Iалашлуш, дуьхьаллеташ. Полисхойх латарна бехкевира иза ша лацанза, лохуш а волуш. Псковна гергахь лецира Дечкен-беттан 28-чохь, Европан Цхьаьнакхетаралле вахна, къайлавала воллуш хилла аьлла.
  • Дукха хан ялале Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама дIахьедира, нагахь санна иза Оьрсийчоьнан оппозицехьа вацахь, ша Джумаевн гIуллакх "дикачу агIор луьстур ду", аьлла.
  • Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада Дечкен-баттахь элира, Кадыровс "дерриг дира цуьнан кхоллам аттачу боккхуш", амма Джумаев "кхин некъ хаьржина". Даудовна хетарехь, тIехь да воцуш кхиина Джумаев, вон Iамийна арено – аьлча а Оьрсийчоьно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG