ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчоьнан «амир»: Етташ даьхна соьгара дареш


Динан экстремизмехь бехкевечу ГIБР-ан вахархочо Мисхожев Олега шегара етташ даьхна низамхоша тоьшаллаш, аьлла дIахьедина кхеле.

Талламчаша чIагIдо, Мисхожев махкарчу тIемалойн амир а ву, иза ГIебарта-Балкхаройчохь халифат хIотто а гIиртина бохуш.

20I4-чу шеран юьххьехь кхечу «тIемалочуьнца-экстремистца» Балкаров Ахьмадца цхьана лаьцна иза Нальчикехь, кисанара кIомал а йоккхуш, боху талламо.

Ткъа кхелехь Мисхожевс бохура, ша а, Балкаров а маьждиге воьдуш лецира, лаьтта а вижийна, шайна полици дегIах хьаьжира, цхьаммо шега кIомал а елла, «ваха лаахь» иза шен ю алий, дареде аьлла.

Мисхожевс дийцарехь, цунна ток йиттина полицино, маж хадийна, йиттина, цуьнга цадинарг тIеоьцуьйтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG