ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикех лечийн терахь 60 % даьлла Оьрсийчохь цхьана шарахь


Гайтаман сурт

2020-чу шарахь наркотикех беллачу нехан терахь 60 проценте кхиъна, цул хьалхарчу шераца дуьстича. Росстато оцу хьокъехь довзийтинчу рапортан тидам бина РБК агенталло. 2020-чу шарахь наркотикех велла 7316 стаг, кхин а шо хьалха – 4569 вахархо.

2016-2018-чу шерашкахь Оьрсийчохь хIора шарахь наркотикех леш вара 4,4-4,8 эзар стаг. Верриг а арахьарчу бахьанашца кхелхина Оьрсийчохь 2020-чу шарахь 139,6 эзар вахархо, наркотикех белларш бу 5,2 процент.

Наркотикашна тIехула синIаткъаман лазарш бахьанехь кхелхинарш а, ишта наркотикех я галлюциногенех дIавш даьлла белларш а чоьте эцна Росстато, ша зераш деш.

Пандеми йолаеллачул тIаьхьа доллу дуьненахь а наркотикаш лелор эвхьаздаларх кху шеран Мангал-баттахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин (ООН)наркотикашкахула а, зуламашкахула а йолчу Урхалло рапорт зорбане яьккхира.

275 миллион гергга дуьненчуьрчу бахархоша лелош хиллера наркотикаш, коронавирусан пандеми йолаелчхьана. Ткъа и терахь 22 процентна лакхара ду, 2010-чу шерца дуьстича.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG