ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйн агIончаша хIоттийначу "тIом марсабаьккхинчийн" тептарехь ву Делимханов


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Хьалхо "тIом марсабаьккхинчех" шаьш хIоттийначу тептаран йоца кеп зорбане яьккхина Навальный Алексейн бIанакъосташа. Коррупцица къийсам латточу Дуьненаюкъарчу Фондан сайтехь зорбане хIоттийна иза.

Нохчийчуьрчу официалан нахах оцу тептарехь нисвелла мехкан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь волу депутат, Кадыровн уллора бIанакъост Делимханов Адам. Авторша дIахьедо, доллу дуьненара нохчийн диаспорийн урхалла деш ву хьаькам, "криминалан а, экономикан а потенциалах пайда а оьцуш". Оцу юкъанна ша мехкан куьйглахо "марсабаьккхинчийн" тептарехь вац.

Ерриг а Навальныйн агIончаша яьккхина 200 фамили. ЧIагIдарца, тептар хIоттийна Британин арахьарчу гIуллакхийн министралин дехарца. Дуьненаюкъарчу ФБК-н сайтерчу хаамашца, цу юкъахь ву "уггар хьалха санкцеш дуьхьалъяха езаш болу, коьрта тIом марсабаьккхинарш". Тептарехь бу тIемалой, федералан министраш, Думин депутаташ, ницкъаллин урхаллийн белхахой, Навальныйн агIончаша пропагандисташ олу зорбанан гIирсийн белхахой а, олигархаш олу бизнесменаш а. Британино хIинццалц схьа санкцеш дуьхьал ца яьхна нах бу буьйцурш.

ФБК-н векалша 6 цIе билгалъяьккхина, царна хетарехь, Британин Iедалхоша уггар хьалха тергоян езаш. Ву иза Оьрсийчоьнан финансийн министр, кхерамзаллин Кхеташонан декъашхо Силуанов Антон а, Путинан гIоьнча Мединский Владимир а, Оьрсийчоьнан Банкан урхалхо Набиуллина Эльвира а, бизнесхо Махмудов Искандер а, федералан телеканалийн белхахой Андреева Екатерина а, Канделаки Тина а. Тептарехь ву иштта, масала, актер Башаров Марат а, иллиалархой Басков Николай а, Киркоров Филипп а, Чичерина Юлия а, философ, публицист Дугин Александр а, Думин депутат Делимханов Адам а, совдегар а, Путин Владимиран уллора доттагI Кривоногих Светлана а. Навальныйн агIончаша чIагIдарехь, оцу нахана тIехь "Украинехь болийначу агрессин тIемах бехк". Оцу тептарехь вац Путин а, цуьнан уллорчу гонера нах а, хIунда аьлча, царна дуьхьал хIинцале а санкцеш яьхна ю.

Малхбузенан пачхьалкхашка санкцеш дуьхьаъяха аьлла, хьалхо керлачу тептаре язбинарш ФБК-но баьхнера "тIом марсабаьккхинарш" аьллачийн могIаре. И тептар зорбане даккхаро кеп-кепара реакци йира, царна юкъахь бара массарна а хезаш тIом емалбинарш а. Царех цхьаберш тIаьхьо дIабехира тептарера.

  • Делимханов Адам бехке лору оппозицин политик Непцов Борис а, Кадыров Рамзанна дуьхьал вистхилла нохчийн "Ламанхо" тобанан командир, ФСБ-н подполковник Байсаров Мовлади а верна. Делимханов Интерполехула лехамашка а велира ЯмадаевгIеран вежарий байъарна бехкевина, журналисташна кхерамаш туьйсуш, федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин доьзалан "коьртеш даха" бохуш, цо дина дIахьедарш талла тIедожийнера. Делимханов иштта дика вевзаш ву ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна а, Москварчу Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан куьйгалхочунна Закускин Александрна а кхерамаш тийсарна а. Стохка аьхка оппозицин политико Яшина Ильяс "Оьрсийчоьнан уггар а кхераме депутат" ву элира Делимханов.
  • Путин Владимира Делимханов Адамна Оьрисйчоьнан Турпалхочун седа белира охан-баттахь. Бахьана дара Украинехь "спецопераци йоьдучу хенахь къонахалла а, турпалалла а гайтар". Мангал-баттахь Делимхановс кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьало латторан а комитетан куьйгалхочун хьалхарчу гIовсан дарж дIалецира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG