ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйна Iаткъам барх дийцина ИК-2 колонера хиллачу тутмакхаша


Навальный Алексей
Навальный Алексей

Владимирскан кIоштарчу Покровехь шайна дина таIазр токхуш Навальный Алексейца цхьаьна тобанехь хиллачу шина тутмакха Османов Наримана а, Бурак Евгенийс а дийцина "Дождь" телеканалана (арахьара агент лерина ю "Дождь) шаьшшинга дакъалацийтира чувоьллинчу оппозиционерана ницкъ беш аьлла.

Османеовс дийцарехь, иза хан токхуш хилла тоба леррина кхоьллина хилла Навальный юкъатоха. Цо чIагIдарехь, берриг тутмакхаш варе бинера Навальныйца дистхила мегар дац, хIора цо боккху ког дIазбе а аьлла.

"Дождь" телканална Бурак Евгенийс дийцарехь, Навальныйн уллехь хилара лаххара а 10 стаг, цунна тIаьхьахIоьттина лелаш шен гIуллакхе иза воьдуш а.

Цара питанаш тийсара цуьнга шайна тохийта гIерташ. Амма хиллачу тутмакха дийцарехь, Навальный ларлора оцу питанех.

Османовс дийцарехь, колонехь фильм гайтинера, чубоьхкинчу нахана хьалха а Навальныйн сий дайъа дагахь. "И лекци гайтина чекхъяьккхира ерриг набахтехула. Цигахь коьрта чулацам бара иза [Навальный] – ламастан ориентаци йоцуш ву бохург. И информаци хилар тIечIагIдира тобанехь гоьзанча (дневальный) хиллачу Бурак Евгенийс а.

Османовс дийцина Навальныйс колонехь мацалла хьегарх лаьцна а. Тутмакхо дийцарехь, мацалла хьоьгучу хенахь Навальныйна улле охьавиллинера, туберкулез цамагар йолуш иза волуш санна цхьа стаг, амма иза моттаргIа хиллера. Цхьана дийнахь Iуьйранна завхозаш ах галий йоьхьаш деънера, уьш кхарза охьахевшира Навальный ойла йохо дагахь, тIетоьхна Османов.

Иза доцург, Османовс дийцарехь, набахтин лазартнера схьавалийначул тIаьхьа хьалхарчу кхаа дийнахь Навальный вижа вуьтуш ца хилла, хIунда аьлча луларчу маьнги тIе охьавиллина хилла санехь вижош волу стаг ("дегабаамбинарг" – официалан йоцчу набахтерчу иерархехь уггар лахарчу кастехь верг), цхьацца гIовгIанаш йохуш харцхьа лелуьйтуш иза.

Иза дерриг а деш хилла колонин куьйгалхоша омра а делла, чIагIдо Османовс. Навальный адвокаташца цхьаьнакхета вахча, тобане богIуш хилла колонин белхахой, ткъа тутмакхаша дуьйцуш хилла царна, шаьш хIун дира политикана тIехь бохург, тIетуьйхира Покровера ИК-2 колонехь чувоьллина хиллачо.

  • Навальный лецира, шена "Новичок" дIовш деллачул тIаьхьа Германехь дарба а дайтина, цIакхоччушехь. Москварчу Симоновскийн кхело цунна 2013-чу шарахь цIахь такха тоьхна хан набахтин хьесапе яьккхина Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран урхаллин (ФСИН) дехарца. Урхалло оппозиционер бехкевира кхело кхайкхийна хилла хьелаш лар ца дарна, амма Навальныйс иза харцдо.
  • Геленджикера Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимир гIап ша таллар бахьана долуш, шена тIеIаткъам бархьама дина иза, аьлла хета Навальныйна. Оппозиционера бахарехь комиссин сацамна буха куьг яздайтина цуьнга. "МогIарчу гIароло вацара со дIасалелош хьалха а, хуьлура уллебаьхна касканашкахь, маса-тоьпашца ницкъаш. ХIинца, гарехь, когех буржалш деттар ду", – яздира шен постехь Навальныйс.
  • Владимирскан кIоштарчу Покров гIаларчу ИК-2 колонехь хан токхуш ву Навальный Алексей. Ши шой, бархI буттий хан ю цо цигахь яккха езарг. Оппозиционер Навальный Алексей ша чохь кхобучу изоляторна тIехьожучу комиссино тергоне эцна лаьцначура вада тарлуш верг санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG