ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъахоша лачкъийна вежарий-гейш Нохчийчуьра дIабигина


Магамадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а
Магамадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а

Низамехь йоцу герзаца йолу вовшахкхетараллан декъашхочуьнга сурсаташ даларна хан тоьхна болу вежарий Магамадов Салахь а, Исаев ИсмаьIил а кхелан бина сацам болх бан болабелча Соьлжа-ГIалара дIабигина.

Кхерамна кIелахь лаьттачу Къилбаседа Кавказерчу ЛГБТ-н декъашхошна гIо латтош йолчу "СК SOS" кризисан тобанан хаамца, бархI шо хан тоьхна волу Магамадов (цхьа шо набахтехь, ворхI – шогачу рожера колонехь даккха дезаш ву иза) Владимирерчу луьрачу рожан Набахте-2 хьажийна.

Юккъерчу хьелашкахь йолчу колонехь яккха ялх шо хан тоьхна волу Исаев Краснодарерчу СИЗО-1 хьажийна. Иза транзитан меттиг ю: цигара иза мича вуьгур ву – хIинца а хууш дац.

  • Магамадовс, Исаевс тIе ца лоцу шайга кхийдон бехкаш. Адвокаташа тидам бо, церан гIуллакхехь бехк гучубоккху тоьшаллаш ца хилар, кхелехь шортта низамаш хедор хилар, вежаршна тIехьбоьвлла хьийзар церан сексуалан хьежамашца а, гендеран шатайпаналлаца а доьзна хета царна (цу шиннах цхьаъ гей, ткъа важа кхечу гендере дехьавала гIерташ хиларна), иштта цара Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь йолчу телеграм-каналана модераци йар а хета бахьанех цхьаъ.
  • 20 шо долу Магамадов а, 18 шо долу Исаев а бехкевеш сацам бира Нохчийчоьнан ТIехьа-Мартанарчу кхело 2022-чу шеран Чиллан-беттан 22-хь. Нохчийчоьнан лаккхарчу кхело апелляцин инстанцехь теллира иза Стигалкъекъа-беттан 11-хь, амма хийцам боцуш битира.
  • 2021-чу шеран Чиллан баттахь Лахарчу Новгородехь кризисан петар чуьра лаьцна, Нохчийчу дIавигира Исаев а, Магамадов а. 2021-чу шеран Марсхьокху-беттахь вежарша дIахьедира, шаьшинна еттарх, бехк тIелаца бохуш. Амма Нохчийчуьрчу Талламан комитето дуьхьало йира, царна тIехь ницкъ бар талла.
  • Магомадов а, Исаев а шайн гIуллакх Оьрсийчоьнан кхечу субъекте дехьадаккхийта гIерташ вара, хIунда аьлча Нохчийчохь озамбезаме йоцу кхеле догдаха йиш яц. ГIуран-беттан 21-хь кхело арз къобал ца дарна дуьхьал мацалла кхайкхийра вежарша, оцу хьолехь Iийра и шиъ Дечкен-Беттан 9-гIа дийне кхаччалц. Дечкен-бутт чекхболуш Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело тIаьххьара тIе ца ийцира оцу хьокъехь кховдийна арз.
  • Бакъонашларъяран "Мемориал" центро Магомадов а, Исаев а политикан тутмакхаш лерина. Amnesty International организацино а и шиъ сихонца араваккхар тIедожийнера.
  • Американ президенте Джо Байдене а, пачхьалкхан департаментан куьйгалхочуьнга Энтони Блинкене а хьажийна йолу All Out дуьненаюкъарчу платформи тIехь арахецначу петицина кIел вазвелла 100 эзар сов стаг. Шайн хьолах пайда а оьцуш, Исаев а, Магамадов а ЛГБТ-н декъашхой санна кIелхьараваккхар доьху цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG