Керла бехкзуламан гIуллакх долийна ГIалгIайчохь динан батIалхьажойн вежараллин хьалханчана Белхороев Якъубана дуьхьал. 2022-чу шарахь набахтехь даккха исс шо хан тоьхнера цунна, бюджетан ахчанашца хьарамлонаш лелорна бехкевина. Хьаькам хиллачунна тIаьхьабовлар нисделира оцу вежараллин кочаэха буьлабаларца, Оьрсийчоьнан ницкъахоша уьш бехкебо махкара "Э" центран куьйгалхо хилларг верна а, Подмосковьера "Крокус Сити Холлехь" динчу терактаца боьзна хиларна а, кхин а цхьа могIа кхечу зуламашна а. Мила ву дуьхьал даьккхинчу керла гIуллакхна тIехьа, тхан редакцина дийцира эксперташа.
Билгалдаккхар: БатIалхьажой – ГIалгIайчуьра динан тоба йу. Кеп-кепарчу лараршца, батIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. XIX–XX -чу бIешерийн йуьххьехь ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхороев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш. ГIалгIайчохь политикехь а, бизнесехь а шуьйра позицеш дIалоьцу батIалхьажоша. ГIалгIайчохь уггар чIогIа дош лелаш, къевлина тоба йу и. Хьо дуьненчу воллушехь батIалхьажо велахь, тIелоцу хьо, ткъа оцу тобана йухара ваьлларг йахначу заманчохь вуьйш дара. Стохка чиллан-баттахь къайлахчу сервисаша террорхойн организацийн тептаре йаьккхира "БатIалхьажойн тIеман гара" тоба. Вежараллин декъашхой тешна бу, и сацам бар шаьш хIаллакдан Iалашонца тIеэцна бу аьлла, дIахьедо цара Оьрсийчохь бусалбанашца харцо лелорах а.
Бюджетана тIекхачар – коьрта гIирс бу
ЦIе ца йоккхучу хьасташна тIетовжуш, Белхороевна бехк билларх лаьцна хаамбира "Коммерсант" газето. ГIарадаьлла ГIалгIайчоьнан парламентан депутат хилла, Магасан куьйгалхо, республикера социалан страхованин Фондан куьйгалхо бехкевеш хилар баккхийчу барамашкахь ахчанашца махинацеш лелорна пхеа эпизодехь. Талламан версица, гергарчарна а, кхинболу хьаькамашца боьзначу нахана а 13 миллион сом сов ахча кхаьчна хилла, царна чевнаш йина аьлла. Ма-дарра дийцича, царна чевнаш йина а ца хиллера.
Масала, "Ингушагрохимсервисан" белхахой Точиев Беслан а, Цечоев Iийсса а, Богатырев Муса а, Белхороевн хIусамнана Полонкаева Танзила а дIабуьгуш йоьдуш хиллачу "Газельца" некъан бохам хилла бохург а шеконашка диллина. Цигахь чевнаш хилла аьлла, 2,6 тIера 3,3 миллион соьме гергга ахчанаш деллера царна. Талламна хетарехь, некъан хьовзам шайггара долийна хIума хилла, ткъа и нах пачхьалкхан хьукматехь болх беш а бацара.
Кхин а масех миллион сом делла хилла социалан страхованин Фондан куьйгалхочун йоIана Елизаветина, шолгIачу зудчунна Маремана а, беш лелочу Точиев Бахрумна а. "Экажевское" базехь цунна тIеэгна бохура хасстоьмаш чуьра йаьшканаш. ХIинца полицин шеконаш йу, бюджетан ахча шайн дола даккхархьама, цигахь а цара сурт хIоттийна хир ду аьлла.
Къайлахчу сервисаша дикох болх бо оцу кепарчу гIуллакхашца, кабинет чуьра ара а ца бовлуш, бан мегаш болу болх бу и, дуьйцу цунах лаьцна бакъоларйаран "Мемориал" центран кхеташонан кьуйгалхочо Черкасов Александра. "БатIалхьажойх болу нах Iедална йукъа а битина, дуккхаъчу шерашкахь и тоба латтайайтина, хIунда аьлча, Кавказехь экономикан уггар а пайден дакъа а, гIирс а лоруш бу бюджетана тIекхочийла хилар", - бохура бакъоларйархочо.
БатIалхьажошна тIаьхьабовларехь гIо ца хилира вежараллин декъашхой Украинана дуьхьал БОБР "Ахмат-н" (сихо йен батIалхьажойн тоба. – Редакцин билгалдаккхар) декъахь тIаме бахийтарх а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIодаккхарх а. И хIун ду хьуна аьлча, бохура Черкасовс, бозуш боцчу боламехь шайна конкуренци хаайелла Iедална, цундела и тоба кеп-кепарчу структурашна уггар а коьрта Iалашо хиллачух тера ду – меттигерчу элиташна тIера федералан хьукматашна тIекхаччалц, дерзийра цо.
Вежараллин декъашхочо Белхороев Илеса дуьстира шен девешина дуьхьал долийна керла гIуллакх "деши лур ду а аьлла, цуьнан метта йохийна туьта дIалучу йилбазца".
"Москвано хIоттийначу Евкуров Юнус-Бекан (2008-чу шарера 2019-чу шаре кхаччалц ГIалгIайчоьнан куьйгалхо вара.- Редакцин билгалдаккхар) командехь болх а беш, дIаийнера деваша Якъуб.
ХIинцалерачу Кремлан долахойн политика муха хIоттийна йу аьлча, хIора хьаькам коррупцица воьзна хила везаш ву, мичча хенахь а бехкзуламан гIуллакхца цунна шантаж йан аьтто хилийта. Оцу тайпана кепашна бIаьргаш хьаббора хIинццалц схьа ницкъахоша. "ТIеман гара" гIуллакхехула чекхбовлу батIалхьажой бехбан хьашт хилча, деваша дуьхьал хилира и дан", - дIахьедира къамелхочо.
Белхороев Якъубана тIаьхьабовлар цуьнан вешин кIанта лору талламна оьшу мукIарло дан дуьхьал хиларна бина бекхам бу, иза кагван а гIерта аьлла. Дагадоуьйту, ГIалгIайчуьра лоруш волу политик лецира 2020-чу шеран аьхка ФСБ-н белхахоша, иза маса Москва дIавигира, цунна дуьхаьл айдина хилла бехкзуламан гIуллакх листира Талламан комитетан урхалло. ТIаккха бехкевира иза, 17 миллион сов ахча делла "лазийначу нахана" аьлла. Ставрополь-махкахь, Омскехь, ХIинжа-ГIалара Тюбе эвалар номер 7 йолчу колонихь а текхира Белхороевс шена тоьхна хан.
Топ йолуьйту лаг
БатIалхьажошна тIаьхьабовлар доладелира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин экстремизмана дуьхьало йечу Центран хьаькам Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша а Москвахь вийча: 2019-чу шарахь цу шинна герз диттира Москвара цхьана урамехь. Ницкъахоша батIалхьажойн хьалханча хилла, БатIал-Хьаьжин кIентан кIентан кIант Белхороев ИбрахIим верна дуьхьал бина бекхам бу аьлла, дузу и зулам.
Цу хенахь бехкевира Оьрсийчу вада аьтто баьлла Картоев Къурейш. Видео тIехь цо айкхалла дира доллучунна а, кхетийра иза веран бахьанах а. ЦПЭ-н куьйгалхо вийначул тIаьхьа дуьйна дIадоладелла ду батIалхьажой лецар, уьш бохор: Якъуб лаьцначу хенахь лецира цуьнан ваша а, республикера контролан а, чоьтан а палатин хьаькам Белхороев Мустафа. Яхьъян вукху вешигара схьадаьккхира ГIалгIайчоьнан халкъан гуламан депутатан мандат, терроризмана бехке бира вежараллин декъашхой. Белхороев Мустафан кIанта Алихана дIахьедира ницкъбарх, хаамбира талламаш бечу хенахь шайна герз а, патармаш а тийсарх а. 2020-чу шеран гурахь батIалхьажойн маьждиг дегира.
БатIалхьажой – керла вахIабисташ бу регионалан а, федералан а Iедалхошна гергахь
2023-чу шарахь ФСБ-но террорхойн организацийн тептаре йазйира "батIалхьажойн тIеман гара". Кху шеран лахьан-беттан йуьххьехь дийца даьккхира, воьалгIачу батIалхьажочунна бехкаш дахкарх Подмосковьера "Крокус Сити Холлехь" йинчу терактца доьзна. Талламан версица, 145 стаг а вуьйш, тIелатар динчарна герз делла хиллера цара. ГIуран-бутт болалуш ФСБ-но лецира ГIалгIайчохь батIалхьажойн вежараллера кхин а виъ.
БатIалхьажой – регионалан а, федералан а Iедалхойн бIаьргашчухула керла вахIабисташ бу, тешна ву оппозицин блогер Белокиев Ислам: "Доллу бехкаш царна тIеухкар ду. Информаци йу, йоллу йукъаралла, "тIеман гара" доцург а, экстремистийн лара гIерта бохуш. "Э" центрера гIалгIайн ницкъахой бу и идей Москвахь хьалхатоьттурш".
Нагахь санна, уьш экстремистийн ларахь, динан тобанехь дуккха а нах хилар тидаме эцча, ницкъахойн эзар гергга нах хир бу бекхзуламан гIуллакх ийдан, аьлла хета къамелдечунна. Цуьнан хьесапашца, оцу йукъанна вирд а, цуьнан жигара декъашхой а Украинаца а, Малхбузенца а боза гIертар бу, ткъа дала тохар хила тарло, Украинехь ваьхна, оцу пачхьалкхехьа тIемаш бечарех дIакхеттачу Белхороев Илесана. Даймахкахь иза бехкево цхьа могIа даккхий бехкзуламан гIуллакхашна.
Украинаца "зIе хилар" тIечIагIдан гIертар
БатIалхьажошна тIаьхьабийла бахьанаш йеххачу заманчохь гулдина ду, ЦПЭ-н куьйгалхо вер доцург, суфистийн вежараллин маьрша дахар дирзира Нохчийчоьнца дозанца барт барна дуьхьал йинчу протесташа, боху Къилбаседа Кавказ толлучу Чемберс ХIарольда. И бахьана долуш ницкъаллин структурашна гӀортор йира республикан керлачу куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Ӏалис.
Iедална дукха гена йаьлла тоба дIайаккхар
"ХӀетахь дуьйна кест-кеста рейдаш дIа а хьош, лоьцура батIалхьажой. Йуьхьанца Ӏалашо йара Ӏедална тӀех гена йаьлла, ладаме ресурсаш йолу тоба дӀайаккхар. И Ӏалашо йисина хIинца а, Кадыровс церан дола дарца иза мелла а хийцайеллехь а", - билгалдоккху эксперто.
Чемберса ишта билгалдоккху, 2012-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахначу, йехха заманчохь Украинехь ваьхначу вежараллин декъашхочо Белхороев Илеса доккха дакъа лоцуш хилар. Оцу пачхьалкхехь мухIажаран статус йаккха гIоьртира иза, делахь а, и процесс чолхе хиллера, "Правое дело" вовшахтохараллин бакъоларйархоша гIо динехь а.
Цуьнан цӀе лелош йу Москвано террорхойн "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан структурашна тӀехьа лаьттачу "Крокус Сити Холлехь" динчу терактна а, Украинина а юкъахь зӀе кхолла. Иза мехала ду пропагандина", - аьлла, дерзийра шен къамел аналитико.
- Крокусехь динчу терактах жоьпалла шена тӀелаьцна "Исламан пачхьалкхан" ОвхӀанистанера "Вилаят Хорасан" организацин декъо. Иза иштта делахь а, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахой "украинхойн лар" йу аьлла, тоьшаллаш дан гIерта, цундела долчух тера ду шеконашца лецначех цхьаъ батIалхьажо Белхароев Илес хилар. 2014-чу шарахь дуьйна Украинин агӀор Донбассехь хиллачу тӀамехь дакъалоцуш ву иза. Ткъа Оьрсийчохь цунна бехкаш дехкина масех артиклашкахула.
- 2018-чу шарахь вийра батIалхьажойн цхьахволу лидер Белхорорев ИбрахIим. КIира даьлча кIело йира гIалгIайн экстремизмана дуьхьало йечу центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим. Цу хенахь дийна висира лаккхара даржхо, амма 2021-чу шарахь цунна а, цуьнан вешина а Москвахь герз диттира. Талламан коьрта верси йара батIалхьажоша бина бекхам бу аьлла. Стаг верна коьрта шеконашца лецначех цхьаъ волчу Картоев Къурейша мукӀарло дира, оцу бахьанаца ду аьлла. 2023-чу шарахь ФСБ-но, кхелан сацамца, "БатIалхьажойн тӀеман гара" тоба террорхойн вовшахтохараллашна юкъайахийтира.