ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъхочунна тIелатарна таIзар динчу Нохчийчуьрчу вахархочун кассацин арз къобал ца дина


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

2020-чу шарахь бакъо йоцуш герз латтийна, ницкъхочунна тIелатар дина аьлла, таIзар динчу Нохчийчуьрчу вахархочун Нуханов Исламан арз къобалдан дуьхьало йина тахана Пятигорскерчу кассацин кхело. Цу тIе яцйина беа баттана цунна тоьхна хан - кхаа шаре а, бархI батте.

Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша организаци арахьара агент лаьрра, "Мемориал" цуьнца реза яц. - Редакцин билгалдаккхар.) центрна хетарехь, Нухановна дуьхьал даьккхина гIуллакх фабрикаци ю. Кху шеран аьхка Нохчийчуьра схьаваьллачу Нуханов Исламан цIарах арз чуделира Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле "Мемориалан" юристаша.

Iедалхойн бIаьрг тIехIоьттинера Нухановна 2019-чу шеран гурахь, цо Соьлжа-ГIалин юккъера Кадыров Рамзанан гергарчийн а, гонан а хIусамаш гойтуш, ютьюбехула видео яржийча. Цул тIаьхьа вадийра иза шен цIера, кхаа кIиранах кхебира Соьлжа-ГIалин полицехь.

Нухановс дийцарехь, аьчка биргIа йиттинера цунна, ток а йиттинера, хиттинера, стенна яьккхина видео. 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь набахтехь яккха диъ шо хан туьйхира цунна, герзаш а лелийна, ницкъхочунна тIе а летта аьлла, бехкаш дохкуш.
Ткъа шегара дареш етташ дехира, аьллера Нухановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG