ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нижний Новгородехь Кадыровн критикан нана лачкъор талла дуьхьалояр къовсур ду бакъоларъярхоша


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Дечкен-беттан 20-чохь суьдхо лаьтттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамчу а лилхина, бертаза Соьлжа-ГIала цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема дIайигинчу Нохчийчуьрчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахойн хьокъехь талламбан дуьхьало йина Нижегородскан кIоштехула йолчу Талламан комитетан урхалло. Талламан комитете дIахьедар динера "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" куьйгалхочо Бабинец Сергейс, иза лерина ву урхалло дуьхьалояр къовса.

"Чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша лелочунна шаьш реза цахиларх аш Нижегородскан кIоштарчу талламан урхалле чуделла дехар, Нохчийчоьнан прокуратуре дIахьажийна чулацам талла, хIунда аьлча, Соьлжа-ГIаларчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министарллан талламан урхаллехь (СУ УМВД) долу бехкзуламан гIуллакх толлучу заманчохь процессуалан леларшна арз деш хуьлу". – аьлла ду бакъоларъярхочунна деллачу жоьпехь.

Документана куьйгъяздина Нижегородскан кIоштарчу талламан урхаллин контролан-талламан декъан куьйгалхочун декхарш кхочушдечу полковнико Удаловс.

"Жоп иштта хирг хилар сан цхьа а шеко яцара. Бакъдерг аьлча, цхьа дегайовхо яра, Нижегородскан кIоштан талламчашна луур ду кхачам боллуш талламбан а, бехкзуламан гIуллакх доло а, ницкъахой жоьпалле озон а аьлла, амма бакъдерг кхечу тайпа хили-кх", - дIахьедина Кавказ.Реалиига "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан куьйгалхочо.

Цо бахарехь, Нохчийчохь и гIуллакх толлур дара аьлла, цхьана а кепара догдохийла яц. Бакъонашларъярхо тешна ву, полисхойн лелар низамехь а, бух болуш а дара аьлла, Соьлжа-гIалано жоп лур хиларх.

"Амма тхо кхин дIа а хьовсур ду и гIуллакх таллар Нижегородскан кIоштахь доладайта, цигахь федералан кхелахочун хIусамчу а лилхина, цунна шена а, цуьнан зудчунна а, йоIана а етта а етташ, цул тIаьхьа хIусамнана стенга юьгу а ца хоьуйтуш дIайигира", - аьлла Бабинец Сергейс.

  • Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьра полисхой ду аьла нах, Нижний Новгородерчу ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхира. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхна тIехула тешашка санна, цаьрга хеттарш дан деза аьлла, бертаза Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а Нохчийчу схьадаладе аьлла, девзина доцу кехаташ дара цаьргахь. Эххар а ницкъахоша Мусаева Зарема дIайигира шайца, Янгулбаевн суьдхочун статус хиларна, цунна тIекхоада бакъо а ца хилла.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто дIахьедар дира журналисташка, Нохчийчоьнан Iедалхоша иттаннашкахь нах лецарх, лечкъорах, иштта эмиграцехь бехачу нохчийн бакъонашларъярхойн а, оппозиционерийн а гергарнаш цхьаьана, яьржинчу информацино сагатдо шайн аьлла. ДIахьедарехь ша хьахийра Мусаева Зарема.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG