ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна депортаци ярна дуьхьал митинг хилира Австрерчу Инсбрукехь


Венера митинг
Венера митинг

Австрин бакъоларъяран организацеша а, нохчийн диаспоран векалша а Инсбрукехь "Дозанаша воь" цIарца митинг дIа а хьош, буьйлабелира урамехула. Iедалхойн терго тIеозо лууш бара уьш нохчий Оьрсийчоьне дIалуш хиларан а, цул тIаьхьа уьш Нохчийчохь лецаран а проблемина.

Митинган декъашхошлахь бара Iедалца йозуш йоцчу Seebrücke, SOS Balkanroute, Stop Deportation, Antifa организацешца мухIажаршна гIо латтош болу жигархой а, антирасистийн юкъараллийн векалш а, овIанхойн организацеш а, иштта шаьш нохчий а. Тайп-тайпанчу меттанашкахь яздина плакаташ а, байракхаш а яра цаьргахь, иштта Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин а цхьаьна.

"Митингехь дийцира республикехь хуьлучух ма-дарра дуьйцучу, эмиграци йинчу блогерийн а, жигархойн а Нохчийчохь бехачу гергарчарна репрессеш ярх. Иштта айдира хаттар, Австрин набахтешкахь депортаци яре хьоьжучу нохчаша шайна тIе куьйгаш дахьарх а, къаьмнийн башхаллашца кхузахь а къестамаш бо набахтешкахь", - дийцина Кавказ.Реалиига оцу барамехь дакъалаьцначу къобал ца йинчу Ичкерин векало Дунаева Розас.

Меттигерчу полицина тIетевжина, Австрин хаамийн гIирсаша яздо, демонстраци маьрша дIаяьхьира аьлла. Полицин зерашца, дакъалаьцна цигахь 800 гергга стага, ткъа митинг вовшахтоьхначара дIахьедо 1 200 декъашхо вара бохуш.

  • Нохчийчохь ГIуран-бутт болабелчхьана иттаннашкахь лечкъийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарнаш. Шайн нах къайлабахарх дIахьедира ялх стага – бакъоларъярхоша Янгулбаев Абубакара а, Садулаев Мансура, Арцуев Аслана, иштта оппозицин нохчийн блогерша Абдурахманов Тумосо а, Халитов Хьасана, Мализаев Минкаила
  • Францерчу Страсбургехь Дечкен-беттан 8-чохь митинг хилира, Нохчийчуьрчу Iедалхошна оппозицехь болчу жигархойн а, блогерийн а гергарнаш лечкъорна а, оьрсийн набахтешкахь бала хьегийтарна а дуьхьал. Акци вовшахтоьхначех яра, даймахкара дiабахначу нох Нохчийчуьрчу бахархойн юкъараллийн организацеш вовшатухуш йолу Европерчу нохчийн Ассамблея а, Евробертан исс пачхьалкхера жигархой а.
  • ГIуран-беттан 30-чохь Венерчу адамийн Бакъонийн майданахь а хIоттийра митинг Нохчийчохь нах лечкъорна а, нохчашна Оьрсийчу депортаци ярна а дуьхьал. Изза митинг дIаяьхьира оццу дийнахь Норвегин коьртачу гIалахь Ослохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG