ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна дуьхьал озабезам? Терроризман гIуллакхца Бельгехь нохчий дIалийцина


Нохчийн диаспоро дакъа лоцуш хIоттийна Брюсселера митинг, Бельги. Архивера сурт
Нохчийн диаспоро дакъа лоцуш хIоттийна Брюсселера митинг, Бельги. Архивера сурт

Стигалкъекъа-баттахь Бельгехь ворхI стаг дIалаьцна. Уьш бехке лору террорхойн "Исламан Пачхьалкхан" агIончаш хиларна. Iедало церан цIерш ца йоху, амма дукхахберш нохчий бу аьлла билгалдаьккхина ду. Цу пачхьалкхехь дуьххьара лаьцна терроран бехкаца цу кепара дукха Нохчийчуьра схьабаьхкинарш. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташна и тайпа бехкаш царна хенал хьалха тIедехкина.

"ДаIишан догреза агIончаш"

ДIалаьцначу нохчех биллина хаамаш бац. Deutsche Welle сайто бахарехь, буьйцурш 20 шо кхаьчна кегийнах бу. Царех цхьаболчара хьалхо кегий зуламаш дина хилла боху. Дуьйцург бакъ делахь, дIалаьцначарех кхааннан Бельги пачхьалкхан махкалла ду. Le Figaro редакцино Коьртачу прокуратурин хаамашна тIетевжаш йаздина, тобанан декъехь зударий хиларх.

Бельгерчу федерал-прокуроран офисехь Кавказ.Реалии сайто хеттарш дича, и хаамаш бакъ, йа харц хиларах хIумма ца элира. Урхаллехь болучара билгалдаьккхира, дIалаьцначу ворхIаннах кхоъ кхело хиллачух дерг къастадале, сацийна хилар. Цхьа стаг кхелан ладогIаршкахь бехказваьккхира - стигалкъекъа-беттан 16-хь цу сацамна латкъам бан а, висина виъ дIалаца ала а лерина йара прокуратура. ХIара артикл арайолучу хенахь цу хьокьехь кхело динарг довза Кавказ.Реалии сайтан аьтто ца белира.

Пачхьалкхан малбузерчу декъан масех кIошташкахь цIийнех хьовсаран жамIашца доьзна дара и дIалийцарш. Операци талламийн хоршахь дIайаьхьира. Талламан куьйгалхо Малхбузехьарчу Фландрия провинцин терроризмана дуьхьал долчу гIуллакхашна тIехьожу кхелахо вара.

Бельгин федерал-прокуратурин векало Ван Дуйс Эрика дIахьедира, шайгахь болчу хаамашца, "Исламан пачхьалкхан" догреза агIончаш" шайх олу дIалийцинарш "Бельгерчу цхьана офисна тIелата" кечлуш гучубевлла. Уьш сихбелла герз лохуш а хилла, аьлла цо.

"Шерашкахь тергонехь латтош"

Уьш дIалийцина хилар гучудаьллачул тIаьхьа, къобалйанзачу Ичкери нохчийн республикин векалша официалехь дIахьедар дира, и инцидент талларехь шаьш муьлхха гIо-накъосталла лоцур ду аьлла. Динан экстремизм "21-чу бIешеран Iаьржа ун" ду аьлла цара, иштта кхайкхина, "цо дуьне ма-дду адамийн кхетамаш дIалоцу, церан къаьмнийн динийн, этносийн билгалонаш бен-башха йоцуш", аьлла.

Хаамийн гIирсаша шайн балха тIехь ца дуьйцу, и бехкаш дукха хьолахь тоьшаллаш доцуш бисарх, йа кхечу кегийчу бехкашца хийцарх, аьлла ша вовзийта цалиинчу "Европерчу нохчийн ассамблейн" Бельгерчу векало ша реза цахилар дIахьедира. Цо тIечIагIдо, цу ворхIаннах кхоъ вевзачу стага Бельгин Iедалхойн шеконаш тIе ца лоцу бохуш – цу бахьанна вахара "Ассамблейн" векал уьш бехачу гIала.

"Суна хетарехь, [совцийна латточара] телефонехула полици шекйоккхуш, цхьаъ дийцина хир ду. Церан накъосташа тоьшаллаш до, уьш цхьа a шатайпачу чаташкахь хуьлуш бацара бохуш. Цул совнах, накъостий тешна бу, и дIалийцинарш вовшашлахь бевзаш хилла, амма доттагIий бацара аьлла. Идеологин хьежамийн агIончех бац уьш", – бохуш дуьйцу къамелахочо.

Цхьа а шеко йоцуш ала догIу, малхбузерчу пачхьалкхашкахь нохчашка шатайпа хьежам бу

Бельги пачхьалкхан махкалла делла кхоъ полицино, зераш ца деш, чекхвалийтина аьлча, ца теша иза. Къамелахо шек ву, ницкъахоша цу кепара "Исламан пачхьалкхан догрезачу агIончийн" и тайпа "ойланаш" хилча, тергал ца йеш йитарах. И тайпа дIалийцарш хьалха нах дIахецарца доьрзура. Цул тIаьхьа шерашкахь уьш "тергонехь латтабора". ХIинца а изза хила тарло, аьлла хета Бельгехь вехачу "Европерчу Нохчийн Ассамблейн" векална. Уггаре чIогIа цунна халахеттарг ду, Iедало а, хаамийн гIирсаша а совцийнарш муьлхачу къомах бу кхайкхадар – иза Бельгехь бехачу нохчашна тIеIаткъамца дерза тарло.

Прагерчу Карлан Университетан йукъараллин Iилманийн факультетан профессор Эмиль Аслан радикалхойн тобанашкахь нохчаша дакъалацар толлуш ву. Цо дIахьедира, Бельгин полицино дикка талламаш бина бен, уьш ца совцийна аьлла. Ницкъахойн шайн хаамийн хьостанаш ду, ткъа дIалаьцна нохчий нийсачу кхелах чекхбохур бу, аьлла тешна ву профессор.

“Амма цхьа а шеко йоцуш, ала догIу, малхбузехьарчу пачхьалкхашкахь шатайпа хьежам бу нохчашка. Iедал коча даийта нохчо хилча а тоьаш ду – полицино тидаме лоцу нохчо хилар. Низамхойн урхаллашкахь зуламца, терроризмаца нохчийн уьйр йу аьлла хетарца доьзна ду и. Диаспорерчу нохчийн кегийрхойх цхьа дакъа радикал исламан хIуо ца хьакхалуш ца дисна, Урамашкахь гIело йарехь а хаало уьш. Нийса а хир дац, кхераме а ду, массо йукъахьакхош, сацамаш бар. ХIунда аьлча, Мaлхбузехьа беха дукхахболу нохчий ницкъ бечу экстремизмах къаьхкина бу", – билгалдоккху профессора Аслана.

Дуьххьара дац

2010-чу шеран лахьан-баттахь Бельгин, Нидерландийн, Германин низамхоша йоккха цхьаьна операци дIайаьхьира. Цара дIалецира 26 стаг. Дукхахьолахь уьш марроканхой бара, амма тобанехь нисвелира ши нохчо (цхьаъ Бельгерчу Антрвепенан вахархо вара, важа - немцойн Ахенера.) Талламхоша дийцарехь, уьш Бельгехь теракташ кечйаран декъахой бара. Къилбаседа Кавказерчу гIаттамхошца уьйр хиларехь шеконе лаьцнера нохчий. Ма-дарра аьлча, цуьнан хьалханчица Умаров Доккица а. Iедало бахарехь, дIалаьцна берш террорхойн "Кавказан Имарат" тобанна оьшу йолахой вовшахтухуш хилла, нахана тIеман кечамах чекхбовлар хьоьхуш, Нохчийчохь цхьаьна.

Цу хенахь цу хьокъехь вистхилира республикин куьйгалхо Кадыров Рамзан. "Нохчийн террорхошна" гIо дечаьрца тIаккхахула иштта хиларе сатесна ву ша элира цо.

Цу дийнан чакхенгахь дIалаьцначарех дукхахберш бехкаш ца кховдош, дIахийцира.

Террорхой лерина, 614 стаг билгалваьккхина Бельгехь. Царех 29 – нохчий, дагестанхой, гIалгIай

2015-чу шеран мангал-баттахь Бельгехь йуха а нохчий дIалийца буьйлабелира – мел кIезга 16 стаг сацийра. Шина тобанан декъашхой хиларна шеконаша лецира уьш. Цу тобанех цхьаъ теракт кечйан дагадарна бехке лорура, важа – Шема бахийта йолахой лахарна. Цу дийнан сарахь дIалаьцначу 16 стагах 14 полицино дIахийцира.

Iедалан карахь висина шиъ М. Шемал, Д. Руслан Бельгерчу кхело террорхойн тобанашна йолахой вовшахтохарехь бехкевина, чувоьллира. Йуьйцу тобанаш "Джабхат ан-Нусра", "Имарат Кавказ" йара. Цул совнах, кхин а кхоъ шеконе лаьцна, сацон ордераш йелира низамхошна. Хьалхо дIалаьцначарех бацара уьш.

Цхьа шо, ахшо даьлча, 2016-чу шеран гIуран-баттахь Бельгера Брюгге гIаларчу кхело цушинна чохь йахан йаккхий хенаш туьйхира: М. Шемална итт шо кхайкхира, Д. Русланна- бархI шо. Цу хеннахь гучуделира, и дIахецна 13 стаг, цу бехктакхаман гIуллакхехь латтош хиллийла. Царех шийттанна 15 батта тIера пхи шаре кхаччалц хенаш туьйхира. Цхьанна тIера бехк дIабехира.

2016-чу шеран аьхка Бельгин Iедалхоша террорхой хила тарлучеран цIераш дIайазйира – цу тептарехь нисвелира 614 стаг. Царех 29 – Оьрсийчоьнан махкахой. Дукхахьолахь, нохчий, дагестанхой, гIалгIай.

***

Тайп-тайпанчу хаамаша бохург бакъ делахь, карарчу хенахь Бельгехь веха мел кIезга а 18 эзар нохчо. Цу терахьо гойту, Европера уггаре йоккха диаспора цигахь хилар. Дукхахболу нохчий кхуза Нохчийчохь 1999-2009 шерашкахь шолгIа тIеман муьрехь баьхкина. Йоьна йоцучу Ичкерин агIончийн цхьаьнакхетарш, митингаш хуьлу майда йу Бельги.

  • 2021-чу шеран мангал-баттахь Бельгин Iедало Оьрсийчу дIавелира Оздамиров Iела. Иза бехкевора бандиталла, тIелетарш дарна. Нохчийчохь 25 шо хьалха хиллачу гIуллакхца доьзна ду бохура иза. Иза пачхьалкхан прокуратурин омраца кхочушдина дара.
  • Бельгерчу нохчийн диаспоро дуьхьало йо Оьрсийчу Албаков Ислам дIаваларна. 2018-чу шарахь дуьйна депортан куьпахь латтош ву иза. Албаковн гергарчара Оьрсийчохь верна кхерам бу боху цунна. Ши шо хьалха кхело сацам бира, Албаков Оьрсийчу дIа ца вала. Амма прокуратуро цу сацамна латкъам бира, иза пачхьалкхана кхераме ву аьлла, дIа а хьедира. Карарчу хенахь гIуллакх Бельгин лаккхарчу кхелехь толлуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG