ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIом бан ца лаьа": Нохчийчуьра мухIажарш Балканашкахь бу


Босни-Герцеговина. Хорватица долчу дозанехь бу мухIажарш. 2022-чу шеран гIуран-бутт. Radio Slobodna Evropa сервисан видео тIера скриншот
Босни-Герцеговина. Хорватица долчу дозанехь бу мухIажарш. 2022-чу шеран гIуран-бутт. Radio Slobodna Evropa сервисан видео тIера скриншот

Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа масех эзаре кхачалц нохчий Хорввате баха новкъабевлира Босни-Герцеговинехула. Украинерчу тIаме шаьш дIабигарх кIелхьарабовлархьама, Европехь шайна политикан тховкIело йоьху цара. Цаьрца церан наной, хIусамнаной, кхинболу гергарнаш хуьлу – цара чIагIдо, Нохчийчуьрчу Iедало меттигера бахархой йуьртара арабоху, церан гергарнаш тIаме баха дуьхьал хилча. Кавказ.Реалиин корреспондент Хорватерчу дозанехь а, Загреберчу мигрантийн лагерехь а мухIжаршца цхьанакхийтира.

Гуьйренан чакхенехь дуьйна бIеннаш нохчий Сараеверчу аэропортера боснихойн Велика-Кладуша гIала схьаоьху – хорватхойн дозанца йу иза. Контролан-чекхвалийтаран пункте кхача новкъабовлале кхузахь буьйса йоккху цара, машен лоху, йа цига боьлхурш лоьху. Ледарчу отелашкахь буьззинчу цхьа доьзало цхьа чоь дIалоцу. Схьаоьху къена зударий новкъахь вовшашца бевзича, шишша дIатарло оцу чоьнаш чохь – ахча тоийта гIерташ.

Велика-Кладушерчу цхьайолчу отелерчу администраторо дуьйцу, цхьалха болу нах хорватхойн дозане ша дIабигарх лаьцна: таксин белхахоша 50 евро доккху оцу некъах, амма массеран а бац и ахча дала аьтто.

Дечкен-беттан йуьххьехь машенаш соцучу меттехь йолчу кафе чохь масех мухIажар ву. Хорвате муха кхача аьтто бу бохуш къамелаш до цара. Автобусаш йац, Босни-Герцеговинера таксин белхахой дуьхьал хуьлу доза хадо. Нах дIасабуьгучара гаранти ца ло КПП чухула дехьавоккхург хиларх.

Шаьш схьабевлла къомах бехке хуьлуш санна нисло-кх иза. Къоман билгалонца дискриминаци лелор ду иза

Дозанехь лаьттачу нехан рагIнаш йац хIинца. Цигарчу коьре шайн паспорт дIа мел кховдийнарг вагон чу хьажош ву, кехаташ, телефонаш схьа а йохий. Ша лелочунна комментари йеш хорватхойн дозанан сервисан эпсаро-зудчо хаамбо, тIаьххьарчу хенахь оцу меттиге схьабогIурш берриг аьлча санна оьрсийн мухIажарш бу. Хорватхойн, йа шенгенан виза йац церан (2023-чу шеран дечкен-беттан 1-хь дуьйна Шенгенан дозанехь йу Хорвати. – Ред. билг.).

МухIажарш дIагулош йолчу жимачу чоь чохь Нохчийчуьра зударий бу. Царах цхьаннан карахь цхьа шо долу йоI йу. Бер доьлху, зудчо дозанерчу белхахошка довха хи доьху берашна худар кечдан, амма шийла хи бен дац олий жоп ло цунна.

Арахь лаьтташ 18-25 шераш долу иттех нохчийн божарий бу, шайн ненан маттахь къамел дол цара. Дукха хан йац уьш бевзина, цхьаберш Хорвате кхача гIоьртинера, амма аьтто ца белира. 22 шо долу ИсмаьIил новкъахь волу пхоьалгIа де ду.

"Со Хьалх-МартантIера вац, 10 де хьалха сан шина вешига санна военкомате кхойкху кехат кхаьчна соьга, – дуьйцу цо. – Уьш Курск гIалина герга дIабигина тIамна кечамаш бан. Динан а, политикан а бахьанашца тIом бан ца лаьа суна. Цундела Туркойчу веара со, тIаккха Истанбулера Сараево билет ийцира. Босне ца витира со ма-воггIура – соьгахь мел ахча ду хоьттура, карарчу хIуманашка хьевсира, йухавоьду билет гайта элира. Ас и циггахь интернетехула ийцира, царна дIагайтархьама. ТIаккха соьгара паспорт схьадаьккхира, аэропортерчу полицин декъехь буьйса йаьккхира ас. Соьга хIумма ца дийцира, адвокат, йа гочдархо ца велира суна. Со меца вара, хи дезара суна. Цкъа хи деара суна, тIаккха Iуьйрана доца хеттарш дина дIахийцира. Таксица Велика-Кладуша гIала дIакхечира со, отелехь буьйса йаьккхира, тIаккха кхин а де-буьйса доккхуш собар дира, сайна цIера кхин а жимма ахча тассалц. Отелан долахочо кхача белира суна. Со тIамах ведда хилар билгалдаьлча, Боснерчу наха суна гIо дора. Суна церан мотт ца бевза, амма цхьана агIора со кхетара уьш тIамна дуьхьал хилар, Украиница уьш хилар, суна гIо дан лууш хилар".

60 шолчу Сусаннас ша йехаш йолчу йуьртан цIе ца йаккхар доьху. Шен доьзална "изоляци" йина, ма-дарра аьлча, кадыровхоша даймахкара лаьхкина шаьш, боху цо, шен йоьIан цIийнда кара герз а эцна, Украине тIом бан ваха дуьхьал хиларна.

"ХIара йу сан йоI, – пIелг хьажабо Сусаннас карахь бер долчу зудчунна тIе. – Цуьнан цIийндена хиинера полисхочуьнгара, иза а, цуьнан гергарнаш а мобилизацин тептарехь хилар. Оцу буьйсанна дIавахара верриг. ХIинца нуц а, ваша а Загреберчу лагерехь [ву], цуьнан кхин а цхьа вешина Боснера Истанбуле депорт йина, дуьйцуш бахьанаш а доцуш".

Сусаннас бахарехь, шен йоI а, цуьнан йоьIаца хорватхойн дозанехь йара гIуран-беттан 30-хь, амма дехьайала ца гIоьртира иза, хIунда аьлча, цул хьалха кхин а ши доьзал дехьа ца балийтира, шаьшша хилла волу кхо стаг дIалецира. ТIаккха уьш Велика-Кладуша гIаларчу отеле йухабирзира, цигахь диъ де даьккхира цара, армех бевдда нохчий а, церан гергара нах а чохь болчу чате хьоьжуш – чеквалийтаран пунктехь дерг дуьйцу цара цу чохь.

"Цигахь йаздинера, оьрсийн мотт а буьйцуш, лекха стаг валахь, чекхбовла ца оьшу, цо чу ца вуьту. Тахана и вацара, тхо схьадаьхкира", – дуьйцу къамелдечо. Цхьана ханна Загребехь собар а дина, Сусаннан доьзал Австре кхача дагахь бу, тховкIело йоьхуш кехаташ чу а делла.

"[Хорватхойн дозанехь] тхан йерриг хIуманашка хьийсира, тхан пIелгийн ларш схьаийцира, – дуьйцу мухIажаро. – Сан молханаш… Сан хIора молханех лаьцна хиттира, ас уьш стенна моьлу. Сан лакхара деган тIеIаткъам бу (давление), дагца, зорхаца лазар ду, наб а ца кхета. [Дозанехь] болчу наха оцу молханашна кехаташ хоьттура, амма сан уьш дац, и сан рогIера хIусамера аптечка йу".

Маж йолу стаг, хиджаб йоьхна зуда – и бу-кха зуламан бух

2022-чу шеран гIадужу-баттахь дуьйна "Европерчу нохчийн Ассамблея" йу керлачу мухIажаршна бакъонашларйаран а, гуманитаран а гIо латтош. ХIетахь дуьйна хьукмато масийттаза дуьйцура нохчийн бакъонаш хьешарх: нах дIалецар, депорташ, ницкъбар, тховкIело йоьхуш йаздина кехат йухаэца декхаре вар а ду дуьйцург.

Хорватхойн доза хадийча дIалецна болу берриг нохчий экстремизмана толлу – оцу ханна депортацин лагере хьийсабо уьш, боху "Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас.

Цо бахарехь, цаьрга кхайкхамаш, латкъамаш кхочу махкахошкара, хорватхойн ницкъахоша шайна йеттарх лаьцна. Моралан а, дегIана а Iаткъам барца мухIажарш декхаре бо боху тховкIело йехаран аьрзнаш йухаэца. ТIаккха уьш Туркойчу йухахьовсо тарло, тIаьхьо – Оьрсийчу а. Нохчийчуьра дIабахначу наха дуьйцу, Iазап дан дIавелча санна ду и дар.

Керла шо тIекхачале миграцин кризисна зорбанийн тидам тIебахийта аьтто хилира, хорватхойн дозанхоша сихо мухIажарш пачхьалкхе чубита буьйлира: гIуран-беттан тIаьххьарчу терахьашкара дуьйна – 50-60 стаг дийнахь. ХIинццалц нохчаша масех де даккха дезара йаьссачу аренахь собар деш.

Луларчу Хорватерачу ницкъахойн сервисашца цхьа кхачамбацарш ду, аьлла кхетийра Боснин-Герцеговинан а дозанхоша оцу проблемех (Боснин Iедало шайн махкара араволучунна кехатна тIе мухIар дуьллу, дуьхьалонаш ца йеш).

Цхьа къано дагар долуш йара, тхо а цомгаш хиллера, йовхарш йеттара, амма молханаш ца лора

Нохчийн мигрантийн бакъонаш хьоьшу аьлла дуьххьара хаамаш кхаьчначул тIаьхьа оцу гIуллакхна йукъагIоьртира Хорватера бакъоларйаран вовшахкхетарш. Iедалца йоьзна йоцучу "Дуьненан проблемаш талларан центран" белхахоша МВД-га кехат дахьийтира, Нохчийчуьра бахархой дIалецаран бахьанаш дийца аьлла.

Цхьанатохараллин векал йолчу Кекуш Сарас дIахьедина ма-хиллара, Путинан рожах а, мобилизацих а бевдда боьлхуш бу нохчий, Хорватино тIелаца беза уьш. ХIетахь бакъоларйархоша тIечIагIдира хорватхойн полисхой мигрантийн гергахь шога лелаш а, "нуьцкъаха дIатоьттуш" а меттигаш хуьлуш хилар.

Дадуевс дуьйцу, ши нохчо хорватхойн полицино лаьцна хиллера, дозанах дехьабовла царна дуьхьало йича, – гIаш хьуьнхахула ваханера и шиъ.

"Уьш аэропорте балийра, депорт йан Iалашонца. Царах цхьаъ йуьстах а ваьлла, шен пасорт датIо кхиира. И кеманна чухао йиш ца хилира. Цуьнца хиллачунна депорт йира, амма хьалхарчунна аэропортера ара а ваьккхина, къиза йиттира. ТIаккъа къевлинчу лагере вуьгучу новкъахь машенахь а йиттинера цунна. Цунна тIера ницкъбина ларш дIайовлалц цхьа а цунна тIе ца витира. Шена йиттиначул тIаьхьа суьрташ а даьхна, шен вешина дIадахьийта кхиъна иза", – чIагIдо бакъоларйархочо.

Дадуевс бахарехь, зен хиллачунна адвокат лаца гIоьртира иза, амма верриг а дуьхьал хилира, лаьцнарг исламан экстремизмана шеконашкахь вуйла хиъча. Талламан кехаташна гочдина бакъоларйархочунна. Цигахь боху, мухIажарш Нохчийчуьра схьабаьхкина хиларна, уьш экстремисташ хила тарло. Амма уьш цхьа зуламна гунахь хилар гойтуш цхьа а тоьшалла дац.

Хорватин дозанца болу мухIажарш. 2022-чу шеран гIадужу-бутт
Хорватин дозанца болу мухIажарш. 2022-чу шеран гIадужу-бутт

"Шаьш схьабевллчу къомах бехке хуьлуш санна нисло-кх иза, – дуьйцу Дадуевс. – Къоман билгалонца дискриминаци лелор ду иза. Адамийн бакъонехула йолчу Европан конвецина а, меттигерчу низамашна дуьхьал ду царна депорт йар. ТIаккха нохчий балахь, маж а йалахь, церан зударий хиджабаца а балахь – и бу-кха, схьагарехь, зуламан бух".

Дечкен-беттан йуьххьехь бакъоларйархочо хаамбира, Хорватехь шайна тIехь ницкъабарна латкъам бина кхин а шина нохчийн мухIажаро. Полисхойн машенахь дIасавуьгучу йукъанна, хьашташ кхочушдайта аьлла дехар дича, шийна йиттина бохура цара.

Дадуевс бахарехь, "Европерчу нохчийн Ассамблейна", дечкен-беттана йуккъехь долчу хьолаца, Хорватехь латточу 11 мухIажарах лаьцна девза. Мигранташна тIаьхьабевлла леларан бахьанех цхьа а официалехь жоьпаш ца делла пачхьалкхан низам лардаран хьукматаша.

2022-чу шеран лахьан-беттан чакхенехь дуьйна Кавказ.Реалиин редакцино а дахьийтира Хорватин МВД-га а, прокуратуре а масех кехат, Нохчийчуьрчу мухIажарех дерг а хоьттуш. Цхьа а жоп ца делира цара.

Загребера мигрантийн лагерь

Талламаш диначул тIаьхьа Хорватин доза хадо аьтто хилларш Загреберчу мухIажарийн лагере хьовсабо. ДIасабуьгучу хенахь шайца шога, къиза лелара ницкъахой, бохуш дуьйцу мухIажарша.

Iальви цIе йолчу Соьлжа-ГIалахь ваьхначу жимчу стага дIахьедо, шина стагана бен лерина йоцучу автозака чу боьхкира уьш шен зудчуьнца а, йалх бераца а, ишттачу хьолехь дозанна йуххерчу аьчкан некъан станце дIабигира шаьш бохура. Дуьйцуш бахьанаш доцуш, цигахь охьабиссийра уьш. Оцу кепарчу хьелашкахь схьавалийча Iальвин дегI лозура, молханаш цуьнгахь дацара, йа зIе а. Иза а, йа цуьнан хIусамнана а хьалха дозанал арахьа хилла дацара, цундела лела атта дацара царна. Царал тIаьхьа дозанера схьайалийначу нохчийн тобано гIо дира царна Загребе кхачалц билет эца а, оьшучу цIерпошта чухаа а.

Хорватхойн дозанхоша шина сахьтеш догIанехь латтийна шаьш, рагIу кIелахь собар дан аьтто ца луш, бохуш латкъамаш дора цхьаболучара.

40 шо долчу Тоитас дуьйцу дозанахь шаьш лайначух: "Дукхачу нехан дагар гучуделира, бераш доьлхура. Жимачу чоь чохь 50 адам дара тхо. Цхьангара молханаш схьадехира… Цхьа къано дагар долуш йара, тхо а цомгаш хиллера, йовхарш йеттара, амма молханаш ца лора. Дозанехь ишта ши буьйса йаьккхира оха. Загреберчу лагерехь бен ца делира тхуна молханаш".

Кадыровхой со лачкъо баьхкича, со тхайн цIийнан тIехьашхула дIавахара

Кавказ.Реалиин корреспондент мигрантийн лагере кхаьчначу хенахь цигахь 100 гергга Оьрсийчуьра вахархо вара, царах дукхахберш – нохчий. Видео тIе дIа а вазвеш, шайн цIерш йохуш къамелдан духьал хилира дукхахберш. Дукхачара шайн йаххьаш лечкъайора, Оьрсийчуьра бовдарх лаьцна деха ца дуьйцура. Массара аьлча санна Германе йа Австре шайн дIахкача лаам хиларх дуьйцура.

Хьалх-МартантIера ИсмаьIил полицига дIавелира, цо доза хадийначул тIаьхьа, буьйса полицин декъехь йаьккхира цо. ПIелгийн ларш схьа а эцна, машенаш латторан майдане дIавигира Iуьйранна. Кхин а масех махкахочуьнца Загребе дIабигира уьш. Цигахь ИсмаьIилна шен шича Минкаил дуьхьалкхийтира.

Минкаил Устрада-ГIалахь ваьхна ву, бераллехь дуьйна летаршка лелла ву. ГIуран-беттан йуккъехь полисхочо тIе а кхайкхина, военкомате кхойкху кехат делира цуьнга. ТIелатаран тобанан декъехь тIом бийр бу бохура цо.

"ТIеман хьалхене со вуьгур ву аьлла кхеравелира со, тIаккха со военкомате ца варна, кадыровхой со лачкъо баьхкинчу дийнахь тхайн цIийнан тIехьенехула дIавахара со. Минводерчу аэропортехула пачхьалкхера дIавахара, сайн вешина тIаьххье Туркойчу кхечира. Цул а хьалха нисвелира со Хорватехь, хIунда аьлча, со ца сецийра. Лагерехь суна хиира, дечкен-беттан хьалхарчохь дуьйна Хорвати Шенгенан дозанна йукъайоьдуш хиларх, тIаккха кхузара Германе дIаваха аьтто хирг хиларх а. ТIаккха керла шо тIекхачалц собар дира аса, ИсмаьIил а кхечира суна тIе", – дийцина мухIажаро.

Кавказ.Реалиин редакцина девза вежарийн кхоллараллех лаьцна: ИсмаьIилна а, Минкаилна а аьтто хилла Германе дIакхача, цигахь тховкIело йехна цара.

  • Гезгмашин-беттан 21-хь мобилизаци йолиначул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь масех зуда митинг дIайахьа гIоьртира, уьш массо а дIалецира. Акцино Кадыров шога оьгIазвахийтира. Цул тIаьхьа зударийн майрой а, кIентий а, иштта кхинболу гергара нах а нуьцкъаха тIаме хьежийра "‎лаамхой" олучийн кепехь.
  • Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмадан дIахьедарца, Украинерчу тIамехь республикерчу 20 эзар эскархочо дакъа лаьцна аьлла, кхин а исс эзар стаг хIинца а тIамехь ву боху.
  • Украинерчу тIамехь дакъа лацархьама дIахьош йолу мобилизаци йахйаларна кечам бе аьлла Кадыров Рамзана. "‎Тахана хьашт хилахь нахана мобилизаци йан йеза. Ца йича йиш йац, нах кхета беза, цара кечам бан а беза", – дIахьедина Кадыровс.
  • Нохчийчуьрчу вахархочунна депорт йан дагахь йу Франци, даймахкахь Iазапехь латто мега иза, низамехь доцуш вен а кхерам бу. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига цуьнан уллерчу накъоста дийцина, шен цIе ца йаккхар дехна цо кхерамазалла ларйархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG