ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчех лаьцна пост хIотторна францхойн гIалин мэр расизмана бехкевина


Францин хилла президент Олланд Франсуа а (юккъехь), Марк-Антуан Жаме а (аьтту агIора), 2013-гIа шо. Архивера сурт
Францин хилла президент Олланд Франсуа а (юккъехь), Марк-Антуан Жаме а (аьтту агIора), 2013-гIа шо. Архивера сурт

Нормандера Валь-де-Рёй жимачу гIалин куьйгалхочо Марк-Антуан Жамес шен официалан аккаунтехь твит хIоттийна, школехь иккхинчу конфликтана нохчийн бераш бехкедеш. Арахецаро нах оьгIазе бина, "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векалша цуьнгара шен дешнех кхетор дехна.

"ЧIогIа саготта ву со Фужер колледжера а, Фонтенель лицейра а хьолана. Нохчашкара кхерам латтарх хаамбо оха", - яздина хьаькамо шен твитехь. Меттигера полицин, низамхойн, къоман кхиаман а векалш декъехь болуш, зуламаш юхатохаран кхерамазаллин Кхеташонан дийцарш дар вовшахтоха деза, аьлла дIахьедина цо.

Твиттерерчу пайдаэцархоша критикан комментариш язйина Жаме мэран постанна кIел.

"Кхерамаш дацара, кегийрхошна юккъехь дов иккхина, иза дуьххьара а дац. Мэрана дукха дика девза и хьал, амма цунна шегахьа тергам оьшу, цундела нохчийн цIе йоккху цо, хIунда аьлча, ишттачу кепо дика болх бо", - яздо simaaav никаца волчу пайдэцархочо.

"Шун лакхарчу классашкарчу дешархошна юккъехь шерашкахь девнаш лаьттара, амма оцу шиннах цхьахйолчу тобанехь (иза талла дезаш а ду) къоман стигма бахьана долуш нохчо хила веза? Нохчийчоь йозушйоцу пачхьалкх яц, цундела Оьрсийчоьнан вахархо ву иза, йа Францера", - тIетуху Inderbaeva пайдаэцархочо.

"Европерчу нохчийн Ассамблейн" векалша реакци йира Валь-де-Рёй гIалин Iедалхойн дIахьедарна, "муьлхачу къомах схьаваьлла а, дерриг къам дийцар а нийса дац, нохчо – иза къоман дакъа ду, кхерам бац", аьлла тIе а тухуш.

Жимачу шина гIаларчу кегийрхойн тобанашна юккъехь даимна а къийсадаларш лаьтта, иштта царна юккъехь шиъ нохчо нисвелла, аьлла "Европерчу нохчин Ассаблейн" векало Албаков Шемала. "Оцу бух тIехь мэро нохчех лаьцна и къамел дина. Цигахь алжирхой, Мароккера схьабевлларш, иштта шайн францхой а бу. Амма кхерам тоссуш дIахьедарш нохчашна бен ца дина", - аьлла Албаковс.

Дискриминацина дуьхьала урамашкахь барамаш, зорбанашкахь кхайкхамаш, хила тарло, кхеле бовла а мега Iедалхошкара реакци ца хилахь, аьлла тIетоьхна цо.

  • 2020-чу шеран Товбецан-беттан 13-хь францхойн Дижон гIалахь Нохчийн республикера а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачарна юккъехь дов иккхинера. Диаспоран декъашхой Дижоне схьагулбелира, дов масех денна дахделира, верриг лазийнарг вара 15 стаг. Францехь беха нохчаша масийтта латкъам бира Ниццан мэрана дуьхьала, цо нохчий наркотикийн бизнесца боьзна бу аларна. ТIаьхьо иза цуьнан нохчийн диаспорех лаьцна дешнаш кхетон полицино тIекхайкхтира.
  • Францхойн Нант гIалахь 18-19 шераш долу кхоъ нохчочунна герзан чевнаш йира, хаамбо LCI канало. Царах цхьахволчунна накхана чов йира, вокхунна – когашна, кхозлагIчунна – когана, пханарна а. Университетан дарбан цIийне хьовсийра уьш.
  • Францин президентан дарже волу кандидат Земмур Эрика Мароккера, Пакистанера, Нохчийчуьра мигранташ "доккхачу декъанна, зуламхой, къуй, террорхой а бу" аьллера. Оцу бахьанца 10 эзар евро гIуда хьарчийра цунах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG