ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь вакцинаци йина 96 процент баккхийчарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохь вакцинин хьалара компонет тоьхна 535 635 (96%) вахархочунна. ТАСС агенталле бина цунах лаьцна хаам регионерчу могушалла Iалашъяран урхаллан пресс-гIуллакххоша.

"Карарчу заманчохь республикехь хьалхара барам тоьхна 535 635 стагана, мехий детта леринчу терахьах 96 процент ду иза. 60 шарал тIехбевлларш бу царлахь 48,1 процент. ХIокху жигарчу боларехь вакцинаци яр кхин а дIахьахь, кампани йерзор ю гергарчу хенахь", - билгалдаьккхина пресс-гIуллакхоша.

Оцу юкъанна, коронавирус яржаран официалан статистикано гойтуш ду, республикера хьал хIинца а сингаттаме хилар. Байначу беттан юккъера схьа дуьйна Нохчийчохь цIеххьашха кхиадоьлла цомгашчийн терахь, йоллу бIаьсте а, Мангал-беттан юьхь а дийнахь-буса итт стагана бен ун ца долуш схьаеанехь а, тIаьххьарчу масийтта дийнахь бIеннал а сов бу уьш. Масала, карарчу беттан 18-чохь 124 стаг ву ун даьлла аьлла, дIакхайкхийра, цул а хьалха, 119, 112, 107.

  • Пандеми йолаелчхьана 14 574 стаг вара COVID-19 ун кхетта, царех 12 701 товелла. 257 дархо кхелхина лоруш ву махкахь коронавирусан уьнах.
  • Маршо Радионо яздира, карарчу беттан 12-чохь дуьйна Соьлжа-ГIала коронавирусна дуьхьал прививка ца йина машенлелорхой буьтуш бацара аьлла. Иштта, дихкина хиллера бахархошна мехкан кIошташкахула дIасалелар а. Юкъарчу транспортца дIасалелачу пассажирашкахь мехий диттина хиларх кехат дацахь, масканийн раж ларъяр тIедожадора царна.
  • Мангал-бутт юккъе баьллачу хенахь, нагахь санна бахархоша прививкаш ца яйтахь, шога дозанаш деттар ду" аьлла, кхерамаш тесира Кадыровс. Соьлжа-ГIалин мэро Кадыров Хас-Мохьмада полицина а, динан урхаллина а тIедиллира, вакцинаци ян езаш хиларх бахархой кхетош, болх болабе аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG