Нохчийчуьра вахархо Атуов Рашид бехке лаьрра Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанан декъехь 2000-чу шеран зазадоккху-беттан 29-хь Перман мехкан ГУВД ОМОН-н тобанна а, Нохчийчоьнан Веданан кIоштан комендатурин эскархошна а тIелатарна дарна.
20 шо тоьхна цунна шогачу рожан колонехь даккха, хаам бо Оьрсийчоьнан Талламан комитето. Дуьйцуш дац, муьлхачу кхело листина Атуовн гIуллакх. Атуовс цигахь лаьцна дакъа а ца хьахийна.
Жани-Ведана эвлан уллохь хиллачу тIелатарехь 100 тIемалочо дакъа лецира, 43 милицин белхахой а, эскархой байъира.
- 2000-чу шеран зазадоккху-баттахь Псковрчу десантхошна тIелатарна бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочунна Атуов Рашидана набахтехь даккха 13 шо тоьхнера 2012-чу шарахь.
- Атуовн гIуллакх кхеле делира мангал-беттан 30-хь. Оцу гIуллакхехула бехкевинчу Раззаков Хьафизан хьокъехь талламаш бар дерзийна Талламан комитето товбеца-баттахь. Иштта марсхьокху-беттан юьххьехь гIаттамхойн командиран Абу-Кутейбан тобанан декъашхо хила тарлуш волчунна валлалц чохь яккха хан туьйхира – цуьнан цIе йоккхуш яцара.
- Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина хилла, амма амнисти еллачарна а. Кавказ.Реалиино ма-дарра яздира иштачу цхьана гIуллакхах лаьцна – ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах.
- Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.