ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дуьненчу дийлинчу божаберех 100 эзар соьмаш делла церан дайшна-наношна


ГIадужу-бетан 18-чохь Нохчийчохь дуьненчу дийлинчу божаберийн дайшна-наношна бIе эзар соьмаш делла совгIатна регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтера. Акци лерина хилла Мохьаммад пайхамар винчу денна, яздо меттигерчу хаамийн гIирсаша.

Бусулбачийн беттан рузмехь Мохьаммад пайхамаран вина де билгалдоккхуш ду кхозлагIчу беттан 12-чохь. Кху шарахь нисделлера и де ГIадужу-беттан 18-чохь.

Нохчийчоьнан вице-премьеро Дааев Хож-Бауддис бахарехь, оцу дийнахь махкахь вина 67 кIант, царех 12 перинаталан центрехь.

  • Американ Iедалша "Ахмат" футболан клуб а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд а, латархойн "Ахмат" клуб а "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре ехира. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.
  • 2019-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондана пайда хилла 6,075 миллиард соьмана. Организаци масийттазза бехкейира, бюджетан белхахошка бертаза фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Нохчийчуьрчу Iедалша а, республикан дешаран министралло а харцдира иза.
  • Формалехь фондан куьйгаллехь ю мехкан куьйгалхочун нана Кадыров Аймани.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG