ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хиллачу тIамера кехаташ: Украинерчу Путинан эскаран ледарло


ВСУ-н эскархо ву Оьрсийчоьнан тIеман Су-34 кеманах йисинчуьнга хьоьжуш Черниговн нах бехачу кIоштахь. Охан-беттан 6-гIа де, 2022 шо

Украинхойн тележурналисто, блогеро Птушкин Антона фейсбукерчу шен агIонехь зорбане дехира, Черниговн кIоштахь, хетарехь, Оьрсийчоьнан эскаро авиацица даржийна агитацин кехаташ. Оьрсийн-нохчийн тIом боьдучу заманчохь а кхочушйира и агитка.

Хилларг "сюр" ю аьлла Птушкина. Оьрсийчоьнан тIеман министралло цхьана а агIор комментарий йина яц оцу керлачух. Эксперташа дIахьедира Кавказ.Реалиига, оцу тайпа инциденто тоьшалла до бIахойн ледарлонан а, Украинерчу оьрсийн эскаран гIад дайначу хьолах а.

"Нохчийн Республикан бахархой! Федералан эскаршца тIом бан шу дуьхьалдаха гIерта. Шуна хийра йолчу, меттигерчу ахча долчу нехан, террорхойн тобанийн хьалханчийн, къуйн, нах бойучу нехан, массо а тайпа болчу политикан авантюристийн интересаш шуьга Iалашъяйта гIерта… Басаев, Хаттаб, Удугов, кхин а цхьа могIа кхинболчара а шун цIий тIехь хьарам ахчанаш доху", - аьлла ду, дукха хан йоццуш Украинан дозанаш тIехула кхосинчу кехата тIехь.

Бинчу кхайкхамна куьйгъяздина "Оьрсийчоьнан эскарийн цхьаьантоьхначу тобанан буьйралло". Изза кехаташ Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь а тийсина хилар бакъдира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Венерчу "Ичкерия" цIе йолчу Культурин центран куьйгалхочо Исханов Хьусайна – Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь къобалъязчу Ичкерин президентан Масхадов Асланан адъютант вара иза.

Оьрсийчоьно чIагIдо, шаьш маьршачу нахаца тIом ца бо, "дешан а, хетачун а, харжаман а маршо" латтор ю

Агитацин тоьпан хIоъ - хара йолу, дикка хьарчийна кехаташ юкъадохку болатан корпус ю. Оьшучу механ чехкаллица бIе метар гонаха цхьана хIоьъца дIасаяржон йиш ю пропаганда. Шен мостагIчун дозана тIехь ишттачу агитацин кепах пайдаэца дагадеара Хьалхара дуьненан тIом боьрзучу заманчохь, амма шуьйра лелон йолийра ткъа шо даьллачул тIаьхьа.

Нохчийчохь тIемаш боьлхуш федералан эскарша лелайора оцу кепарчу сина тIеIаткъам барца Советан хенахь кечйина АгитАБ-500-300 авиабомбаш. Карадуьйла бохуш, кхайкхамаш беш, кехаташ даржийра 2014-чу шарахь Донбассехь –жигара Дебальцевон тIамехь.

Украинехь тIеман агресси йолийначул тIаьхьа машанехь дуккха а публикацеш гучуевлира, Оьрсийчоьнан эскаро а, Донбассан республикашкарчу сепаратистийн республикашкарчу агIончаша а агитацин хIоьънаш лелош хиларх. Цунна тоьшалла до иштта Донецкан а, Луганскан а "халкъан республикаш" олучийн шаьш векалша а.

Украина. Луганскан кIошт. "ЛНР-н" салтичун карахь бу агитацин гIирс. Зазадокху-беттан 29-гIа. 2022 шо
Украина. Луганскан кIошт. "ЛНР-н" салтичун карахь бу агитацин гIирс. Зазадокху-беттан 29-гIа. 2022 шо

Украинхойн "Север" оперативан куьйгаллин хаамца, Зазадокху-бутт бовш Оьрсийчоьнан бIахоша Черниговскан кIоштарчу бахархошлахь даржийра "Братья славяне без нацизма" лозунг тIеязйина кехаташ. Цу тIехь чIагIдора, Оьрсийчоь маьршачу нахаца тIом беш яц, "эвсара дахаран гонахе а, дешан а, хетачун а, харжаман а маршо" хуьлуьйтур ю бохуш.

"Вайн дайша а, дедайша а биллинчу буха тIе а тевжаш, герзашца лелачу къоланаш дечу бандашка а, талорхошка а, националисташка а вай цхьаьна харцонаш ца лелаяйта йиш ю вай. И Iалашонаш кхочушъярхьама доьху шуьга Оьрсийчоьнан эскархойн ницкъашна гIо дар, диверсеш лелон тобанаш гучуяхар, царех лаьцна хаамаш бар, иштта негативе ойланашца йолчу националистийн элементах лаьцна а дIахаийтар", - аьлла ду кехата тIехь (орфографи ца хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.).

"Одесская политическая платформа" медиацентран аналитико Христензен Юрийс Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь билгалдоккху, 1945-чу шарахь Советан, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан бIахоша дакъалецира шовзткъа локалан тIемашкахь – уьш охьабагарбина Оьрсийчоьнан "Ветеранех" долчу низамехь. Оццул ала тарлу тIемаш, эксперто чIагIдо, официалехь а доцуш бина – массарна а оьшуш бара пропагандисташ.

Нагахь санна Оьрсийчоьнан эскаро хIинццалц схьа оцу тайпа методаш лелош елахь, бIарзбаларна а, дан хIума цахиларна а ду

"Нохчийчохь бина ши тIом боцург, Кремлан массо а тIемаш Советан пачхьалкхана а, Оьрсийчоьнна а арахьа бина бу, [салташа] "дуьхьало йора генарчу дозанашкахь". Кхечу пачхьалкхашна дуьхьал тIом беш пропагандисташ кечбора кхечу пачхьалкхийн меттанийн ТIеман институтехь (ВИИЯ, цул тIаьхьа тIеман министраллан ТIеман институтехь, болх сацийра 1994-чу шарахь.- Редакцин билгалдаккхар.), - билгалдоккху къамелдинчо. – Масала, Афганистанехь тIемаш боьлхучу хенахь Алматарчу полкана тIетуьйхира, фарси матте [агитаци йен] методичкаш гочъен пропагандистийн тоба. Церан текст хийцаелла яц ШолгIачу дуьненан тIеман заманара схьа дуьйна".

Украинхойн эксперто билгалдоккху, оцу тайпа кехаташ Черниговн гергахь а лелийна хиларх, текст а ца хуьйцуш. Язбе "нохчийн" метта "украинхой", "шемахой", "овхIанхой", "немцой" – чулацам хийцалуш бац.

"Шаьш тIемаш дIахьонболчу къаьмнийн меттанаш хуу спецпропагандисташ кечбора ВИИЯ-хь. Украинхойн а, нахийн меттанаш цу юкъа догIуш дацара. Методичкаш гочъян маса "коллаборанташ" лахар ца нисделира, йа ца лиънера. Украинехь а санна, цул хьалха Нохчийчохь а санна", - дерзийра къамелдинчо.

Кар-кара далар дIагайтар

Къобалъязчу Ичкеригахьа Нохчийчохь хиллачу тIамехь дакъалаьцначу Бахарчиев Амруддис дагалоьцу, оцу кепара кехаташ артиллерин хIоьънашца кхийсина ца Iаш, вертолеташ тIера а кхуьйсура бохуш.

"Текст цхьатерра ю: карадахкар хьоьхура, Дудаевн раж – зуламе ю, Оьрсийчоьно къепе дIахIоттор ю бохуш. Тхан тIемалоша тергал ца дора уьш – со ву цунна дийна теш. Цхьа а жамI ца гойту оцу агитацино. Нагахь санна, Оьрсийчоьнан эскаро хIинццалц схьа и методаш лелош елахь – Украинехь кехаташ туьйсуш, - бIарзбелла, дан амал цахиларна лелош ду иза", - аьлла хета къамелдинчунна.

Оьрисйчоьнан эскархо Нохчийчохь, Чиллан-беттан 2000 шо
Оьрисйчоьнан эскархо Нохчийчохь, Чиллан-беттан 2000 шо

Кхечу оьрсийн-нохчийн тIеман декъашхочо, тIаьхьо "Барт Маршо" вайнехан юкъаралла кхоьллинчу Сулейманов Джамбулата дуьйцу, агитацин федералан оцу кехаташца боьзна шен дуккха а дагалецамаш хиларх. Масала, муха тIемалой буьйлура, тIе а гулбелла, уьш доьшуш.

"1995-чу шеран аьхке тIекхаччалц кехаташ жигара туьйсуш дара, позиционан тIом боьдуш, - гIаш санна охьаэгара уьш. Партизанийн тIаме дирзинчул тIаьхьа агитаци сацийра. Контрпродуктиве дара уьш, "совдеповн Iуьпаш" санна дара уьш, цара ирони а, уьш кечдинчарех кхардар а гойтура. Бакъду, цIе латош оха даккхийдеш леладора и кехаташ", - дуьйцу нохчийн юкъаралхочо шен дагалецамех.

Билггал долчух Оьрсийчоьнан куьйгалла дIахаьдда хиларан билгало ю боху Сулеймановс, ткъа шо хьалха лелийначу агитацин хIоьънах Украинехь пайдаэцар.

"Шина баттахь хиламан декъашхоша, аналитикаша, журналисташа дуьйцура Нохчийчуьрчу а, Украинерчу а тIемийн цхьанадар. Оцу сохьта Оьрсийчоьно масалца гойту, хаддаза шаьш лелориг. Iаламат билгалоне ду иза", - дерзийра къамел спикеро.

Украинехь ваьхначу нохчийн жигархочунна, блогерна Бакаев Iелина хетарехь, агитацин кехаташ Украинехь даржор гIад дайна хиларан билгало ю.

ХIокху хьоло гойту, мел гIад дайна Оьрсийчоьнан эскаран коррупцехь а, ледарлонашкахь а. Шаьш стенца, мича туху хьовсуш а бац уьш

"Амал доцуш хьал хилча кхуьйсу агиткаш. [Нохчийчохь тIемаш боьлхуш] Кремло дира иза, шайн хьал декъаза хилча, дийнахь иттаннашкахь федералан салтий бойура . Шаьш охьа ма кхийсара, нехаш хуьлий Iохкура и кехаташ, царех цхьа а пайда ца хуьлура. ХIунда аьлча, нохчашна гуш дара Оьрсийчоьнан эскаро дийриг, телехьожийлашкахь а, официалан дIахьедаршкахь а тхох лаьцна аьшпаш буьттуш", - тешна ву Бакаев.

Миллион бахархой чохь бехачу йозуш йоцчу Нохчийчоьнца ца ларийра Оьрсийчоьнан эскар, ткъа Украинехь, маршо нохчашначул а кIезиг ца еза, 40-зза дукха бу бахархой, кхин дIа дуьйцу цо.

"Кремльна хетара, украинхой – президентана тIера могIарерчу бахархошна тIе кхаччалц- кхералур бу, позицеш дIахоьцур ю. Путинна ца моьттучу агIор нисдели. Дан амал доцчу хьоле кхачийна ша Москвано: нагахь санна, иза юхаялахь, кхардамечу хьоле хIоттийначу "дуьненчохь шолгIа армих" доллу дуьне кхоьручуьра дера ду, ткъа къар ца луш чекхъялахь, Нохчийчохь а, Мариуполехь а ма-хиллара, йоллу гIаланаш хIаллакйийр ю. ШолгIа некъ харжахь, Оьрсийчоьнан куьйгалло доллу дуьне шайна дуьхьал доккхур ду", - аьлла хета Бакаевна.

Европерчу нохчийн Ассоциацин векало Албаков Шемала дIахьедира Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь, нохчашна дуьхьал лелийна зуламаш ду Оьрсийчоьнна тIаьхьадевлларш аьлла.

"Черниговна гергахь агитацин хIоьъца йолчу ситуацино юха а гойту, мел гIад дайна коррупцехь а, ледарлонашкахь Оьрсийчоьнан эскаран а, йоллу системийн а. Шаьш стенца, мича туху хьовсуш бац уьш", - элира цо.

Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчохь а, Украинехь а лелочун цхьаьнадарах хьалхо дIахьедира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь "Нохчийчоь. КхозлагIа шо" книган авторо Литтелл Джонатана. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан армино 25 шо хьалха дуьйна карадерзийна гIаланашна бомбанаш еттар а, маьрша нах байар а.

Изза жамI дира Британерчу тIеман министралло а, цуьнан векалша дуьстира Оьрсийчоьно Украинерчу нах бехачу меттигашкхаь дина тохарш, Оьрсйчоьнан эскаро Нохчийчохь а, Шемахь лелийначуьнца.

  • Украинана тIамца тIелатар долийначул тIаьхьа Оьрсийчохь дIахьош ду жигархошна а, тIамна дуьхьалболчарна а тIаьхьабийлар. Лоьцуш, гIуданаш детташ ду "спецоперацех" тIом олучарна, иштта Украинех доглозучарна а.
  • Мел лахара а, Къилбан тIеман гонашкара юкъарчу 58-чу эскаран 50 контрактхо, церан урхалла куп тоьхна ю Буьри-ГIалахь, тIеман министраллица кхелехь къуьйсуш ву, балха юхахIотта бакъо. Шайн лаамехь Украинера дIабахарна эскархой дIабаьхнера. ТIемаш боьлху меттиг дIатеснера салташа тIом болабеллачу хьалхарчу дийнахь, шаьш дайа, хьалхатуьйсуш дуйла хиъначул тIаьхьа.
  • Таханалерачу дийнахь Кавказ.Реалиина хууш ю Украинерчу тIамехь веллачу, пачхьалкхан къилберчу регионашкара а, Къилбаседа Кавказера а 393 эскарчун цIе. Хаамийн зорбанийн а, Iедалхойн дIахьедарийн а, Кавказ.Реалиин хьостийн хаамийн а буха тIехь вовшахтоьхна ду и зераш. Билггал долу терахьаш дикка лакхара хила тарло.
  • Стигалкъекъа-беттан 4-гIа – тIеман 70-й де ду. Украинан Эскарийн ницкъийн инарла штабан зерашца, тIаьххьарчу дийнахь-буса Оьрсийчоьнан эскарша тохарш дина украинхойн бархI кIошташкахь. Украинан Лакхарчу Радехь дIахьедар тIеэцна, ШолгIачу дуьненан тIамехь Оьрсийчоьне толаман монополизаци яйта мегар дац аьлла. Джонсон Бориса чIагIо йина Украинана, 300 миллион фунташкахь кхин а тIеман гIо лоцур ду аьлла. Макрон Эммануэла юха а телефон тоьхна Путин Владимире, Зазадокху-беттан 29-чу дийнера дуьйна дуьххьара. ЖамIаш хьалхалерра ду цкъачунна.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG