ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Iаморашкахь вийначун доьзална ахча дала дуьхьал хилла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIебартойн-Балкхаройчуьра Баксанан кIоштан кхелехь теллина Кумыков Руслана Росгвардин №6780 йолчу тIеман дакъанна (оперативан 96-гIа полк) дуьхьала кховдийна арз, цуьнан база Гуьмсахь ю. ГIуллакхан материалашкахь яздина ду, арзхочун кIант Нохчийчохь Iамораш доьлхучу хенахь герз тоьхна вийна.

Кехаташкахь боху, Iамораш тактикан-хьолан герз кхийсарна тIехула дара. ТIаккха лакхарчу сержанта Сызранцевс, "ша лелочун догойла а хийцина, зуламан бендацар а гойтуш", мел-кIезга а, шозза герз кхоьсна цо гIакх йолчу агIор, оцу хенахь цигахь Кумыков хиллера "ю бохуш йолчу гIишлонан маьIигера, кхечу маьIиге уьдуш". Кумыковна шозза герз кхетта вортанах а, динбуканах а, царах тIаьхьо велла иза.

Вийначун гергарчара бахарехь, лартIахь лоьрийн гIо дина ца хиларна кхелхина иза, хIунда аьлча, чевнаш йича иза шен хенахь дарбан цIийне вигина ца хилла. Фельдшера Султановс лазийнарг дуьххьара аьчка некъан поликлинике валийна хиллера, цигахь оьшуш болу гIирс ца хиллера, цул тIаьхьа Кумыков гIалан централан дарбан хIусаме валийра – оцу хенахь иза кхелхинера. Зуда а, кхоъ жима бер а диссина цуьнан.

Кхелехь доьзало 10 миллион ахча далар тIедожийна, цара бахарехь, лазийначунна кхоччуш барамехь лоьрийн гIо ца дарна. Росгвардин векало арзхочунна тIехь ахча ца далар тIедожийна, хIунда аьлча веллачун гергарчу наха "Кумыков валарна бехк Султанован хиларна тоьшаллаш ца далийна, иштта бахьанан-тIаьхьалонан зIе а билгал ца яьлла, шен хенахь лоьрийн гIо ца дарна а, цуьнан кхалхарна а юккъехь".

ЖамIехь кхело тIелаьцна Росгвардис бохург, вийначун доьзало кховдийна арз къобал ца дина.

Хьалхо кхело къастийна лакхарчу лейтенантан Сызранцеван хьокъехь гIуллакх – иза бехке лерира ца хууш стаг верна, шарахь нисваран белхаш дан хьажийра иза кхело, 10% алапа пачхьалкхана схьа а луш. ТIеман дакъо веллачун доьзална 3,8 миллион сом делира, иштта метахIоттийра, Кумыков дIавуллуш а, цунна хIоллам хIоттош а дайъина 50 эзар сом.

ТIеман дакъа тIаьхьо и ахча Сызранцевера даккха гIиртира – эскархочуьнгара 50 эзар бен даккха ца деза, аьлла сацам бира кхело.

  • Полисхочунна бетах тIара тоьхначу Къилбаседа ХIирийчуьра ФСБ-н белхахо таIзарах хьалхвитина – иштта сацам бина Буьри-ГIалан гарнизонан тIеман кхело.
  • Сочи гIалан гарнизонан тIеман кхело эскархо Дибиров Мохьмад бехкевира низамехь йоцу юкъаметтигаш лелорна – эскаре кхайкхина кхечунна йиттинера цо, юьхь-куьйг дуьлу чоь лартIахь ца цIанъярна. Эскархочунна ялх бутт меттигерчу дисциплилан декъехь боккхуш санна хан туьйхира.
  • ГIебартон-Балкхаройчуьра а, Къилбаседа-ХIирийчуьра а эскархоша уггара дукха аьрзнаш делла кхеле, Украине баха реза ца хиларна шаьш балхара дIадахар къовсуш. "Медиазонан" гIирсан журналисташа хIоттийна иштта жамI, оьрсийн кхелан практика теллинера цара, иштта къамел динера масех тIаме ваха реза ца хиллачуьнца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG