Шена Iедалхой тIаьхьабевлча Оьрсийчуьра дIавахначу оппозицин нохчийн жигархочунна Янгулбаев Абубакарна дуьхьал керла бехкзуламан гIуллакх даьккхина, хаамбина "Осторожно, новости" телеграм-канало, шайна хаийтина хьаста а ца йуьйцуш. Цуьнан хаамашца, гIуллакх толлур долуш ду массарна а гуш-хезаш интернетехь терроран гIуллакхна кхайкхамаш бар аьллачу артиклехь.
Бахьана ду, чIагIдарехь, стохкалера Янгулбаевн телеграм-каналера публикаци: "2022-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь тротил эккхар ду, 2004-чу шеран стигалкъекъа-беттан 9-чохь а санна" аьлла. Соьлжа-ГIаларчу стадионехь Нохчийчоьнан президент Кадыров Ахьмад кхалхар ду дуьйцург. Карарчу хенахь публикаци дIайаьккхина йу, амма Нохчийчуьра экстремизмана дуьхьало латточу центран белхахойн цуьнан тидам хиллера зазадокху-баттахь, йаздо "Осторожно, новости" телеграм-канало.
Кавказ.Реалиин сайте Янгулбаевс дIахьедина, официалан хьасташкара цуьнга хаийтина дац керлачу бехкзуламан гIуллакхах дерг, рогIера талламаш болон бахьана даьллачу шен постах лаьцна цо комментарий йира. Жигархочо ма-аллара, оцу публикацихь цуьнан хьагI Кадыровна хьажийна йара.
"Со кхета, оцу кепара комментарий товш доцург дара, хIунда аьлча, эккхийтар хиллачу хенахь [2004-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь Кадыров Ахьмадца цхьаьна] бехк боцу нах а байира", - дIахьедина жигархочо, пост дIа стенна йаьккхина ша хууш вац бохура цо, ша дIайаьккхина цахилар чIагIдеш.
Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло а, Талламан комитето а хаам бина бац оппозиционерна дуьхьал керла бехкзуламан гIуллакх долорах лаьцна.
- Мангал-баттахь Янгулбаев Абубакарна дуьхьал бекхатакхаман гIуллакх долийра, экстремистийн гIуллакх лелош ву аьлла. Бахьана дара, цуьнан вежарша ИбрахIима а, Байсангура а лелочу оппозицин 1АДАТ боламан эфирашкахь дакъалацар. Кадыровхоша лачкъийначу церан ненах Мусаева Заремех лаьцна хуьлура эфираш.
- Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан суьрташ дагийра, этIийра, суьрташна тIе когаш биттира.
- Товбеца-беттан 4-чохь Соьлжа-ГIалара кхело колонихь даккхийта пхи шой ахшой туьйхира Мусаевана – оццул хан йоьхура прокуратуро а. 52 шо долчу зудчунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш лору бакъоларйархошна, адвокаташа масийттазза дIахьедира цуьнан гIуллакхехь харцонаш лелийна хиларх. Мусаева лачкъийча дуьйна, цуьнан могушалла дика йоццушехь, изоляторехь латтийра иза. "Уггар коьртаниг – со цIена йу", - дIахьедира цо шена таIзар кхайкхийначул тIаьхьа.
- Мусаевана кхело вердикт кхайкхочу дийнахь Соьлжа- ГIалахь герзашца тIелетира цуьнан адвокатана Немов Александрна а, "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а. Москвара шога оцу зуламна реакци йинчул тIаьхьа, Кадыровс дош делира "йист йаккха" гIуллакхан, амма хIетте а бехкехетарш хIинца а лецна бац.
- Марсхьокху-баттахь Нохчийчуьра ЯнгулбаевгIеран виъ герагра стаг Украинерчу тIаме хьажийра бертаза – деваша а, кхо шича а.