ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхин а дIаяхьа тарло мобилизаци аьлла Кадыровс


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран 70 шо кхачарна леринчу парадехь лаьтташ бу ницкъаллин структурийн эскархой, 2022-чу шеран гIадужу-беттан 7-гIа де
Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран 70 шо кхачарна леринчу парадехь лаьтташ бу ницкъаллин структурийн эскархой, 2022-чу шеран гIадужу-беттан 7-гIа де

Республикехь мобилизацин барамаш кхин а дIабахьа тарло аьлла, хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзанеа. "Ахмат"СОБР-н лерринчу декъан эскархошца хиллачу цхьанакхетарехь хьахийна Кадыровс, "тIекхойкху кехаташ хьийсор" ду аьлла.

"ХIинцца тIекхьуйкхуш кехаташ кхачор ду, нагахь санна иза [тIеман гIуллакхдархо] цхьахйолчу полкехь йа батальонехь дIаязвина велахь, эскаре ваха оьшур дац цунна, иза шечарлахь хир ву, нохчашлахь. Вуьшта цхьанхьа дIавуьгур ву, цхьана дивизи, бригаде, ткъа цуьнан гергарчарна хуур дац, хьо стенгахь ву", аьлла Кадыровс, нохчийн маттахь эскархошка вистхуьлуш

ТIеман министро Шойгу Сергейс гIадужу-беттан 28-чохь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дIахаийтира, мобилизацин барамаш берзарх. Цо хаамбира, Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн могIаршка 300 эзар стаг юкъаозийна хиларх. ХIара информаци официалехь тIечIагIъен хаам карарчу хенахь журналисташкахь бац.

Шойгус иштта дIахьедира, кхин а нах тIекхайкха Iалашо яц аьлла. Цуьнан дешнашца, контрактхойх а, "лаамхойх" а дузур ду эскарш.

Мобилизаци дIайерзийна хиларх омрана куьйгъяздан декхаре ву Оьрсийчоьнан президент. Таханалерачу дийнахь Кремлан официалан сайтехь оцу кепара документ доцуш ду.

  • Хьалхо Кадыровс хьийхира Украинерчу тIаме 300-400 эзар махкара вахархо хьажор – халкъан доьалгIа дакъа хила тарло иза.
  • Гезгмашин-беттан 22-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "лерринчу тIеман операцин" оперативан штабаца хиллачу кхеташонехь республикехь мобилизаци хир яц, алла дIахьедира. Украинехь тIом боьдучу юкъанна республико "тIех сов кхочушйина" шен план, аьлла кхетийна цо. Цунах лаьцна репортаж меттигерчу телехьожийлехь арахийцира. Масех де даьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Вахидов Iилмана дIахьедина, Нохчийчохь мобилизаци юхаяьккхина боху хаамаш баржийнарг "Оьрсийчоьнан а, йа махкара вайн зорбанан гIирсаш бацара", "оппозицигахьа бирзина гIирсаш а, телеграм-каналаш а яра" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG