ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчохь кIант гей хилар - иза эхь ду". Республикехь ЛГБТ-наханна тIаьхьбевлла юха а


Башха ориентаци йолу Анзор, AP-ца анониман кепехь къамел динера цо, шен а, шен Нохчийчохь бехачу доьзална а кхезамазалла ларъярхьама. 2017-чу шеран охан-беттан 27-гIа де
Башха ориентаци йолу Анзор, AP-ца анониман кепехь къамел динера цо, шен а, шен Нохчийчохь бехачу доьзална а кхезамазалла ларъярхьама. 2017-чу шеран охан-беттан 27-гIа де

Товбеца-беттан чакхенехь Нохчийчохь меттигера вахархо Дадаев Ризван дIалецира цуьнан сексуалан хьежамаш бахьанехь. Машанашкахь видео гучуелира, эвхьазе юкъаметтиг лелон Iалашонца кIантаца цхьнакхета гIертара ша, бохуш иза къера а хуьлуш. Дадаевн волу меттиг билгалъяккха гIерта бакъоларъярхой – ницкъахошца цхьнакхетча вайна иза. "Оьрсийн ЛГБТ-машанан" цхьаволчу кхоллархочо Кочетков Игоря МВД-на а, Талламан комитетана а, прокуратурина а тIедожийна и гIуллакх таллар.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Кочетковс оцу хиламах лаьцна дуьйцу, иштта тIаьххьарчу шарахь ЛГБТК+ наханна тIаьхьбевлла хьийзар республикехь муха хийцаделла а.

– Дадаев Ризванан историх лаьцна цунна бевзачу нахера хиина хьуна. Цара тессина хьоьга цуьнга хеттарш деш гойту видео а. Иза цаьрга муха къаьчна хаьий хьуна? Шаьш ницкъахоша гIаръяккхина иза? Стенна оьшура царна иза?

Кочетков Игорь
Кочетков Игорь

– Кхузахь вайна кхеташ ду, ницкъахоша иза вовшашка дIасакхуьйсуш хилла хилар. Хетарехь, иза тайп-тайпанчу диллинчу а, къевлинчу а каналашкахь гучуяллалц дIаса кхуьссуш хилла. Кхин чIогIа наггахь хуьлуш хIума а дац иза: Нохчийчуьрчу полисхоша оцу кепара дозаллаш до вовшашна хьалха, шаьш бина болх а, шаьш мел "дика нах" ду а гойтуш.

Оцу кепара хеттарш а деш, ша божаршца юкъаметтиг лоьхуш хиларна къера а хуьлуш нохчочун видео хиларо ишттачу хиламан шатайпаналла гойту. Хьалха вайна гуш ерш бехказавуьйлу видеош бен яцара.

– МВД-на а, Талламан комитетана а, прокуратурина а тIедожийна ахь Дадаев дIалацаран хьокъехь йист яккхар. Зенделлачуьнца дуьстича, хIун лелор ду ницкъаллин хьукматашкахь карарчу хьелашкахь?

– Цкъачунна цхьа реакци яц, амма цара ишта сиха жоп а ца ло, хилларг рогIера хIума дацахь бен. Суна хетарехь, кхо-диъ кIира даьлча жоп кхочур ду тхоьга. Вай юьйцург федералан МВД, йа прокуратура ялахь, уггар тоьллачу хьолехь цара формалехь таллам бийр бу – нохчийн МВД-га хьажор ду и гIуллакх. Дера, церан жамIехь хIумма а ца хиллера эр ду, Дадаев дийна гайта а мега – иза бехказавуьйлучу видео тIехь.

Масех шо хьалха Басханов Iелица истори яра, иза а лаьцнера иштта бехкаш а бехкина, тIаккха аса МВД-га, прокуратуре, Талламан комитете а аьрзнаш дира. ТIаьххьаре а Басхановс кехат яздира, оцу кепара хIумма хилла дац, аса шена тIе харцо кхоьллина, аьлла. Мухха делахь а, оцу гIуллакхо иза дийна хиларан билгало елира тхуна.

– Дадаев лачкъийна, дийцарехь, стагца вовшахкхета лууш тIеваача. Сих-сиха хуьлий Нохчийчохь оцу тайпа историш? ЛГБТК+ наханна тIехьбевлла хьийза социалан машанашкахь?

– Дадаев лачкъийча тхуна хиира, вовшашца бовзаран Hornet машанехь лелаш фейкан аккаунт хилар, цунах пайда а оьцуш, полисхоша нах гучубуьйхура. И баккъала а гуттара хуьлург ду: иштта кечдеш ду муьлхха а кIелкхоссаран цхьанакхетар. Уьш Нохчийчохь хилла а ца Iаш, ерриг Оьрсийчохь ю. Амма иза лелориг полисхой хиларца къаьсташ ю Нохчийчоь.

Ницкъахоша иштта кхин агIо а ю лелош: лецначийн телефонашкара контакташ схьаоьцу цара. Цул сов, шайна бевзачу нахе лецначаьрга язйойту цара – йа ца бевзачаьрга – тIаккха уьш вовшашна гаре кхойкху, циггахь собар деш хуьлу полисхой чохь болу машен. Тхуна хетарехь, иза хилла Дадаев вайначул тIаьхьа, масех цунна вевзачунна. Уьш цуьнан контакташкахь хилла.

Стаг схьаваларна дуьхьал ял кховдо гергарчу нехан аьтто бацахь, цунна лаамхо а хилла Украине новкъавалар хьоьху

– ТIаьххьарчу хенахь кхечу регионашкахь беха нохчий лечкъор алсамдаьлла ала йиш юй? Йа оцу гIуллакхна тIе лерина юкъараллин тидам тIебахийтар – иза жигархойн а, бакъоларъярхойн а кхиам бу?

– Суна хетарехь, иза нохчийн ницкъахоша рогIера лелориг ду. 2017-чу шарахь а дара иза. Суна хетарехь, кхузахь баккъала а жигархоша бечу балхаца а, ишттачу хиламашна зорбанаша тIе тидам бахийтарца а доьзна ду.

– Муьлха "бехк" бала беза нохчочуьнгара, республикера араваьлча а цунна тIаьхьбевлла хьийззал?

– Иза тайп-тайпанчу бахьанех доьзна хила йиш ю. Масала, истори Кадыров Рамзанна бIаьргаш хьалха нисъелча, йа кхечу Нохчийчуьрчу лаккхарчу хьаькамийн. ТIаккха вуно чIогIа интерес кхоллайала мега.

Политикан тIаьхьбовларан фактор а кхузахь лелаш – гуш-хезаш нохчийн Iедалхошна критика а еш дIахьедарш дарна. Ишттачу меттехь цхьа а бух боцуш, гомосексуалалла тIекхолла а мега.

Кхин истори – иза гергарчу наханна шайн, масала, вежарий, юхаберзо лаам хилар ду. ТIаккха уьш МВД-га орца деха хIутту. Ерриг Оьрсийчухула лоьху уьш – иза божарех а, зударех а хьакхало. Ала дашна, доккхачу декъанна зударий церан гергарчу нехан лаам хиларна лехамашка ло.

Нохчийчохь, йа Дагестанехь лаьцча, кхузахь доккхачу декъанна ял яккхарна дуьхьа леладо иза. Мехаш а ду десташ. Дайначу шарахь, кризисан тобанан хаамашца, иза 100 эзар гергга ахча хиллехь, тIаккха хIинца миллионе хьалакхаьчна и мах. Шех доьзалах боьзна а бу и барам. Жимма а хьал долчу нахера фантастикан мехаш деха мега. Альтернатива иштта ю: йа цара ахча ло, йа церан дIалаьцначу гергарчу стагна тIе харц гIуллакх кхуллу. Ахча дIаделлехь, стаг юхаверзаво, амма мотт а бетташ, ницкъахошна тIе болх бан декхаре ван мега иза.

ХIокху шарахь кхин цхьа опци юкъаяьлла: ахча дала гергарнаш кийча бацахь, цунна лаамхочун кепехь Украине новкъавалар хьоьху. Цигахь цхьаберш йийсаре кхача лууш хуьлу, Нохчийчу юха ца берзархьама. Мухха делахь а, оцу тайпа кхо меттиг бевза тхуна, церан гергарчу нахера хууш ду иза.

Нохчийчохь хьан кIант гей ву аьлла хаам кхачар – иза дерриг тайпанна эхь ду

– Нохчийчуьра цхьайолу практикаш кхиамца ерриг оьрсийн системийн дакъа а хуьлий дIахIутту. Масала, лецначийн камерашна хьалха бехказабийларш. Кадыровс долийна долчу Нохчийчуьрчу гейшна тIаьхьбевлла хьийзаро оьрсийн юкъаралла хуьйций? ТIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчохь гомофоби алсам яьлла ала йиш юй, хIунда аьлча, наханна го иштта дан йиш хилар а, иза магош хилар, цунах жоьпалла ца хилар а?

– ХIан-хIа, суна хетарехь, къаьсттина и практика ерриг Оьрсийчухула яьржар яц. Вайна гуш ду, ур-атталла Дагестанехь а ЛГБТ-персонаш дIалоьцурш нохчий бу, йа Нохчийчоьнца цхьана агIор боьзнарш бу. Кхузахь вуно чIогIа регионан шатайпаналла ю лелаш. Гергарчу наха ша дIалаьцнарг мах а лой, схьа стенна оьцу – хIун мотиваци ю церан? Церан дахар лардарца йоьзна яц иза, - мукъабаьхна нах тIепаза бовш меттигаш а ю. Хьал нахала даьлла хилар ду дерриг а. Нохчийчохь хьан кIант, йа йоI цхьана агIор ЛГБТ-юкъараллица доьзна ду аьлла хаам кхачар – иза дерриг тайпанна эхь ду. Ишттачу ламасташа оцу практикехь коьрта роль лелайо.

Делахь а, Оьрсийчохь а ю кIелкхийсаран цхьанакхетарийн практика, стаг иштта дIа а лоций, хьийза а веш, кхерамаш туьйсу – амма кхузахь еккъа цхьа Iалашо ахча даккхар ю. Кхечу регионашкахь иза лелораш рогIера нах бу. Цул сов, иштта кейсаш Нохчийчохь толлуш яц, цунах жоьпалле а ийзабо нах. Къилбаседа Кавказера арахьарчу регионашкарчу полицин гергахь иза бехктакхаман кодексера зулам ду, цара иза иштта тIе а лоцу.

Амма шаьш бохам баьлларш ца хIутту талламан органашка аьрзнаш дан. Амма гуттара йолу практика ю лелаш, иза тIеIоттаделла нах ЛГБТ-вовшахтохараллашка бовлу, тIаккха церан юристаш ницкъахошка бовлу. Бехкенаш жоьпалле ийзо аьтто а болу дукхачу хьолехь.

– ТIом болабелчхьана пропагандин зорбанашкахь чIагIъелла ЛГБТ-н дуьхьал риторика. Мелла кхераме ю и тенденци? ЛГБТ-жигархошна дуьхьал керлачу репрессин тулгIенан анонс ю иза, йа Оьрсийчоьнан берриг бохамашна бехке волу "арахьара мостагI" а карийна, иза билгалваккхар ду иза?

– Нийса аьлча, и риторика 2021-чу шарахь чIагIъелла. "Ламастехь йоцу мехаллаш" коча ихкар – иза къоман кхерамазаллина кхерам бу, аьлла официалехь тIеэцна дара яйначу аьхка.

Президентера а, федералан ницкъахошкара а шортта хезара и риторика, амма шо чакхенга доьрзуш жимъелира иза. Ламастера мехаллаш ларъяран президентан омран проект культуран министралло кечйича, цунна шортта критика йира бакъонийн хаамийн порталехь. ТIаьххьаре а уьш, олуш ма-хиллара, кIедачу когаш тIехь юхабевлира.

ТIом болабелчхьана [ЛГБТ-на дуьхьал йолу риторика] чIагIъян гIертара. Ша Путино а, тIом болабечу муьрехь Малхбузенна Iоттар еш дIахьедира "ламастехь йоцу мехаллех" лаьцна. Стигалкъекъа-беттан 9-хь йолчу парадехь цо иза тIаьххьара дIахьедира, цул тIаьхьа цунах дерг дIатийра.

"Ламастехь йоцучу мехаллийн" пропаганда йар дехкаран низамера гIуллакхаш муха дIахьош ду тидамбича, Iедалхошна и риторика кхин герга ца хилар гуш ду – 2012-2013-чу шерашкахь хиллачуьнца дуьстича. [Оьрсийчоьно аннексий инчу] Севастополан низамаш дахаран кхеташоно кховдийна низаман проект дагайогIу вайна, иза йийца а ца хIиттира, иза хIоттийначуьнга юхаерзийра.

Иза муха дIагIур ду ала хала ду, амма хIинца билггал ду, и низаман проекташ тIеэца кечвелла цхьа а ца хилар. ХIинцле а дIахьедина ду, гурахь пачхьалкхан думано юкъараллин дийцарш хIитторг хилар, цул тIаьхьа бен кховдор яц "Единая Россия" партин, урхаллехь тIеэцаре хьоьжуш ю боху низаман проект. Православан радикалашца диллина дов даккха ца лууш санна хета суна уьш, цул сов, царна ца лаьа тIом боьдучу юкъанна гуш-хезаш барт ца хилар гайта – ткъа оцу проекто чолхе хьал хIоттийна думехь хIинле а.

***

2020-чу шеран мангал-баттахь "Оьрсийн ЛГБТ-машано" гIо дира Магомадов Салахьна а, Исаев ИсмаьIилна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIавоьдуш (и шиъ ши ваша ву, царах цхьаъ гей ву, ткъа важа кхечу гендере дехьавала кечам беш хиллера). Нохчийн ницкъахоша кризисан петар чуьра дIавигира и шиъ даймахка, цигахь 2022-чу шеран чиллан-баттахь гIаттамхошна гIо латтийна ву аьллачу Магамадовна бархI шо хан туьйхира набахтехь яккха, Исаевна – ялх. Магамадов Салахьан волу меттиг евзаш яц товбеца-беттан 15-хь дуьйна – цуьнан адвокатан а, бакъоларъярхойн а аьтто ца болу цунах лаьцна бакъболу хаамаш бовза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG