ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь лазийнарш шерашкахь ахчанаш ца луш хьийза: изза хир ду-те Украине гIоьртинчарна а?


Нохчийчохь лазийначу эскархочунна тIехIотта веана Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, Чиллан-беттан 23-гIа де, 2003 шо. Гайтаман сурт
Нохчийчохь лазийначу эскархочунна тIехIотта веана Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, Чиллан-беттан 23-гIа де, 2003 шо. Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а бахархой контрактхой санна юкъаийзош, тIейогIучу хенахь тIемаш боьлхучу Украине хьийсорхьама дера кампани дIахьо военкоматаша а, регионийн Iедалхоша а. Нохчийчохь бIахошна "страховка" а, кхо миллион сом а лур ду аьлла, нагахь санна, тIамтIехь лазийна хIума хилахь. Делахь а, кхелан практико гойту, тIамехь дакъалаьцнарш дукха хьолахь шерашкахь тIаьхьабевлла лелар, ур-атталла кега-мерса социалан ахчанаш а цхьаьна далийта. 1990-чу а, 2000-чу шерийн юьххьехь а Къилбаседа Кавкзерчу контртерроран операцешкахь дакъалаьцна пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкара иттаннашкахь бахархой бу таханналц кхелаца къийсамаш дIахьош.

Ростовн кIоштара вахархочо Москалев Дмитрийс, масех инстанцешкахула чекхваьллачул тIаьхьа, кху шеран Стигалкъекъа-баттахь яьккхира тIеман ветеранан статус. Къилбан тIеман гонашкарчу вовшахтоьхначу куьйгаллина иск чуеллера цо.

ТIемало лаьттинарг къар ца лора, 1996-чу шеран Охан-баттера Мангал-батте кхаччалц Нохчийчуьрчу тIеман конфликтехь дакъалаьцна ву ша бохуш, тIеман министралло тIе ца дуьттушехь. Москалевс тIемашх беш хилла боху дакъа кехаташ тIехь болчу хаамашкахь оцу муьрехь тIеман декхарш кхочушдечу тептарехь дацара.

Украинера конфликт бахьана долуш тхоьга хIинцале а хаамаш кхочу тIом барна ахчанаш дIадаларца а, кехаташ хIитторца а лаьттачу проблемех

Ростовхочунна цхьа делан кхинхетамца гIо хилира оцу декъан командиро динчу омранех кехаташ цуьнгахь лардаларна, цу тIехь дуьйцура, "Iедалхойн тIедиллар кхочушдан Нохчийчу хьажорах".

Элистара Сангаджиев Юрийн аьтто кIезиг хилла. 2002-чу шеран Чиллан-баттахь иза, хIетахь Челябинскехь эскаран гIуллакх деш хилла волу, Ханкала хьажийнера тIеман Iалашонаш кхочушъян аьлла.

"2002-чу шеран Чиллан-беттан 5-чуьра Стигалкъекъа-беттан 20-чу дийне кхаччалц тIеман декхарш кхочушдеш хиллера иза, контртерроран операци дIахьочу Нохчийчуьрчу дозанаш тIехь, вуьшта аьлча: аренаш толлуш, нах беха ярташ гIаттамхойх цIанъеш, ха а деш хан яьккхина цо 105 дийнахь. Балхаца доьзна гIуллакхаш дика кхочушдарна совгIаташ динера цунна "ТIеман декъашхо", "Милицин дика белхахо" аьлла", - яздо ГIалмакхойчухула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле хьажийначу иск тIехь.

МВД а, кхел а дуьхьал хилира "тIеман декъашхо" хиларх Саганджиевна статус кхачон, "тIом боьдучу Нохчийчохь дIахьочу тIеман барамашкахь дакъалацарх омранаш дац" аьлла, цунна тIетевжина.

Ишттачу исторех дукхазза яздира зорбанан гIирсашкахь. Масала, Карелерчу эпсаран Р. Сергейн истори, 1996-чу шеран Чиллан-баттера Лахьан-батте кхаччалц Нохчийчохь эскаран гIуллакх дина волу.

"Нохчийчоьнан дозана тIехь тIемашкахь контртерроран операцехь дацара тхо, оха дакъалецира хьалхара тIом болчу заманчохь. КТО юкъайоккхуш ю цхьана меттигехь, террорхой зеназа дIабахархьама доза тоьхначу ханна. Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу заманчохь чолхечу хьолан раж лаьттара даим а, йоллу республикан дозанаш тIехь дIакхайкхийнера… Доллу дакъана – ханна эскаран гIуллакх дан балийначу салташна а, контрактхошна а, эпсаршна а – тIеман ахчанаш лора. Цигахь яьккхина хан - иштта ас яьккхинарг а цхьаьна - лорура цхьа де кхо де санна. Цундела даккха дезачу шина шеран метта со бархI бутт хьалха демобилизаци вахара", - дийцира эскархочо.

Делахь а кхел реза ца хилира цуьнан ветаран статус а, тIемаш боьлхучу меттигехь баьккхина бархI бутт а дIалара, финансийн декъан архиван документаш хIалакдина хиларна тIетевжина.

1995-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь вийначу Волгоградан кIоштарчу эскархочун да-нана Полинко Петр а, Галина а Оьрсийчоьнан Пенсин фондаца тийсалуш ду, Сийлахь Даймехкан тIамехь дакъалаьцначарех дIатоьхначу эскархойн дайшна-наношна, хIусамнаношна хIоттийна долу ахча даккха гIерташ.

Церан, Петран а, Галинин а воI велла I195-чу шеран Дечкен-баттахь, билггал муьлха терахь дара къастийна дац. Пенсхойн фондо дуьхьало йина ахчанаш хIиттон, "билгалдаьккхинчу дийне кхачале кIант велла хиларх кехаташца дина тоьшалла дац" аьлла. 2022-чу шеран Стигалкъекъа-беттан Вологодскан кIоштан кхело тIе ца ийцира Пенсин фонде тIедахкаршца хIоттийна иск.

Маха а боккхий- юха а тIамтIе

Нохчийчохь хиллачу шина тIеман декъашхой боцурш а, пачхьалкхан оцу леларца Iиттало цунна тIаьхьа догIучу шерашкахь гIуллакх дина эскархой а цхьаьна.

Краснодарерчу гарнизонан тIеман кхело Мангал-беттан 7-чохь листира, Анаперчу тIеман министраллан лазартнен 419-гIа филиал бехкейеш Махалов Сергейс чукхачийна иск. Цо тIедиллинера, тIеман лазартнен филиалан куьйгалхочо Зазадокху-беттан 28-чу дийнахь (Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа) тIамехь чов йина хиларх хьалхо хIиттийна кехаташ харцдеш бина сацам низамашца бац алий, тIечIагIде аьлла.

Махалов Бурятехь вехаш ву, цундела Улан-Удинерчу гарнизонан кхелехь листа дезаш ду и гIуллакх аьлла, формалечу бахьанна тIе а тевжина, кхело тергамза йитира цуьнан иск,

ТIамтIехь чов яр тIечIагIдарца а, цу лазийначарна компенсацеш хIитторца а проблемаш хилира Нохчийчохь тIемаш бирзинчул тIаьхьа а, полигонашкахь дIахьочу Iаморашкахь лазийча а, дийцира Кавказ.Реалиига бакъоларъяран "Гражданин и армия" бакъоларъяран организацин директоро Кривенко Сергейс.

"Кеп-кепарчу бахьанаша дуьхьало йора – дарбанан хIусамашкарчу лоьрийн а, тIеман лоьрийн комиссийн а кхачамболлу квалификаци тIе цатоар а, цхьа формале бахьанаш а, цхьадолу кехаташ тIецатоар а. Экспертийн болх бу иза. Могушаллин хьолан а, чевнаша йитинчу тIаьхьалонийн а кеп-кепара мах хадабойла ду говзанчийн", - боху кхамелдечо.

Процесс йоьдчу юкъанна суьдхочо тIедожийра: билггал айхьа автомат йиттина алий, тоьшалла де

Цо билгалдоккху, лазартнийн Iалашо – чевнаш йинчу тIемалочунна дарбадар а, иза юха а тIаме вахийта когаштIе хIоттор а ю аьлла. Шога аьлча, "цунна маха баккхар нислой", тIаккха цунна ахчанаш ца догIу. Нагахь санна, тIаьхьало йисинехь, йа йина чевнаш бахьана долуш, иза могIаршкара дIавалахь, компенсацига догдохийла ю цуьнан.

"ТIом бинчарна ахчанаш дIакхачорца, уьш хIитторца, эскархой болчу меттигах лаьцна информацица проблемаш хиларх тхоьга хIинцале а хаамаш бу кхочуш Украинерчу конфликтаца доьзна. Цундела тарло дуккха а лазийнарш хиларна тIейогIучу заманчохь дуьхьалонаш Iиттаяла, цара тIом бина хилар а, Iедалехь царна догIу ахчанаш хIиттош а", - аьлла хета Кривенкона.

Оцу проблемех хIинцале а дIахьедина Украине хьовсийначу Нохчийчуьрчу "лаамхоша". Веа йолахочо кхайкхамбинера Кадыров Рамзане, лазийначул тIаьхьа деш дарба а дац шайна, ткъа шайн латкъамех къехка хьаькамаш аьлла.

"Зазадокху-беттан 18-чохь Украине дахара тхо, ткъа Охан-баттан 28-чохь юхадаьхкира. Мариуполехь хилла тхо, "Азовсталь" завод яьккхина. ХIетахь тхо цIа даьхкичхьана, дарба оьшурш тергамза буьтуш бу, тхо цхьаммо а тIелоцуш дац. Тхо цхьанхьа гулдина, дистхила аьтто баьккхича, оха дуьйцур дара долчух ма-дарра, хьан, муха дуьхьало йира тхуна, массо а инстанцешкахь тхо лоьхкуш хиларх а", - чIагIдора, тIаьхьо массарна а хьалха дIа а хIиттийна, къурд алийтинчу ролика тIерачу турпалхоша.

Когах кхо миллион

"Школа призывника" бакъоларъяран организацин куьйгалхочо Табалов Алексейс Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь билгалдоккху – 2009-чу шарера схьа дуьйна эскаре гIуллакх дан кхайкхинчийн проблемаш луьстуш дара шаьш, ткъа Украинехь тIом болабелчхьана эскархойн бакъонаш Iалашъян дуьйладелла аьлла.

"Гуш ду, лазорах, контузи ярх, чевнаш ярх тоьшаллаш дарца, ахчанаш хIиттош а, тIеман ветеранан статус йоккхуш а санна, халонаш Iитталур ю. Масала, тIейогIучу заманчохь пачхьалкхан агIор ахчанаш хIиттор лахдархьама, тIеман, медицинан комиссеша дIаязйийр яц чолхе йоцу чевнаш", - кхетадо Табаловс.

Цо мах хадорца, къаьсттина дуьхьалонаш Iиттаяла тарло, Нохчийчуьра дIахьежочу лаамхой олучарех.

"Церан шеконе бакъонан статус ю, тIемало ву, йа цхьа кхин ву аьлла, лорур йоцу. Цундела хууш дац, цаьрца долчуьнца тIамехь чевнаш яр муха къастор ду. Низамашца догIуш Iедалан акташ хила деза оцу гIуллакхна", - билгалдаьккхира бакъоларъярхочо.

ТIемалой хиллачийн интересаш йовзуьйтучу адвокато, шен цIе цаяккхар доьхуш, тIечIагIдира Кавказ.Реалиина, ветеранан статус къобалъярца а, низамехь царна догIу ахчанаш хIитторца а проблема даим а лаьтташ ю аьлла.

"Масала, 1994-чу шеран Лахьан-баттахь цхьана шарна а эхашарна а арме кхайкхина, амма дуьззина шина шарахь эскаран гIуллакх дан дезначуьнца хилларг. Цуьнан тIеман билета тIехь йина билгало ю, цо тIамехь дакъалацарх, ду цуьнан МВД-н архивера кехат-тоьшалла а. Иза цигахь хиларх тоьшалла дойла ю цуьнца цхьана эскарехъ хиллачара а, эпсарша а. Ветеранан статус яла дуьхьал хилира цунна, билггал хьуо тIамехь хиларх тоьшалла даладе аьллера цуьнга. Йоьдучу процессехь суьдхочо тIедожийнера цунна: билггал хIетахь айхьа автомат йиттина алий, тоьшалла де", - дуьйцу юристо цхьахйолчу исторех.

Къамелдечо бахарехь, Украинехь боьлхучу баккхийчу тIемашца цакхетамаш хиларна, документашца чолхалла хIотта тарло.

"Сайна бевзачаьргахула хIинцале а суна хууш ду, чолхечу чевнашца болчарна ахчанаш кхачорах. Краснодар-махкара Росгвардин эскархочо кхо миллион эцна, амма, суна хаарехь, 20-х шарел тIехваьллачу цуьнан ког дIабаьккхина. Оцу юкъанна, нагахь санна, чевнаш гуш яцахь, йа чолхе хилахь, масала контузи, йа хье лазийнехь, дуккха а хала хир ду церан тоьшалла дан", - билгалдаьккхира адвокато.

***

  • Армин резервехь болчу Краснодар-махкара бахархошка, контракт дина эскаран гIуллакхдарх къамел дан, военкомате тIекхойкхуш, кехаташ кхочу. Оцу юкъанна иштта кехаташ Украинехь агресси йолаялале масех бутт хьалха комиссариаташа дIасатуьйсура, ткъа уьш тIекхийкхар бакъонца дац.
  • Нохчийн бакъоларъяран организацеша а, блогерша а хаамаш бо, "лаамхой" санна Украинана дуьхьал тIаме хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархошкара шайга кхочучу информацех лаьцна. Цара дийцарехь, харжам аттачех бац: йа контрактана куьйгъяздо ахь, йа "къайлахчу набахтешка" кхочу.
  • Кавказ.Реалиино хьалхо зорбане дехира Къилбаседа Кавказера а, иштта Оьрсийчоьнан Къилберчу регионашкара а Украинаца болийначу тIамехь байинчийн а, лазийначийн а гергарчийн дийцарш. Буьйцурш бара, 2022-чу шеран бIаьста, Нохчийчуьрчу спецназан базехь кечам беш, йоца курс чекхъяьккхина, Оьрсийчоьнан эскаран агIор лаамхой санна тIом бан баханарш. Цунах лаьцна дуьйцучу Кавказ.Реалиино хьалхарчу публикацехь далийра Нохчийчуьра лаамхой бу бохучийн гергарчийн дийцарш. ШолгIачунна тIехь – Ставрополь-махкара а, Дагестанера а, Кубанера а, Кхарачой-Чергазийчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Ростовн кIоштара а бIахойн а, церан доьзалийн а дийцарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG