ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь школан программи юкъаяхийтина Кадыров Рамзанан дех лаьцна книга


Кадыров Ахьмад (аьрру агIор), Кадыров Рамзан (аьтту агIор)

Нохчийн школашкарчу программи юкъаяхийтина мехкан куьйгалхочун дех лаьцна книга. "Серлоно серлабаьккхина некъ" - иштта цIе ю, лакхарчу классашкахь Iамочу книгин. Жайнин автор ву, йиллинчу хьосташкахь яздарца, хIинццалц йохка-эцар лелийна, чоьхьарчу гIуллакхийн белхахо.

Нохчийн пачхьалкхан телевизионехь сюжетан авторо дийцарца, книги тIехь довзуьйту Кадыров Ахьмада политикехь а, динехь тIаьхьа дитинчух. Регионерчу массо а школашка кхачийна книгаш.

"Бераша леррина ладоьгIу хьехархочуьнга, хеттаршна жоьпаш а луш", - чIагIдо журналисто сюжетехь. Цо билгалдоккху, кху шеран Гезгамашин-баттахь школан программи юкъа яхийтина хиларх книга, Оьрсийчоьнан историна тIетоьхна материл санна.

Нохчийн телехьожийлехь гайтинчу проектан инициатор ву боху Эдилов Амруди, республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан экономикан кхерамзаллина а, коррупцина а дуьхьало латточу Урхаллан хьаькам. Цо дуьйцу, маца, муха кхоллаелира шен книга язъян идея. Цо бахарехь, 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь ойла йинера цо, Кадыровца кхеташо хиллачул тIаьхьа.

Эдиловс юьйцу кхеташо хиллера Нохчийчоьнан Конституцин денна лерина дIаяьхьнарг. ХIетахь Кадыров Рамзана долийра шен къамел, ша америкхойн "Игра престолов" кино хьажарх лаьцна. Цунна хетарехь, Ичкерин истори ю цу чохь гайтинарг.

"Цигахь [в сериалехь] ворхI паччахьалле бекъало уьш, вайн а яра дуккха а паччахьаллаш а, дукха а бандаш а. Луург - вовшах летара, шайна луъучу юкъагIуртура, мехкан урхалхочун маьршша вижа йиш яцара буса", - дIахьедира Кадыровс.

И дерриге а, Кадыровна хетарехь, цуьнан дас юкъара даьккхина ду.

"Нагахь санна, хьехархоша школехь дуьйна, берийн бошмашкара дуьйна цхьа минот, шиъ, кхоъ, пхиъ мукъна а йойъуш хилча оцу некъах лаьцна дуьйцуш, вай таханене муха кхаьчна, тахана вайн долчух дийцахьара, тIаккха кхетам хир бара церан", - элира Кадыровс.

Дешаран материал а кхоьллина, Нохчийчоьнан куьйгалхочун лаам кхочушбан араваьллачу Эдилов Амрудих лаьцна информаци кIезиг ю интернетехь. Цуьнан куьйгакIелара ю кху шарахь зорбане яьлла "Коррупцина дуьхьалолатторехь низамаш дохор: масаллин, дикаллин характеристика" аьлла артикл. Йиллинчу хьосташкахь кхин цуьнан цIарах белхаш бац.

Интернетехь карийначу жамIашца, изза цIе йолу стаг Соьлжа-ГIалахь йохка-эцар лелийна ву. Пачхьалкхан реестрехь билгалдаьккхина ду, бизнесхочо Эдилов Амруди Ибрагимовича шен бизнес дIакъевлина 2015-чу шарахь аьлла.

Экономикан кхерамзаллин Урхаллан куьйгалле хIоттийна иза 2018-чу шарахь Чиллан-баттахь, цул а хьалха, нохчийн чоьхьарчу гIуллакхийн министро бахарехь, "кеп-кепарчу лаккхарчу даржашкахь белхаш бина ву, ша оьзда, хьекъале, хIайтъаьлла куьйгалхо санна гайтина ву".

Иштта, къаьстина, Эдилов Кадыров Рамзанан юьртахо хилар а, парламентан депутатан Эдилов ИбрехIиман воI хилар а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIаьхьарчу хенахь гуш-хезаш хуьйцуш бу лакхарчу даржашкахь болу нах. Цу даржашка хIиттош бу цо коьртачу декъана шен доьзалера а, ткъа иштта шен да Кадыров Ахьмат республикан куьйгалхо волуш дуьйна шайна муьтIахь хилла а нах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG