ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIеман резерв кхуллур ю. Цу юкъаийзор бу зударий а


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Iаморашкахула чекхбевлла, меттигаш нислахь тIеман структурашкахь болх бан луучарех резерв кхуллур ю Нохчийчохь. Цу юкъабахкийта агитаци божаршна йина ца Iаш, зударшна а цхьаьна йийр ю – резахиллачарна 20 эзар сом лур ду боху. Цунах лаьцна дIахьедина мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана ницкъаллин структурийн хьукматашца хиллачу кхеташонехь.

Официалан телеграм-каналехь Кадыровс дийцина, резерв вовшахтохаро "оьшучу далахь маса дузур ду ницкъахойн могIарш хаарш долчу эскархошца" аьлла. Оцу балхах жоьпалла тIехь хир ду МВД-н кIошташкарчу дакъойн хьаькамашна а, дакъойн командирашна.

Делахь а, ЧГТРК "Грозный" канало зорбане яьккхинчу видео тIехь нохчийн маттахь дуьцу Кадыровс резерве кхайкхарх чулацам боллуш.

"ХIинца штат ерриг а юьзна ю, и резерв тIаьхьалонна хир ю. Массо а кийча хила веза. Бен дац, ГБР-хь иза велахь а, миччахь велахь а. Божарий, зударий – берриш тIекхайкха беза, ала деза цаьрга, уьш балха хIиттор бу, белхан меттиг ма-белли. Юьхьанца 20 эзар лур ду. ХIора кIиранах схьаоьхур бу уьш, Iаморашкахула чекхбевр бу, царна лаахь, пачхьалкхан структурашка балха хьийсор бу", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Цул совнах, иза вистхилла республикерчу суфийн юкъараллашка – Кадыровс кхайкхамбина шайн батальонаш вовшахтоха, оьшуш ма-хилли Украине тIом бан кийча а йолуш аьлла. Таханалерачу дийнахь Нохчийчохь 24 суфийн видр ду, кеп-кепарчу шайхийн агIончаш.

Кхеташонехь вистхилла иштта Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад – цо дIахьедина, спецопераци йолаелчхьана (иштта олу Оьрсийчохь официалехь тIамах. – Редакцин билгалдаккхар.) цигахь 20 эзар сов нохчийн эскархоша дакъалацарх, итт эзар сов стаг тIемаш боьлхучу меттигашкахь хIинца а дакъалоцуш хиларх а.

Хууш ду, Украинерчу тIаме Нохчийчуьра ницкъаллин струткурийн белхахой а, указан гурашкахь мобилизаци йинарш а, иштта лаамхой олурш а хьийсош хилар. Оцу юкъанна бакъонашларъярхоша масийттазза дIахьедира, бертаза тIекхуьйкхуш бу- лечкъийна бигинчу кегийрхойх салтий бо, иштта, масала, нохчийн оппозиционерийн гергарнаш. Цхьана лачкъийна вигинчунна, Серноводское эвлара вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа Украине воьду хьо, йа шаьш дуьхьал даьккхинчу гIуллакхна тIехула набахти воьду аьлла. ТIамтIе вахара иза, цигахь вен а вийра.

Мобилизаци йирзина аьлла, Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIакхайкхийначул тIаьхьа а, хаамаш кхочу Нохчийчуьра, бертаза бахархой тIаме хьийсабо бохуш.

Украинана дуьхьал тIом болийчхьана денна бохург санна "даймохк Iалашбан хIуьттур болуш" дуккха а нохчий бу бохуш, Кадыровс дIахьединехь а, хIинца кхечу агIор дуьйцу цо, нохчийн маттахь. Республикан Iедалхоша агрессиве медиакомпани йолийра, лаамхой хилла, тIамтIе баха ца луучу меттигерчу бахархошна дуьхьал, - уьш бехкебора доьналла а, боршалла а яц бохуш.

  • Къен нах а, балхахь боцурш а царна пачхьалкхера догIучу гIоьнах дIахедабе, аьлла тIедожийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ницкъаллин хьукматашкахь болх бан уьш реза бацахь. Нохчийн парламентан куьйгалхочо дIахьехьедарца, Устрада-ГIаларчу 188 божарех кхо стаг виссалц дуьхьал хилла ницкъахо хила. Оцу терахьаша дарвинчу Кадыровс махкахойх "тунеядцаш" элира.
  • Товбеца-баттахь дийцадаьккхира, Нохчийчохь ницкъаллин структурашкахь къоьлла хIоттарх, республикехь юкъара даьккхира, балха оьцуш къайлах доккхуш хилла ахча дехар а. И доьзнера, "беккъа нохчех" лаьтта керла полк а, цIерашца кхо батальон а кхолла Iалашо хиларца: царех дIатоьхнера структурашкахь белхаш беш хилларш.
  • Кавказ.Реалиина хууш, Нохчийчуьра 140 вахархо велла – и терахь масийттазза лакхара ду официалехь кхайкхийначул а: "Кавказский узел" гIирсан зерашца, гIадужу-беттан I4-чохь Iедалхоша тIечIагIдина 29 стаг валар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG