ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь журналисташ Iамор бу "машанехь харц хаамашна" дуьхьало латто


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

"Кху заманахь хаамашна дуьхьало ечу" курсашкахула чекхбохур бу Нохчийчуьра журналисташ – иштта тIедиллар дина махкара зорбанан министро, регионан куьйгалхочун уллорчу накъоста Дудаев Ахьмада.

Дийцарехь, Iамораш дIахьура ду, "информацин тIеман кIоргаллаш" йовзуьйтур йолчу республикерчу 17 зорбанан коьртачу гIирсийн белхахочо. Цунах лаьцна яздо меттигерчу пачхьалкхан "Чечня сегодня" гIирсо.

И хаарш журналисташа карадерзорна тIехь жоьпалла тIедожийна зорбанан гIирсаш юхакечбечу центран директорна Юнусов Хьамзатана.

2019-чу шарахь Дудаев Ахьамада дIакхайкхийра меттигерчу медиаресурсашна "реорганизаци" ярх лаьцна. Цо кхетийра цунах, Кадыровна "лаккхара терго ярца" а, "интернетехь харцдерг даржош, регионера хьал талхо гIерташ" дуккха а хьогIе нах билгалбовларца а. Царех дIатуху Нохчийчоьнан Iедалхоша дукха хьолахь, регионехь адамийн бакъонаш Iалашъяран проблемех дуьйцу журналисташ а, бакъоларъярхой а.

  • Кху шарахь регионалан хаамийн гIирсаша жигара баккхира Нохчийчоьнна "идеологин тIелетаршна" дуьхьал бен тIом. Ткъа практикехь чIагIбинера оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона дуьхьал информационан тIом. Камани йолийра "Кадыров Ахьмадах цавашарца" цо дIахьедарош динчул тIаьхьа.
  • Кху шеран юьххьехь журналисташца хиллачу цхьахдолчу цхьанакхетарехь республикерчу зорбанан гIирсийн коьртачу Iалашонех лерира Дудаевс – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тешам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG