ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь журналистийн конкурс дIаяхьа юха а тендер яьккхина кху деношкахь дIаязйинчу ИП-ца


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Нохчийчохь президент хиллачу Кадыров Ахьмадан цIарах дуьненаюкъара журналистийн конкурс дIаяхьа 10 миллион соьмана хIоттийна тендер яьккхина ши бутт хьалха регистраци йинчу индивидуалан совдегаро. 2020-чу а, 2021-чу а шерашкахь а иштта тендерш ехира, конкурс кхайкхаяле хьалха регистраци йина, цул тIаьхьа дIаяьхначу совдегарша.

Нохчийчуьра къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан министралло дIаоьллинчу тендеран техникан тIедилларца толамхой базбийр бу Соьлжа-ГIалин юккъерчу хIусамехь. Толам баьккхинчунна лур ю 750 -гIа цIеналла йолу, 50 грамм дешех йина перон статуэтка а, миллион сом а. СовгIатан меттигаш яьхначарна лур ю статуэткаш а, 10 эзар соьмаш а- 10 дакъалаьцначунна. Цул совнах гонорараш лур ю жюрин декъашхошна: Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара кхайкхинчу комиссин декъашхошна 150 эзар сом лур ду, Нохчийчуьрчу жюрин декъашхошна - 100 эзар сом.

Тендер йоккхуш толам баьккхинарг ву совдегар Аухадов Iарби, оцу статусе язвелла иза товбеца-беттан 20-чохь – 10 миллион соьмана зорбанан министраллигара хIума эцар дуьххьара ду цунна. Масех кеп-кепара гIуллакхаш лелош ву аьлла, язвина ву Аухадов: чу-ара ца баккхалун бахам эцар а, ловзарш, юбилейш хIиттор, металл а, мехкадаьтта а дохкар.

2020-чу шарахь Кадыров Ахьмадан сийнна лерина журналистийн конкурс дIаяьхьира, индивидуалан совдегар санна тендер кхайкхаяле ши бутт хьалха дIаязйинчу Тушиева ПетIмат туьйлира цигахь. Бизнес дIайохийра цо 2021-чу шеран мангал-баттахь. Ша болх бинчу шо ца кхоччуш хеначохь ИП Тушиевас Нохчийчохь 27 тендер оьцуш толам баьккхира, иштта 13 миллион соьмана Шелан администрацина хIусамаш кечйеш, тойеш а, 3,4 миллионна машенаш дIасалела некъаш тодеш, 2 миллион соьмана мандаринаш юхкуш, иштта кхин дIа а.

Оцу тайпа тендер яьккхира 2021-чу шарахь, 2019-чу шарахь бизнесна регистраци йина, 2022-чу шеран заздокху-баттахь иза дIайохийначу Элимбаева Себилас. Кхаа шарахь бинчу балхахь Элимбаеван аьтто белира Нохчийчохь 96 миллион соьмана 36 тендер яккха. Ю царлахь Гуьмса кIоштарчу ЦРБ 4 миллион соьмана бланкаш кхачор, 10 миллион соьмана Соьлжа-ГIалин мэрина спортан гIирс латтор, адамийн бакъонашкахула цхьацца барамаш дIабахьар 1 миллион соьмана, туристийн маршруташ яхкар 910 эзар соьмана.

  • Оьрсийчоьнан къилберчу къаьмнийн культурин а, спортан а фестиваль Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьийта бюджетера 36 миллион сом хьажош Марсхьокху-беттан 31-чохь омрана куьйгъяздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цигахь дакъалаца тарло цхьандекъо бен къобалъязчу Абхазин спортхоша а, иштта сепаратистийн «ДНР», «ЛНР» республикаша а.
  • Нохчийчохь Кадыров Рамзанан ден винчу денна 364 барам дIабахьа Iалашо хIоттийнера Нохчийчохь – царлахь чIерашлецархойн къийсадаларш а, соцхаттам а бара. Кадыровн доьзалан гонах культ дIахIоттийначу хьелашкахь Нохчийчохь муха даздо Кадыров Ахьмадан вина де, дийцира Кавказ.Реалиино.
  • Кавказ.Реалиис яздира Кадыров Ахьмадан культ яржорах – махкахь 300 урам бу цуьнан цIе лелош, Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназиш, аэропорт, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан Дог" маьждиг, "Новая газето" цуьнан ларми чохь дуккха а нах байарх лаьцна дийцина, Росгвардин полк а. Кадыровн-воккхахволчун цIе тиллина ЦIоьнтара эвлана – Ахмат-Юрт. Цул совнах, 2020-чу шарахь дуьйна США-н финансийн министраллин санкцийн тептарехь йолу республикера футболан а, латархойн а клубаш, иштта, Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а. Кадыровн портреташ го Соьлжа-ГIалин урамашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG