ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчоь ца хилча иза ван а вац". Юха а дарж дитар стенна хьехадо Кадыровс?


Кадыров Рамзан

Дайначу мукъа деношкахь уггар бийцаре бен хаам бара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша дарж охьадилла мега бохуш дина дIахьедарш. Официалера хаамаш доцучу юкъанна и дIахьедар дийцаре дора цхьамогIа спикераша: пачхьалкхан думан депутата Милонов Виталийна тIера баккхийра федералан политологашка кхачалц. Версиш тайп-тайпана хуьлура, царлахь: Кадыровс Кремлаца мах къийсар, Росгварде дехьаваккхар, йа Оьрсийчоьно тIамца оккупаци йинчу украинхойн латтанаш тIехь векала хIоттор. Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун дешнаш "хIинца а цхьанне агIор кхочуш ца хилла".

Гезгмашин-беттан 3-хь Кадыровс шен телеграмерчу канале цхьана минотехь эха минотехь йолу видео хIоттийра, ша оьрсийн губернаторшлахь дуьххьара ву оцу даржехь дукха хан яьккхинчарлахь, аьлла дозалла а деш. Шен къамелехь цо кавказхойн кица далийра, хьаша мел хьоме валахь а, иза дIавоьдуш а хаза хуьлу.

"Хетарехь, сан хан тIекхаьчна. Со цхьамма аракхоссале. Иштта ду хьал. Со къена волчух тера ду. Цхьана хенахь къона вара, корматалла йоцуш. Амма хIинца а ву корматалла йоцуш, къоналла а дIаяхана, цанхьа къайлаяьлла, хаац суна-м… Оцу гIуллакхна ойла йан дуьйладелла тхо. Тхайн хенахь дIадаха хьовсур ду тхо", - къадийра Кадыровс.

Шина дийнахь оцу постана кIелахь ткъе итт эзар сов реза болуш реакцеш гучуевлира. Кавказ.Реалиин республикера шина хьостанаша бахарехь, меттигерчу бюджетан хьукматийн белхахошна балхара дIабахарца кхерамаш а туьйсуш дихкина оцу постана "лайкаш", "дегнаш" хIитто – Кадыровн социалан машанашкахь уьш хIиттае бохуш декхаре бо рогIерчу хьолехь бюджетан белхахой. "Рамзан, дIа ма гIохьа", бохуш йозанашца посташ гучуюьйлура – иштта флешмобаш хIиттайора хьалха а, Кадыровс ша дIаваха дагахь ву бохуш дIахьедича.

Ша балхара дIавала мега аьлла мел-кIезга а доьазза къадийна Кадыров Рамзана. Иштта 2016-чу шеран чиллан-баттахь НТВ телехьожийлана интервью луш цо дIахьедира, "пачхьалкхан куьйгаллина кхин стаг каро веза": "Сан хан тIекхаьчна. Стеган цхьа барам хуьлу". Балхара дIаваьлча политик "шен а, доьзалан а дахаран гIуллакхаш дан а, бусулбан дин Iамо а" дагахь вара.

2017-чу шеран лахьан-баттахь "Россия 1" телехьожийлана интервью луш Кадыровс шен лаамех лаьцна дийцира – шен дарж охьадилла: "Со кIадвелла, йа болх бан ца лаьа эр дацара аса. Суна хетарехь, Нохчийчохь хийцамаш дан хан тIекхаьчна", аьлла цо, "Нохчийчохь къепе хIоттаран тIедилларш кхочуш дина", аьлла бух а балош.

2020-чу шеран дечкен-баттахь республикан куьйгалхочо шен белхан бакъонаш премьер-министре Хучиев Муслиме дIакховдийра, иза кхетийра цо "цхьана ханна болх балуш цахиларца", - оцу хенахь а дукхачу наханна хийтира иза дIавала мега аьлла.

ТIаьххьаре а лурчаха хиллачу аьхка республикан куьйгалхочо бегаш бира шен дарж дитарх лаьцна. Инстаграмехь йоьдучу эфирехь цо оцу хенахь 13 шо долчу шен кIанте элира оппозцин блогер Абдурахманов Тумсо лата кхайкха: "Хьоьх "гале" бохучо юьхь дуьхьал а хIоьттина хьуна еттахь, аса арз дийр ду республикан куьйгалхочун дарж дуьтуш. Иза цунна луург ду, вай иза кхочуш дийр ду".

Делимханов Адам
Делимханов Адам

Кадыров Рамзана керла дIахьедар дича эксперташа масех верси хьахийра цуьнга кховдо тарлучу даржех лаьцна: бусулбачу пачхьалкхашца юкъаметтиг лелоран лерина векалан дарж (политолог Минченко Евгений), Росгвардин куьйгалхочун (журналист, политик Шевчченко Максим, иштта цхьамогIа кхин спикераш), оккупаци йинчу Украинан латтанаш тIехь Путинан векал (политолог Журавлев Дмитрий). Амма дукха спикераш тешна бара, Кадыровн дIахьедарш – "федералан Iедалан транзит тIекхочучу хенахь хьал самсадаккха гIерташ" ловзарш дар ду, аьлла, вукхара элира, иза шен дуьхьалончашна тIехь "забарш" йар ду, иза тидаме эца ца оьшу.

Цунна тIаьхьа ван талучарах эксперташа шиъ вуьйцу: пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам – Украинерчу тIамехь доккха дакъа лаьцна цо, охан-баттахь Оьрсийчоьнан турпалхочун седа белла цунна, иштта климатан хийцамашкахула Оьрсийчоьнан президентан хьехамча Эдельгериев Руслан (Абубакар).

ДIакъасталур воцу Кадыров?

Путинан лаамца Кадыров Рамзанах коьртачу оьрсийн политикех цхьаъ хилла, аьлла хета политологна, "Либеральная миссия" кхеташонан декъашхочунна Жаворонков Сергейна.

"Цунна гуттра а пиар йо пачхьалкхан телехьожийлашкахула, хетало, Путин дIаваьлча иза цуьнан меттиг дIалаца гIертачехь цхьаъ хир ву – хаттар Конституцица луьстур ма дац, эскаран барамца луьстур ду, Кадыровн долахь иза долуш ду. Масалина кхузахь хьахо мегар ю Туркмени, Узбекистан, Казахстан", - дIахьедо эксперта.

Жаворонковс бахарехь, керлачу "Кремлан ламанхочун" кхерам таханлерчу Оьрсийчохь баккъала а лаьтташ бу, оьрсийн элита оцу хIуманна ойла йан лууш яцахь а.

"Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржера Кадыров дIавахча, цига цуьнан гергарстаг хIотто мега – масала, изза Делимханов Адам (Кадыровн верас – редакцин билг.)", - аьлла хета къамелдечунна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж доцуш вахалур вац Кадыров, цундела цуьнан дIахьедарш цхьа а политикан йозалла йолуш дац, тешна ву нохчийн оппозицин 1ADAT боламан векал Янгулбаев ИбрахIим.

Оцу тайпа дIахьедарш хIора денна до цо, шена тIе тидам бахийта лиъча

"Оцу тайпа дIахьедарш хIора денна до цо, шена тIе тидам бахийта лиъча. Ца оьшу кхузахь цхьа аппаратан ловзарш, Кремле сигналаш, шантаж, йа кхин бахьанаш леха. Хетарехь, цунна гонарчу цхьамма хаам бина Кадыровга, иза еххачу хенахь даржехь болчу губернаторшлахь хьалхарчу меттехь хилар, тIаккха важа видео дIаязйан хIоьттина. Комплексех воьттина волчу диктаторан къамелехь логика лехар эрна ду", - хета Янгулбаевна.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Росгвардин директор хIотто мега бохучух ойла ечу юкъанна къамелдечо тидам бо, оцу версин бух ца хилар: Кадыровна федералан дарж лург хир дац, хIунда аьлча цунна дуьхьалбевлла дуккха а политикаш, ницкъаллин хьукматашкара урхалхой бу. Цул сов, оцу даржана оьшуш йолу цхьа а куьйгалла даран говзалла яц цуьнан.

"Ша Кадыров, цуьнан го, доьзал, ур-атталла цуьнан ден естийна цIе а цо Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж дIалаьцна хиларна бен дац. Цуьнан барам боцу бюджет – иза бахархойн ахча ду, Росгвардин куьйгалхочун даржехь иштта атта даьхний лело йиш хир яц цуьнан, - дуьйцу Янгулбаевс. – Цхьамма боху, Кадыровс шена тIаьхьа вогIург а хIоттийна, ша кхин дIа а куьгалла дийр ду. Иштта болх ца бо цо, муьлххачу а диктаторна оьшу ша куьйгалла дан массочу хIуманна, иштта ца дахь система галъер ю".

Кадыров дIавахча Нохчийчохь элиташна юкъара девнаш дуьйладала йа протесташ чIагIъяала мега, иза аьттехьа оьшуш дац президентана Путинна – иза республикехь статус-кво ларъярехьа кхин а цхьаъ аргумент ю, чекхдаьккхина 1ADAT-н векало.

Кхечу гIанта тIехь вагIалур вац

"Кадыровн дIахьедарна нийса мах хадорхьама дерриг хьоле хьажа веза. Кремлана шантаж йан, йа шена цхьа пайда баккха дагахь вац иза. Коьрте йогIуш йолу, ца йогIуш йолу а преференцеш цуьнан йолуш ю – цунна шена Iенна а ца Iаш, цуьнан гонна а тIеIенаш бу совгIатех, чинех лаьтта седарчий. Кремло цунна луург луш ду цунна", - ойла йо "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочо Кутаев Руслана.

Iедале веъначу хенахь дуьйна Кадыров Рамзан билггал ницкъахо санна веана вара, урхалхо санна вацара. Контртерроран операцешна куьйгалла дан хIоьттира иза, инарлан чин кхечира цунна – дуьххьара МВД-н, тIаккха Росгвардин. Цундела иза цхьана ницкъаллин тобанера кхечу меттиге ваккхар хила тарлуш ду, аьлла хета Кутаевна.

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан Къоман гвардин эскаран Федералан сервисан директор Золотов Виктор а
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан Къоман гвардин эскаран Федералан сервисан директор Золотов Виктор а

Росгвардин директор Золотов Виктор тIеман министраллин дарже а хIоттош, Кадыров Росгвардин урхалле а хIоттош зорбанаша хьахийна йолу верси баккъала хиндолчух тера хета цунна. Путинца хиллачу цхьанакхетарехь Золотов Виктора Украинерчу тIеман тийсдаларехь дуьйцура ша оьрсийн эскарна куьйгалла деш санна. Цул сов, зорбанаша а, эксперташа а дIахьедо, министр Шойгу блицкриг кхачам боцуш йиссича Путинна генаваьлла, бохуш.

"Иза бакъ далахь, иза долийнарг Москва ю. ХIунда аьлча Кадыровна уггара атта хьал Нохчийчоьнан куьйгаллехь ду. Кхузахь цо хIора метр, хIора хилам куьйгкIелахь латтабо, кхечу дарже дехьаваккхаро баккхийра кхерамаш бахьа – цигахь вогIуш ца хила тарло иза. Зенделлачун а, Iилманан а тIегIа муха ю кхеташ ву иза, цундела иза дехьаваккха мегаш хиларо гIеххьа кхераво", - дуьйцу нохчийн жигархочо.

Президентан администрацехь, ницкъаллин хьукматийн куьйгаллехь дуккха а нах шеконашца хьоьжу Нохчийчоьнан куьйгалхочунга: дуьххьара аьтто ма-баллара иза хийцо кийча хир бу уьш, иза цунна хууш а ду, чекхдаьккхина "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьггалхочо.

Иза дехьаваккха мегаш хиларо гIеххьа кхераво

Кадыровс республикана куьйгалла до 2007-чу шарахь дуьйна. 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь цо ша республикан куьйгалхочун дарж охьадилла мега бохура, амма оццу гурахь юха а пхеа шарна хаьржира иза. Цул хьалха ша дIаваха тарло бохуш дIахьедира политико 2016-чу а, 2017-чу а шерашкахь.

Буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIоьртинчул тIаьхьа Кадыровх коьртачех цхьаъ тIеман пропагандхо хилира, цо сих-сиха йолахой тIаме хьийсорах даредо, президентана Зеленский Владимирна кхерамаш туьйсу. Цул сов оьрсийн эскархоша зарратан герз лелорг хилар тIедитира цо.

Кадыров масийттаза бехкевора адамийн бакъонаш талхорна, нах лечкъорна, шен критикаш байъарна жоьпалла цунна тIе а дожош. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал Американ, Европан санкцеш ю кхайкхийна.

2022-чу шеран дечкен-баттахь Кадыровс а, цуьнан гонара наха ЯнгулбаевгIарна биллина кхерамаш тийсира, уьш оппозицин 1ADAT телеграм-каналаца боьзна хета республикан Iедалхошна. Кремл реза ца хилира оцу гIуллакхна юкъа гIорта, амма регионан куьйгалхо Оьрчийчоьнан президентаца Чиллан-беттан 3-хь цхьанакхеттачул тIаьхьа Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера нах а ца хIутту ЯнгулбаевгIеран цIераш яха.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG