ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан адвокатийн палато статусах баьхна гIирмхойн политикан тутмакхашна гIодеш болу адвокаташ


Меганом мысехь вовшахдаьккхина маьждиг. Судак, 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 3-гIа де
Меганом мысехь вовшахдаьккхина маьждиг. Судак, 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 3-гIа де

Нохчийчоьнан адвокатийн палато адвокатийн статусех баьхна Гомеджи Лилия, Кямилев Рустем, Шейхмамбетов Назим а, - Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь болх а беш, политикан тутмакхан гIо латтош бара уьш. Шайн статус меттахIотторан экзамен шо даьлча бен дIаяла йиш хир яц церан.

Церан гIуллакхаш листина йолчу квалификацин комиссин кхеташоно дийцарш дарх лаьцна хаам ца бинера адвокаташка, - кхеташо хилале де хьалха цхьанга Гамеджига кхаьчнера хаам, дуьйцу "Новая газета. Европано" "Крысмкая солидарность" боламна тIе а тевжаш.

Шейхмамбетов Назимна хетарехь, бина сацам политикан бух болуш бу. "Кхаа адвокатийн статус дIаяккхар иза хилла доцург ду цкъа а. Аса адвокат болх бечу 8 шарахь, иштта ГIирмерчу белхан накъосташна а, оцу тайпа хIума гина дацара", - дIахьедина цо.

Нохчийчоьнан юстицин министралло куьйг тохарца бина и сацам. "Крымская солидарность" боламан арахецарца а догIуш, статус дIаяккхаран бахьанех цхьаъ хила мега, 2020-чу шарахь дуьйна нохчийн адвокатийн палатера адвокаташ ГIирмерчу палате дехьабаха гIортар – иза аьтто ца хуьлуш диссинера Нохчийчохь а, ГIирмехь а тяжгенаш лелорна.

  • Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси йиначул тIаьхьа республикехь гIирмтатархойн жигархошна а, Оьрсийчохь магийна йоцу бусулбачу динан агIонаш лелорна репрессеш юьйлаелира. Дуккха а оцу репрессех зенаш хилла болу нах Бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакхаш лаьрра.
  • Чиллан-баттахь Нохчийчоьнан кхелахойн коллегино бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран да Янгулбаев Сайди федералан суьдхочун статусах ваьккхира.
  • Охан-баттахь Къилбаседа-ХIирийчоьнан адвокатийн палато цхьамогIа къобалдира Оьрсийчоь Украине чугIортар, "пхоьалгIачу тобанера" оппозицихошна Оьрсийчу юхаберзар дехка, аьлла хьийхира цара.
  • 2021-чу шеран мангал-баттахь ГIебарта-Балкхаройчуьрчу кхаа адвокатана дуьхьало йира полисхошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх делла, цара бахарехь, низамхоша ницкъ бинера царна тIехь, шаьш ларвечунна тIекхача аьтто а ца луш – иштта, адвокатана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG