Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 300-400 эзар республикан бахархой Украинерчу тIаме хьажор хьехна – бахархойн дерриг терахьан доьалгIа дакъа ду иза.
Шен телеграмерчу каналехь регионан куьйгалхочо ша буса арахецначу аудиохаамехь Украинина тIелатарх "сатанизмана а, бусулба-керстачу нахана а юккъера тIом" олу, вовшашца берте хиларе а кхайкхина цо.
"Тахана уггар хьалха оха дин а, доьзалан мехаллаш… Миллион, ялх бIе эзар гергга бу вай (2021-чу шарахь Оьрсийчоьнан бахархой багарбича, Нохчийчоьнан бахархойн терахь 1,51 млн дара. – Ред. билг.). Царах кхо бIе, йа виъ бIе - суна-м хаац, тIаме хьажо мегаш болу мел божарий арабевр бу цигахь, - церан мел хан ю башхалла йац. Мухха делахь а, шу тахана военкоматашкахь хила деза, тахана тIомбечу хьукматашкахь", - дIахьедина Кадыровс.
Чеченстатан хаамашца, 2021-чу шеран чакхенехь регионехь 420 эзар пенсхо а, 551 эзар бер а дехара.
Кадыровхоша шайн штаб санна лелош хиллачу школана тIе Украинан тIеман ницкъаша тохар дарна де хьалха 40 гергга стаг вийна, 100 гергга лазийна. Цунах лаьцна дуьйцу украинхойн а, нохчийн а телеграмерчу каналаша, амма ВСУ-н Генштабо а, оьрсийн официалерчу хьукматаша а цунна цхьа комментари ца йина.
Украинехь байъинчу 140 Нохчийчуьрчу бахархойн цIерш евза Кавказ.Реалиина – официалехь бохучул а масийттаза дукха ду иза.
- ГIадужу-беттан 21-хь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Украине рогIера "лаамхой" хьажорах чот йира. Амма цул а де хьалха гучуделира, Кадыровн кхиазхойн хенаш йолу бераш оккупаци йинчу украинхойн меттигашкара юхадаьхкина хиларх, цигахь масех де даьккхина хилла цара.
- Оьрсийчохь юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийча гезгмашин-беттан 21-хь Соьлжа-ГIаларчу тIамна дуьхьал йолчу митинге арабевлира масех иттанаш зударий. Дуьххьара Iедало харцдора акци кечъеш ю бохург, амма тIаьхьо протестхой дIалацар тIечIагIдира ша Кадыров Рамзана.
- Кху шарахь Нохчийчуьра кхечу пачхьалкхашка дIабахана, стохкалерачу оццу муьрца дуьстича, кхоазза сов бахархой. Меттигера бакъоларъяран организацеша дуьйцу миграцин керлачу тулгIенех – амма массеран а аьтто ца хьулу дIабаха.
- Бакъонашларъярхоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаребечаарлахь заьIапхой а, кхел йина нах а бу бохуш. Кегийрхой лечкъабо регионехь, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш, тIемаш бечу меттигашка дIахьийсабо, йа кIелхаьарбовлуьйту даккхий ахчанаш делча, чIагIдора оппозицин нохчийн 1ADAT боламо а.
- ТIом болабелла масех де даьлча волавелира Кадыров Украинина кхерамаш тийса. Масала, цунна дуьхьал зарратан герз лелоре а, "ерриг гIаланаш схьаяхаре" а кхойкхура цо.