ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан кхерамазаллин кхеташонан экс-куьйгалхочунна Алаудиновна дуьхьал санкцеш йаьхна Польшо


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Польшо къоман санкцийн тептаре ваьккхина Нохчийчоьнан кхерамазаллин кхеташонан хилла волу куьйгалхо, полицин инарла-майор лаьттина волу Алаудинов Апти. Де хьалха "Варшавехь оьрсийн байракх олларх" лаьцна къамел динера цо.

Польшо шайна дуьхьал санкцеш йаьхначу оьрсех 17-гIа ву Алаудинов, йаздо Rzeczpospolita хьостано. МВД-но хIоттийначу тептаре ваьккхира бизнесмен Дерипаска Олег, Фридман Михаил а. Цул сов, польшхойн санкцеш 35 оьрсийн юридикан цхьанакхетараллашна дуьхьал йаьхна.

Йерриг активаш гIорайо оцу санкциша, муьлхха а ресурсаш йаларна а, оцу дехкарех чекхвала гIертарна а дуьхьало йо. Иштта Алаудинов Польшин дозанехь цахилар бакъхьа хилар дIакхайкхийна.

Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь болх беш йолчу НТС телехьожийлана йеллачу интервьхь Алаудиновс хьехнера, Украинехь, кхечу пачхьалкхашкахь, къаьсттина Польшехь, оьрсийн байракхаш ихкар. "Киевехь вайн байракхаш ихкарца тIелаца беза вай толам. Кхин дIа и дан догIу Варшавехь, НАТО-н йерриг блокехь а, тIаккха, тIаьххьаре а, шайтIан монстр йолчу Американа а бохам хила беза", - дIахьединера цо.

2014-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре вазвира Алаудинов Апти. ТIаьхьо цунна дихкира Латви ван а. 2020-чу шарахь санкцеш йехира нохчийн ницкъахочунна дуьхьал Британино а.

  • Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хилла гIовс, "Ахмат" лерринчу декъан командир Алаудинов Апти сепаратистийн халкъан "ЛНР-н" милицин 2-чу армин корпусан командиран гIовс хIоттийна. Иштта инарла-майор чин а делла цунна. Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчан статус Алаудиновгахь йуьсур ю, хаамбина шен телеграм-каналехь мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. Цул а де хьалха Кадыровс куьгйаздира Нохчийчоьнан экономикан а, юкъараллин а кхерамзаллин секретаран даржера Алаудинов дIавоккхучу омрана.
  • Кадыровн рожан критикаша дIахьедира Кавказ.Реалиига, Алаудинов тIамтIе ваханера "бехкех цIанвала" - Кадыровна хьалха "бехк дIабаккха", "Новая газетан" хаамашца, 2019-чу шарахь "забар йеш, Кадыров Рамзанан суьртана тIара тохар" дара цунна дуьхьал даьккхинарг. Алаудиновс дохку бехкаш харцдира, "сох лаьцна и боьха хIуманаш яздийриг схьакарор ву, жоп а доьхур ду" аьлла, видео дIаязйира цо.
  • Марсхьокху-беттан юьххьехь, бутт хьалха нохчийн Совбезан секретаран дарже ваьккхинчу Алаудиновна, Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира.
  • Марсхьокху-беттан 25-чохь Украинан кхерамзаллин Урхалло шеконашка ийцира Алауидинов Украинан цхьаалина тIекховдарна а, цуьнан бух бохон гIортарна а. Дуьйцург ду зазадокху а, охан а беттанашкахь Алаудиновс Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалацар, "Ахмата" Рубежныйхь а, Кременнойхь а, Северодонецкехь а лелочунна тIехь куьйгалла а деш.
  • 2017-чу шарахь "Новая газето" зорбане баьккхира, Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППС полкан ларми чохь 27 стаг верах шаьш бина таллам. ГIирсан хаамашца, нах бойъучу оцу дийнахь тIеман декъан дозана тIехь хиллера Алаудинов.
  • Бакъоларъярхойн хаамашца, 2015-чу шарахь чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс ша волчу заманчохь Алаудиновс Iазапаш хьегийтинера харц бехкана тIехула лаьцна валийначу оппозицин жигархочунна Кутаев Русланна тIехь. Ша вуьйр ву бохуш, Алаудиевс шена кхерамаш тийсарх хаийтира иштта дагестанхойн жигархочо Джалалдинов Рамазана а.
  • Цул совнах, "Грозный" ЧГТРК-н эфирашкахь массарна а гуш Кадыровн критикаш сийсазбеш юкъара хилла ву Алаудинов. Цхьана къамелехь шен куьйгакIел болчарна тIедожийра цо, "террорхочух а, экстремистах а тера волчу" хьанна а тIехь "хIуъа а дан мегар ду" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG