Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржехь Кадыров Рамзанан алапа баттахь ду 282 655 ду, йа шарахь аьлча- кхо миллион ахмиллион, аьлла ду официалан документаци тIехь (копи КавказРеалиин редакцихь ю). Оцу юкъанна марсхьокху-баттахь хаамбора, Украинаца болчу тIамна Кадыровс 20 миллиард сом дайина, стенгара даьлла ду ахча дуьйцуш дацара.
ГIадужу-беттан 4-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIечIагIдинчу омрана тIехь къаьстина махкара кхечу хьаькамийн алапех а. Кадыровна тIаьхьа уггар дукха алапа оьцург ву регионан премьер-министр Хучиев Муслим – 214 765 сом. Зорбане баьхначу хаамашца, уггар кIезиг алапа кхочу берийн бакъонаш Iалашъян векал винчу Хирахматов Хьамзата – 28 эзар сом 135 сом.
2020-чу шеран гIадужу-баттахь изза Кадыровн омрана тIехь хиллачу алапе хьаьжча, хIетахь дуьйна цуьнан алапа кхиъна кхозза, цу хенахь оьцура цо 209 эзар сом баттахь. Официалехь тIебогIу пайда алсамбаьлла иштта документа тIехь билгалбаьхначу Нохчийчоьнан хьаькамийн.
Республикехь юккъерчу барамехь аьлча официалан алапа ду 2022-чу шеран товбеца-баттахь 34 эзар сом.
- Декларацица а догIуш, Кадыровн алапа коьрта тIебогIу пайда хилла ца Iа. 2021-чу шарахь деклараци тIехь цо дIаяздинарг ду 26,5 миллион сом, 2020-чу шарахь 381 миллин. Ахча даьлла меттиг буьйцуш бац.
- Хьалхо 2021-чу шеран Нохчийчоьнан парламентан депутаташа зорбане бехира шайн бахамах а, тIебогIучу пайдех а хаамаш. Парламентан спикеро, республикан куьйгалхочун уллорчух цхьаммо Даудов Мохьмада дIахьедира 3,2 миллион соьмана пайда хиларх, ткъа цуьнан хIусамнанас даьккхинера 419 эзар сом. ДаудовгIеран цIартIехь бац цхьана а кепара бахам, бакъду уьш бехаш бу 350 а, 718 а квадратан метаршкахь шина цIа чохь. 11 бер ду доьзалехь.
- Культурин министр хIоттийначу Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIана Кадырова Iайштана тIебогIу пайда 2021-чу шарахь 50-зза алсамбелира – 44 миллионне кхаччалц. 23 шо долу хьаькаман а, цуьнан куьйгакIел волчу хIусамден а долахь йоккха гIишло ю.
- Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло Украинерчу тIамца доьзна санкцеш кхайкхийра Нохчийчоьнан кьуйгалхочунна а, цуьнан доьзалера кхин а масех стагана а. Керла дозанаш тохар хьакхалур ду Кадыров Рамзанан бизнес-интересех а, Гергарчу Малхбалерчу цуьнан репутацих а аьлла хетта Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташна.