ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Iарбойн Эмираташкара тоьлла вилла карийна журналисташна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан долахь тоьлла вилла ю Дубайхь. ГIарбаьллачу пальман куцехь боьттинчу гIайранна тIехь ю иза, Zabeel Saray Royal Residences at Palm Jumeirah цIе йолчу отелан юкъайогIуш ю иза 21 номерца.

Юккъерчу барамахь оцу тайпа лулара виллаш цхьана денна аренде оьцург кхоъ эзар доллар гергга мах бу (долара хIусам оьцуш цунах боьху мах буьйцуш бац). Кадыровн вилла – оцу отелехь уггар йоккхачех цхьаъ ю, дуьйцу "Украинская правдан" талламехь.

Хьостанаша хаамбо, тоьлла хIусамаехь гуттара вехаш 3-4 Нохчийчоьнан куьйгалхочун хадарха ву, ткъа гIишлонна тIехь тидам беш Iарбойн а, бусалба а пачхьалкхашкара Кадыровн векал Даудов Турко ву.

Кхузахь сих-сиха гучубуьйлу, суьрташ доху хьаькаман уллора наха: масала, "СОБР Терек" тобанан лакхара эпсаро Таймасханов Заура, пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама, лаккхара ОАЭ-н хьаькамаша а.

Журналисташа тIе тидам бахийтина, хьалхарчу ранган хьаькаман вилла Кадыровн уллорчу а, цуьнан шен а суьрташкахь гучуйолура 2014-чу шарахь дуьйна – цигахь яьхна цхьахйолу видеош ур-атталла "Грозный" телеканало гIаръяьхна а яра.

Публикан онлайн радарашна тIе а тевжаш билгалдоккху, 2021-2022 шерашкахь шен доларчу Airbus ACJ3I9 кеманца Кадыров Вовшахтоьначу Iаьрбойн Эмираташка мел кIезга 14-за вахана, тIаьххьара цуьнан хьошалла дар Чиллан-беттан 26-хь хилла. Иштта гIардаьхна ду Кадыровн доларчу кеманна чохь даьхна суьрташ а. 80 миллион доллар доьху хIаваъан кеманан дизайнна тIехь болх бина дуьненарчу уггара езачу комнех цхьамма - Британера Winch Design.

Оьрсийчоьнан верриг а хьаькам чуяла декхаре волчу тIедолу ахчан декларацица догIуш, 2020-чу шарахь Кадыровс официалехь даьккхина 381,1 млн сом. Регионийн куьйгалхошкахь уггара хьал долчех цхьаъ хилла иза – рейтингехь цулла бухахь базбинчу итт губернаторийн вовшахтоьхначу ахчал дукха ду цуьнгара хьал.

  • Кадыров рогIерчу хенахь дIасалела Airbus ACJ3I9 кемано шен регистраци хийцира, амма Нохчийчу а, дозанал арахьа а лелар ца сацийра цо, авиазIенаш къевлина ялахь а.
  • Билгалдаккха догIу, VQ-BVQ бортан лоьмар йолу Airbus A3I9 кема 20I8-чу шарахь дуьххьара гучудаьллера, иллиалархочо Тиматис цуьнан салон чохь даьккхина сурт зорбане диллича. Шен "вешин" ду хIара кема аьллера цо хIетахь, дагахь Кадыров а волуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG