ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан парламентан спикеро бехк баьккхина социалан машанашкахь хан йойучаьргара


Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада шога критика йина социалан машанашкахь хан йойучу мехкан бахархошна, "Тик-Ток" къаста а еш. Инстаграмерчу шен агIонехь дIахьочу эфирехь дина хьаькамо оцу кепара дIахьедар.

Даудовна ца тайна, нохчийн кегийрхой машанехь бевзаш боцучу шайн махкахошца-зудаберашца къамелашкахь хилар, "къоман ламасташца догIуш дац иза" боху цо. Спикеро кхерам тесна, социалан машанашкахь хан йойучарна, республикан Iедалша "оцу кепара социалан машанашкахь лелар" могуьйтур дац аьлла. Кегийрхойн министраллан урхалхочунна тIедиллина цо, "леррина терго йе оцу гIуллакхан" аьлла.

"Цкъа хьалха оха кхетор бу, ишта лела мегар дац аьлла, шозлагIа дIахоуьйтур ду, вайн кегийрхошна иза маггане а могуьйтур доцийла, тIаккха а ца кхетахь, уьш совцалур бу тхоьга", - дIахьедина Даудовс.

Парламентан спикеро билгалдаьккхина, тIаьххьалц шена хууш цахиларх, и тайпа социалан маша буйла, цо чIагIо йина, и хаттар "шен тергоне эца".

  • Хьалхо дийца даьккхира, Даудов Мохьмада инстаграмехь бинчу кхайкхамехь дIахьедарх, Лондонехь вехачу Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министран Закаев Ахьмадан гергарчаьрга ма-дарра "дуьйцуьйтур ду иза муха стаг ву" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG