Украинан кхерамзаллин сервисо бехкзуламан гIуллакх долийна Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адамна дуьхьал. Иза бехкево пачхьалкхан Зуламан кодексан шина къепехь: Украинан дозанаш хуьйцуш гIоьналла дарна а, Оьрсийчоьнан тIеман агресси къобалйарна а.
Доккхачу декъанна Делимханов бехкево, "Азовстальна" штурм йеш республикера чудалийначу эскарийн буьйралла дарна Мариуполь схьайоккхуш. Иштта депутат бехкелору шен телеграм-каналашкахула Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан пропагандистийн видеош йаржорна, царна тIехь вукхо къобалйора Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал йолийна агресси.
"Хьаькам иштта Кадыровн уллорчу гонера ву. Цуьнан омраца чугIоьртинчу юьххьехь Делимханов кхечира ханна оккупаци йинчу Донецкан кIоштарчу декъа тIе", - аьлла ду СБУ-н публикацихь.
Урхалло билгалдоккху, Делимханов жоьпалле кхойкхуш кхин дIа а комплексан барамаш дIахьош бу аьлла.
ХIокху хаамна комментарий йина Делимхановс шен телеграм-каналехь. Цо дIахьедина, "цавашарца" дийшира ша цунах лаьцна, Нохчийчохь лелочу пропагандица йогIу тезисаш элира цо. Оцу юкъанна ша зуламашна бехкехатарх шеконаш йайа ца гIоьртира иза.
Хьалхо Украинан кхерамзаллин сервисо талламболийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонах, иза бехкево кхаа Iедалан къепехь: агрессица тIом болорна а, дозанан цхьааллина тIелатарна а, Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно йолийна агресси къобалйарна а.
- Украинан кхерамазаллин сервисо (СБУ) дIакхайкхийра Мартынов Даниилах а, Межидов Хьусейнах а шайн шеконаш хиларх. Мартынов – Оьрсийчоьнан ФСБ-н хилла белхахо ву. 2017-чу шарахь Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин хьаькаман гIовс хIоттийра иза. Киевн кIоштара Бородянскан психоневрологин интернатера зазадокху-беттан юьххьехь 500 гергга закъалтхо лацарна.
- Марсхьокху-баттахь Украинан кхерамзаллин сервисо дозанан цхьаалла йохон гIортарна а, тIекховда йиш йоцчу махкана тIелатарна а шеконаш ю аьлла, цIе йаьккхира Алаудинов Аптин, тIемаш бечу сепаратистийн "ЛНР-н" халкъан милици олучу эскаран 2-чу корпусан куьйгалхочун гIовсан. Товбеца-баттахь Оьрсийчоьнан Турпалхо аьлла седа белира Алаудиновна "ЛНР-н" а, Украинан а дозанаш тIехь турпалалла, доьналла гайтарна, ткъа Кадыровс Нохчийчоьнан Кхерамзаллин Кхеташонан секретарь вира цунах.