ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьно сагIина лоьрийн 2 машен елла йозуш йоцу пачхьалкх ша лоручу Абхазина


Бутба Эдуард а, Хамзатов Саид-Хьусейн а
Бутба Эдуард а, Хамзатов Саид-Хьусейн а

Ша йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхийначу Абхазина гIоьнна дархошна сихха лоьрийн г1о т1екхачо 2 машен елла Нохчийчоьно. Цунах лаьцна хаам бо Эхо Кавказа сайто.

Машенаш дIалуш церемони хилла Псоу хинца долчу дозанехь. Абхазхойн могашаллин министре Бутбе Эдуарде церан догIанаш Нохчийчоьнан дIаделла Краснодаран махкахь волчу векало Хамзатов Саид-Хьусайна.

Цо дийцарехь, "коронавирусан уьнца доьзна дерриг дуьнентIехь долу хьал тидаме а эцна сацам бинера ца абхазхойн халкъана белш гIорто".

"БIешерашкахь лелийначу ламасташца а, бартаца а, вежараллица а доьзна ду тхо вовшашца", - билгалдаьккхина Хамзатовс.

"Апсныпресс" хаамийн агенталло яздарехь, оьшуш долу кехаташ дIанисдинчул т1Iаьхьа лоьрийн машенаш дIалур ю республикерчу дарбанан хIусамашна.

  • Официалан болчу хаамца, тIаьххьарчу дийнахь-бусий керлачу 90 стагана коронавирусан ун даьлла хилар гучудаьлла Нохчийчохь. Абхазехь и терахь ду -43.

Текстана юкъахь хила мега ша йозуш йоцу пачхьалкх лоручу Абхазехь лелаш йолу терминологи а, топонимаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG