ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчу баьхкина болу америкхойн UFC-н латархой гранатомет кхийса полигоне бигина


ММА-н латахой Камару Iусман, Гейджи Джастин, Сехудо Генри Нохчийчохь бу. 2022-чу шеран лахьан-бутт. ЧГТРК "Грозный" сюжетера скриншот
ММА-н латахой Камару Iусман, Гейджи Джастин, Сехудо Генри Нохчийчохь бу. 2022-чу шеран лахьан-бутт. ЧГТРК "Грозный" сюжетера скриншот

UFC-н цхьанатоьхначу летаршкахула болу спортхой Нохчийчу балийна: экс-чемпион Камару Iусман, цхьана хеначохь толамхо хилла волу Гейджи Джастин, иштта экс-чемпион Сехудо Генри а. Шайх лаамхой олурш кечбеш йолчу Гуьмсарчу Оьрсийн спецназан университете бигира уьш, тIаккха гранатометехула герз кхийсийтира цаьрга.

ЧГТРК "Грозный" пачхьалкхан канало арахийцира цунах лаьцна репортаж. Спортхошна экскурси йира, герзаш гайтира, пулеметехула, гранатометехула герз кхийсийтира. Журналисташа бахарехь, "латархой цецбевлла биссира".

Хьалхо спортхой Оьрсийчу бахкарх дийцира дагестанхойн блогера Магомедов Хасбулас (Хасбик олу цунах). Латархой Нохчийчохь болуш даьхна суьрташ, видеош арахийцира цо шен блогехь – царна тIехь, масала, спортхоша Майк Тайсон декъалво шайн дезачу денца, тIаккха Кадыров Рамзанан берашца цхьанакхета уьш. 15 шо долчу Кадыров Элин аккаунтехь арахецна видео йу, Гейджица цхьана сальто йеш гойтуш. Социалан машанашкарчу тематикан форумашкахь йаздо, ММА-н латархой доларчу кеманца баьхкина Нохчийчу бохуш, тахана Дагестане кхача дагахь а бу уьш. UFC-хь цкъачунна комментари ца йина шайн спортхой Нохчийчу бахарх лаьцна – оцу республикан куьйгалла Американ а, цхьамогIа Европера а пачхьалкхийн санкцешна кIелахь ду.

Гейджи а, Сехудо а дуьххьара веана Нохчийчу, Iусман республикехь хилла ву 2020-чу шеран лахьан-баттахь – оцу бахьанца малхбузерчу журналисташа критика йира цунна.

  • Нохчех схьаваьлла оьрсийн боксхочо Бетербиев Артурера бехк баьккхира The Guardian газетан журналисташа, цо Американ санкцешна кIелахь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца йуххера йукъаметтигаш лелайо аьлла. ГIирсано дагадаийтина, 37 шо долу Бетербиев Канадан вахархо ву, цигахь веха, кечамаш до, болх бо, амма Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу вогIу хIинца а, цуьнца суьрташ даха а, совгIаташ схьаэца а. Масала, дахначу шарахь Бетербиевна республикера "Мерседес-Бенц" кховдийра, иштта "Соьлжа-ГIалин лараме вахархо" аьлла чин а. Америкехь масийттаза тийсвелла волчу спортхочо санкцеш йохор санна тIелаца мега цуьнца йукъаметтиг кхин дIа а лелийча, дIахьедира зорбано.
  • The Guardian-о иштта дагадаийтина, Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалахь шортта гIарбевлла латархой гулбина хилар – масала, Майк Тайсон, Флойд Майвейзер.
  • 2018-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьанакхетарна критика йира Мисаран футболан тобанан седана Мухьаммад Салахьна.
  • Кадыровна уггара юххерчех цхьа спортхо ву Швецин вахархо, UFC-н латархо Чимаев Хьамзат. Иза сих-сиха Кадыров волчу лестарал совнаха, 1ADAT оппозицин телеграмерчу каналан хаамца, Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионерчу юкъараллин фондан чоьтах шена зуда ялаяйта реза хилла. Чимаевна зуда ялор Соьлжа-ГIалахь хилира – боьдуш тIом а болуш, дуккха а хьешашца даккхийра даздарш хIиттор официалехь а доцуш дихкина хиллехь а. Кхайкхинчу нехан тептарехь ша Кадыров хилла а ца Iаш, цуьнан гергара нах а, гонахьа мел-верг а хиллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG