ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а мухIажарш Босни а, Герцеговине а чу ца битина


Сараевон аэропортан хIусамчуьра кор, цу чохь латтош бу мухIажарш, 2022-чу шеран гIуран-беттан 29-гIа де
Сараевон аэропортан хIусамчуьра кор, цу чохь латтош бу мухIажарш, 2022-чу шеран гIуран-беттан 29-гIа де

Боснин а, Герцеговинан а шахьарара Сараеверчу аэропортехь латтош ву Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а 20 гергга мухIажар. ТховкIело лоьхучара бахарехь, Украинаца тIаме хьийсон мобилизаци бахьана долуш Оьрисйчуьра арабевллера уьш. ГIуран-беттан 28-чохь дозанхоша дуьхьало йира царна чубахка, уьш шаьш долчу баьхкинчу Туркойчу юхахьовсон дагахь бу.

Шен цIе ца йаккхар дехначу цхьахволчу мухIажаро Кавказ.Реалиига ма-дийццара, цуьнан доьзал Туркойчуьра кеманца кхаьчна Оьрсийчоьнан бахархошна виза ца оьшучу Босни а, Герцеговине а. Лор болх бечу шен хIусамнанна тIекхойкхуш тIеман комендатурера кехат ма кхаччара, сацам бира шаьш боху цо Оьрсийчуьра маса дIадаха.

"[Дозанхоша] тхоьга хаьттира, мича Iалашонца даьхкина аьлла. Оха элира, туристаш санна доьлхуш ду, тхайн цхьана а кепара проблемаш ца хилийта.[...] ХIора стеган цIарах чоьтехь 75 евро хила деза шуьгахь элира тхоьга. Цхьана дийнахь сан берана хIун оьшу 75 евро? Оха тхайца схьадеана кегийчу берийн худар дуу цара. Царна цIийдина хи бен кхин оьшуш хIума ма дац. Боснихь [Герцеговинехь а] тхан лаьцна хьешан хIусам йара, Туркойчу юхадаха эцна билеташ а дара дечкен-беттан 10-чу денна", - дийцина Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

Сараевон аэропортехь берашца нохчийн доьзал чохь латтон хIусам
Сараевон аэропортехь берашца нохчийн доьзал чохь латтон хIусам

Цуьнца цхьаьна, цо бахарехь, сацийна кхин а масех стаг, царна хIоранна а цхьацца бахьанашца дихкина пачхьалкхе бахка. Хорватихь тховкIело йеха дагахь хиллера уьш массо а.

Дукха ца Iаш совцийначаьргара паспорташ а, кхиндолу кехаташ а дIадехира, цул тIаьхьа аэропортан дозана тIера "гIишлошйаран контейнер" чу боьхкира – корашкахь цаца а болуш, шийлачу хIусаме. Кавказ.Реалиица къамелдинчо чIагIдо, хударш кечдан цхьа шой ахшой долчу берашна къехкийна хи а ца делира бохуш.

Сараевон аэропортехь мухIажарш совцоран бахьана ду элира Боснин а, Герцеговинан а Дозанхойн полицин директоран хьехамчас Хофман Свевлада "кехаташ таллар". Свобода Радион Балканан сервисана йеллачу комментарихь цо хаамбира, церан "Босни а, Герцеговине а баха лаам хиларан бахьанаш толлуш, зуьйш ду" аьлла.

Боснин а, Герцеговинан а Хорватица долчу дозанехь, хьалхо Маршо Радионо хаамбарца, лаьтташ ву 60 гергга берашца нохчийн мухIажар. ТIаьхьо Свобода Радион Балканан сервисо йаздира КПП-н пунктехь 30 стаг ву аьлла, билгалдаьккхира, шаьш мухIажарша дийцарехь, кхин а бIе гергга махкахой бу дозана гергарчу Велика-Кладуша гIалахь. Цаьргахь масаьргахь а Оьрсийчоьнан паспорташ ду, чIагIдо журналисташа.

Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло иштта тIе ца дитина, нохчийн мухIажаршца къоман а, динан а билгалонашцап дискриминаци лелайо бухург а, дозанехула дехьабовлар дозанхошна юкъахь "цакхетамаш" хиларца доьзна ду бохург а, цунах лаьцна хьалхо дIахьединера Боснин а, Герцеговинан а кхерамзаллин министро Цикотич Селмос.

  • Европехь куп тоьхначу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино гIуран-беттан 26-чохь хаамбира, Боснихь а, Герцеговинехь а нохчийн мухIажаршца дискриминаци лелош хиларх. Оцу пачхьалкхера араболу масех доьзал Iоттабеллера проблемех, царна Туркойчухула Оьрсийчу депортаци йан тарло, чIагIдо бакъонашларйархоша.
  • Лахьан-беттан юьххьехь дийца даьккхира Хорватихь иттаннашкахь нохчий лецна аьлла. "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь ма-дийццара, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбина, кхерамаш тийсина, сийсазбина аьлла. Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш бора, миграцин набахтен белхахоша шайца хIуьттаренаш лелорах а, иштта лоьраш шайна тIе ца битарх а.
  • Австрерчу депортацин набахтехь Нохчийчуьра ши вахархо ву латтош, военкоматера тIекхойкхуш кехат кхаьчначул тIаьхьа веддера и шиъ. Хорвати юхахьажон кечвеш ву и шиъ, цигара Оьрсийчоьне дIавала. Царна тIехь кхел хIинцале а йина ю, вердиктах хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG