ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра а, Украинера а Оьрсийчоьнан тIемаш – стенца терадогIу уьш?


Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран Чиллан-беттан 1-гIа де
Соьлжа-ГIала, 1995-чу шеран Чиллан-беттан 1-гIа де

ХIаллакйинчу Украинерчу гIалийн суьрташка а хьоьжуш, хала ду 1994-1996-чу шерашкахь Нохчийчохь хиллачуьнца терадогIурш ца леха. Ах миллион стаг веха Соьлжа-ГIала хIаллакйина, дIаяьккхинера, байъинера, тIепаза байнера иттанаш эзарнаш нах, йохийнера фабрикаш, заводаш. Ярий Нохчийчуьра тIом Украинерчу тIеман хьалхе? ХIун башхаллаш ю оцу тIемашна юккъехь? Оьрсийчоьнна муха юхадоьрзур ду тIемаца рогIера чугIортар? Уьш а, кхиндолу хеттарш а историка Вачагаев Майрбека делира Британерчу политологе, яздархочунга Томас де Ваале.

Tomas De Waal
Tomas De Waal

Малбузехь Кавказан тематикан тIелаьцна эксперт лоруш ву Томас де Ваал. Цо еххачу хеначохь болх бина Оьрсийчоьнан къилбехь а, Кавказан тIехьарчу мехкашкахь а, тIом болабалале Нохчийчу бахка буьйлабеллачу арахьарчу журналистийн декъехь вара иза.

Малбузехь Кавказан тематикан тIелаьцна эксперт лоруш ву Томас де Ваал. Цо еххачу хеначохь болх бина Оьрсийчоьнан къилбехь а, Кавказан тIехьарчу мехкашкахь а, тIом болабалале Нохчийчу бахка буьйлабеллачу арахьарчу журналистийн декъехь вара иза.

Конфликт йоьдучу юкъанна, шен белхан накъостаца Голл Карлоттица цхьаьна Ваал федералан ницкъашца вовшахкхетара, тIе ца эцначу Ичкерин политикан а, тIеман элитан а хьалхарчу нахера интервьюш оьцура. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан юккъерчу тIамах кхета луучу нехан таллам баран объект хилира церан репортажех. Британерчу политологан публикацеш а, Ичкерин цхьахволчу хьалханчан, Лондонерчу Закаев Ахьмадан хьокъехь кхелехь цо делла тоьшаллаш а бахьана долуш Оьрсийчу ваха виза ца елира цунна.

Томас де Ваалан, Голл Карлоттан а "Нохчийчоь: толаман жима тIом" цIе йолу книга Британерчу ешархочуннеа лерина араелира 1996-чу шарахь, шо даьлча Америкехь арахийцира "Нохчийчоь: Кавказера бохам" цIарца. Репортеран дика болх бу аьлла, Джеймс Кэмеронан совгIатца билгалъяьккхира яра книга.

- Томас, ахьа хьайн профессионалан гIуллакх нохчийн тIамехь журналист волуш долийна. Иза хьан оцу тайпа дуьххьара болх бу, йа ишттачу тIеман конфликташкахь болх баран зенделларг дара хьан?

Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, 1995-гIа шо
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала, 1995-гIа шо

- ХIаъ, баккъала а, иза сан дуьххьара конфликтан зоне вахар дара, амма, ала догIу, цул хьалха шозза Нохчийчу ваханера со, цундела республикера хьелаш девзаш дара суна. 1994-чу шеран Дечкен-баттахь вара со цигахь, юха аьхка а вахара, дуьххьара оппозици Iедал дохон гIертачу хенахь. Цул тIаьхьа герзашца йолчу конфликташца бара сан болх, амма иза дуьххьара ду сан тIом боьдучу меттехь нисвалар.

Ур-атталла масех шо даьлча а дукха говза тIеман журналисташа а дуьйцу соьга, шайна гина хиллачу дерриг тIемашна юккъехь, нохчийн тIом уггаре кхераме бара, бохуш.

- Муха бара хьан дуьххьарлера битамаш?

- Конфликто оцу сохьтехь мохк а, меттиг а хуьйцу. Уггара чIогIа суна хилла битам бу, маьрша дахар хиллачу меттехь, бераш школе лелаш, ткъа наха шайн рогIера гIуллакхаш дечу меттана тIом а болалой, дерриг хийцалуш: гIишло юху – адамаш уьду, адамаш кхелха, божарша тIом бо. Дера бу иза уггара кхераме битам, иштта Нохчийчохь а чIогIа хийцаделла политикан дахар.

Кхераме дерг ду – оьрсийн хьалханчаш жоьпе ца озор а, царна шайша пачхьалкх хетар а

Ас эра дара, [Ичкерин дуьххьара президент ДжовхIар] Дудаевн йоллу авторитет яйра Нохчийчохь. Суна хетарехь, дукха нах реза бацара алапаш ца даларна, хIусамашкахь йовхо ца хиларна а. Ас къамел динчу дукхачу наха латкъамаш бора, уьш безам байна хуьлура.

Амма оьрсийн эскарш чудаьхкича, хетарехь, берриг аьлча санна нохчий, оцу чугIортарна дуьхьала бара, ткъа Дудаев цхьана ханна хиллехь а, амма Москван тIелатарна дуьхьало яран хьалханча вара. Суна хетарехь, тамашена делахь а, 1994-чу шеран Дечкен-беттан 11-чу дийне кхаччалц Нохчийчоьнан аьтто бара Оьрсийчоьнан дакъа хила. Амма эскархой республике чубаьхкича, иза дIахедира. ТIамо дира цунах Оьрсийчоьнах дIахаьдда дакъа.

- 28 шаре ца кхоччуш хан яьлла, оцу хиламех йолу хьан ойла хийцаеллий?

- Кхин башха хица а ца елла. Иза цхьанне оьшуш боцу зуламан тIом бара. Москвана оьшучун нисса дуьхьала эффект йира цо, - иза дуьххьарчу дийнахь дуьйна гуш дара. Нохчийчоьнан бохам бара иза.

- Голл Карлоттаца ахь Британехь дуьххьарчех цхьаъ книга язйира оцу тIамах лаьцна, тахана и болх тоьллачех цхьаъ лоруш бу. Оццул хан яьлча шеконашкахь хуьлий хьо, язданза цхьаъ диссина, цхьаъ тIетоха дезара бохуш?

- Бакъдерг аьлча, оцу тайпа коьрте хIумма а дац оха ца хьахош дитина. Книгин британхойн цIаро ("Нохчийчоь: толаман жима тIом"), халахетахь а, чIогIа дагатуьйсу Украинера тIом. Голл Карлотта чIогIа майра тIеман журналист ю, цунна Нохчийчуьрчу тIеман коьрта хиламаш гина, шен декъехь Буденновскехь закъалташ лецар а, Первомайское йоккхуш тийсадаларш а, Соьлжа-ГIалина тIелатар а.

ТIом болабалале хилла со Нохчийчохь, суна оьрсийн политикаш бевзара, суна а Карлоттана а уггаре коьрта хиламаш гина. Тхан довзар хилира – президент Ельцин Борис виссалц – оцу тIеман шинне агIора коьртачу хьаькамашца. Цундела ма-дарра дийцар нисделира цунах.

Амма, тхан аьтто ца белира, и тIом дIабаьлча кхинаш хирг хилар: Гуьржийчохь, ГIирмехь, Донбассехь, хIинца долу керла чугIортар а. Амма оцу хенахь, Нохчийчохь аьтто бацара и конфликташ хир ю аьлла коьрте дан.

- Нохчийчуьра а, Украинера а тIемашкахь вовшен тера догIуш хIуманаш гой хьуна?

Мариуполь, Украина, 2022-чу шеран Охан-бутт
Мариуполь, Украина, 2022-чу шеран Охан-бутт

- Дера го. Суна хIинца Украинехь го, хьалха Нохчийчохь санна, - Украинана, Нохчийчоьнна дина ца Iаш, Оьрсийчоьнна а доккха зен де пачхьалкхан режиман балане эгIазалла.

Бакъдолу хьал тидаме ца оьцуш, кхоччуш анализ ца еш, сецоран а, дуьхьало яран а системаца а доцуш, гIуллакхаш деш волчу цхьана стага оцу тайпа сацам бо бохучо… Суна хетарехь, лартIахь болчу нехан чIогIа резацахиларш дара (чугIортарна дуьхьала).

Оьрсийчохь жимма а демократин система лаьтташ хиллачу Ельцинан хенашкахь Калмыков Юрий цIе йолуш юстицин министр вара. Нохчийчу эскарш дохуьйтуш бинчу сацамна дуьхьало еш цо шен дарж дитира. Ала дашна, догIург ала деза, цунна тIетайра (МИД-ан куьйгалхо, цул тIаьхьа правительстван урхалхо) Примаков Евгений, Нохчийчу эскарш хьовсоран агIо лаьцна хилла чIогIа собаре а, консервативе а стаг.

Ельцина и гIалате сацам тIеэцча, юхаван некъ бацара. Дагадоуьйту вай тIеман министран Грачев Павелан балане дешнаш, десантан цхьана полкаца шина сахьтехь чекхдаккха йиш йолу хаттар ду иза бохуш, дIахьедина хилла волу. Кхузахь хIинцале а го Украинаца тера догIурш, цигахь а кечбеллера чугIоьртина ши де даьлча Киевехь парад хIоттон.

ХIун ала мегар ду оцу [Украинерчу] тIамах лаьцна? Иза кхин а боккхачу барамера гIалат ду. Украина – иза 40 млн стаг веха пачхьалкх ю. ХIокху доллу шерашкахь маьрша, йозуш йоцуш, кхерамаш ца туьйсуш, яьхна пачхьалкх ю иза. ТIаккха цIеххьана тIом болало, иза кхераме ду. 1995-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь санна, вайна гуш ду бомбанаш кхийсар. Йа хьалха, йа хIинца цхьамма цунах жоп ца делла.

- Тахана Украинехь болу тIом иза оцу хенахь Нохчийчу гIортаран тIаьхьало ю аьлла хетий хьуна?

- Бакъдерг аьлча, иза ца хилча ца болу хилам бара аьлла, ца хета суна. Оьрсийн элитехь тайп-тайпана дуьнене хьежамашца нах бу аьлла хета суна.

2022-чу шарера Украинаца долчу хьолехь цхьа а компромисе сацам гуш бац

1990-чу шерашкара дагабахкийта йиш ю Козырев Андрей, Примаков Евгений, Чубайс Анатолий. Царна шаьш оьрсийн патриоташ хетара, амма церан лулахошка тIеман претензеш яцара – Путин Владимирца а, цуьнан гонаца а дуьстича. Суна хета, Оьрсийчоьнан кхечу некъаца кхиа йиш яра, цуьнан билгалонаш яра 2000-чу шерашкахь.

Кхераме дерг ду – оьрсийн хьалханчаш жоьпе ца озор а, царна шаьш пачхьалкх хетар а. И кхерам биссина, цундела жамIехь хIинца вайна го Украинехь хуьлург. Амма со ца теша, 1994-чу шарахь Нохчийчохь хилла тIом юхатоха йиш яцара бохучух, со ца теша Дудаев ДжовхIаран а, Ельцин Борисан барт бан аьтто бацара бохучух а. Украинехь 2014-гIа шо а юхатоха аьтто бара.

Амма вайна хIинца гуш дерг, - иза оьрсийн политикера цхьа тенденци ю – империн. ХIара тIом бирзинчул тIаьхьа Оьрсийчоьно дерриг а юхадоло дезар ду. Оьрсийн пачхьалкхан йиш яц оцу некъахула кхин дIаяха, цхьанхьа а ца вуьгу некъ бу иза. Оьрсийчоьнна а, цуьнан лулахошна а кхераме хIума ду иза .

- ХIинца Малбузенан аьтто баьлла вовшах а кхетта, Оьрсийчоьно диначунна дуьхьала яла. Хьалха стенна ца хуьлура и саннарг?

- Дика хаттар ду. Хетарехь, 1994-чу шарахь Нохчийчоь Оьрсийчоьнан дакъа долуш санна гора дуьненахь. Дукхачу пачхьалкхаша емалдира республикехь дина тIеман зуламаш, амма, халахетахь а, жоьпе озоран а, бакъо толийтаран а механизмаш яцара.

Гуьржийчохь хиллачу конфликтах, ГIирмана аннекси ярах лаьцнарг дийцича, Малхбузенан пачхьалкхаша емалдира и Оьрсийчоьно лелориг, амма, суна хетарехь, цхьа юкъаметтигаш леха йиш ю моьттура царна. 2022-чу шарера Украинаца долчу хьолехь цхьа а компромиссе сацам гуш бац, иза кхечу пачхьалкхе ма-дарра провокацин чугIортар ду. Суна хетарехь, вайн гуш долчун тIаьххьара тера догIург, - иза 1968-чу шеран Прага ю. Аьлча а, маьрша пачхьалкх кхечу пачхьалкхо охьатаIор.

Европа – иза кегийра пачхьалкхийн контингент ю, ШолгIачу а, ур-атталла Хьалхарчу а дуьненан тIемашкара дуьйна схьа историн иэс ю церан. Цундела ю оцу тайпа шога реакци Украинехь хуьлучун хьокъехь, иштта хIуманаш дицдан йиш яц.

Европхойн кхерам бу, хуьлург тахана ца сацадахь, ткъа муьлха пачхьалкхе кхочур бу Украинан кхоллам? Иза малбузенан пачхьалкхашна бакъдолчун мIаьрго яра, ерриг Малхбузенна а. Дера иштта шога реакци дукха тIаьхьа хилира, амма цкъа а ца хуьлучул а гIоле ду иза.

***

Подкастан темехула пайде литература: Carlotta Gall and Tomas De Vaal. Chechnya: calamity in the Caucasus. – New York: New York University Press, 2000. 416 pages.

Кавказ.Реалиин сайтехь "Кавказская хроника с Вачагаевым" подкасте язло.

ЛадогIа тхоьга GOOGLE подкасташкахь YANDEX MUSIC YOUTUBE

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG