ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра адвокат Мараков Сергей аравалийтина талламан изоляторера  


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Пятигорскерчу кассацин кхело, дIасавалар а дихкина, набахтера аравалийтина, стохка ГIура-баттахь дуьйна лаьцна латтош хилла адвокат Мараков Сергей. Цуьнах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино. Иза бехке веш ву наркотикаш лелорна. Ши де хьалха цуьнан аьтто баьлла шена аренде эцначу петаре ваха хаъа.

Мараковс "Кавказский узел" (арахьарчу агентийн тептарна юкъатоьхна ю "Кавказский узел" портал, амма иза реза яц оцу сацамна - Ред.) зорбан гIирсе дийцина, шен дIахецар цIеххьана хилира аьлла. Ша маьршаваьккхина аьлла хета адвокатана, шена гIортор еш юкъараллино дIаяьхьна кампани а, шен гIулкх дуьйцуш зорбан гIирсаша арахецна материалаш а, адвокатийн болх а бахьана долуш.

Мараков тIера ца волу шена бехк билла гIертар харцо ю, ткъа наркотикаш полицин белахоша шен тесна яра бохучун. Ша хьийзаваран бахьана хета адвокатана, ша бечу балхана дуьхьал бекхам бар.

  • Хаьлхо хаам бинера, цхьа дуьххьара кхело Мараков цIахь лаьцна латто сацам бина аьлла. Амма Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело дукха хан ялале хийцира и сацам, лаьцна латто веза иза аьлла, вокхха стаг ву саьлла а – хIетахь цуьнан дара 71 шо – иза могашаллица халонаш хьоьгуш ву аьлла а ца Iаш.
  • Мараков Сергей болх беш ву Нохчийчохь 2004-чу шарахь дуьйна. Цуьнан специализаци ю даккхийн а, тIех даккхийн а зуламашкахула кхеле озийначу нахана суьдехь гӀо лацар. Мараковс дийцарехь, республикехь болх бинчу шерашкахь цо дакъалаьцна 100 сов цу тайпачу гIуллакхашкахь.
  • 2018-чу шарахь цу тайппаниг хилира бакъонашларъярхочуьнца Титиев Оюбца. Талламо чIагIдора цуьнан машенчохь кIомал карийна шайна бохуш.
  • Амма Титиевс а, цуьнан белхан накъосташа а, адвокаташа а чIагIдора и гIуллакх харц кхоьллина хилар, цу кепара иза республикера араваккха гIеташ ду меттигера Iедалш бохуш. Суьдо Титиев бехке лерира, 4 шо хан а тучух. Колонера бакъонашларъярхо аравелира хенал хьалха 2019-чу шарахь Мангал-беттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG