ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра гей Арсамиков Идрис дийна ву - хаам бина бакъонашларйархоша


Арсамиков Идрис
Арсамиков Идрис

Баттахь гергга карош ца хилла Iедалхоша лачкъийна Нохчийчуьра гей Арсамиков Идриса дийна ву - хаам бина СК SOS кризис-тобано.

Бакъонашларйархоша дийцарехь, Арсамиков луьрачу Iуналлехь латтош волчух тера ду. Амма телефон цунна магийна - иштта кхехьийтира цо кризис -тобанхойн телеграм-чате шен суьрташ а, хаамаш а.

Нохчийчуьрчу Iедалхойн кIадбалар санна лору шаьш и хилам боху СК SOS белхалоша. "Йукъаралла шайна тIелатаран градус лахйан лерина" лелаш бу уьш. Арсамиковна кхерамзалла йоьхуш йаржийначу петицешна реакци йу хIара.

Арсамиковх хIумма хууш дацара, чиллин-беттан 17-хь ши видео гучуйаьлчхьана. Цу видеошкахь цо дийцира, ша бакъонашларйархошца кхерам тесина, з1ене валийтинера, шена церан г1о а ца оьшу бохуш.

Цунна таIзараш дина хиларна, иза сийсазвеш, хьийзина хиларна кхоьруш ду шаьш боху СК SOS белхалоша. Иза вийна хиларна кхоьруш а бара уьш.

Хьалхо зазадоккху-баттахь Шелковской кIоштан кхело Арсамиковн адвокаташ цунна тIе цабитарна дина арз шаьш толлур дац элира.

  • Арсамиков Идрис чиллин-беттан 15, 16 деношна йуккъехь Домодедово аэропортехь дIа а лаьцна, нохчийн полицига дIавелла ву. Цара иза стенга вигна хууш дац. Арсамиков Нидерландехь Iаш вара. Стагаца уьйр лелош гучуваьлла аьлла, Iедалхоша дIалаьцна латтийна, таIзараш дина ведда вахана вара иза цига. Цхьа шо хьалха шен ден тезета веанера. Даймахкарчу Iедалхоша дерриге документаш дIадехира цуьнгара - оьрсийн "загран. паспорт", Нидерландехь делла паспорт, кхиндолу цуьнан кехаташ а. Нохчийчуьра Iедало таIзараш дина ву иза. Цундела хIинца цуьнан дахаран, могушаллина боккха кхерам бу боху, бакъонашларйархоша.
  • Арсамиков Идрис дIалоцучаьргахь хилла дIалацаран кехат Шелковской-кIоштан полицин хьаькамо куьг йаздина ду. И хьаькам ву Геремеев Рустам. Шелковской-кIоштан полицин куьйгалхо - 2015чу шарахь Борис Немцов веран хьокъехь бехкехила тарло аьлла лохуш волчу Геремеев Русланан ваша.
  • Чиллин-беттан 20-хь СК SOS кризисны тобано "Команда против пыток" тобанца цхьаьна ООН -не шиъ йаздина дIахьедар до, Арсамиков дIалацарах, къайлаваккхарах дерг дуьйцуш. И дIахьедарш ООН-но Оьрсийчоьнан Iедалхошка хаттарш луш, доьрзур ду аьлла тешна бу бакъонашларйархой.
  • Чиллин-беттан 23-хь Европан парламентан LGBTI Intergroup-фруман декъахоша Нохчийчоьнан Iедале Арсамиков Идрис дIахеца аьлла кхайкхам бина. Цу кхайкхамехь политикхоша Нохчийчохь Арсамиковна боккха кхерам бу аьлла, билгалдаьккхина ду.
  • Чиллин-беттан 28-хь итт бакъоларйаран цхьанакхетараллаша Нохчийчуьра ведда, йуха ниуьцкъаха йухаверзийна волу Арсамиков Идрис маьршаваккха аьлла кхайкхам бира. Д1ахьедарна куьйгаш йаздира Amnesty International, к СК SOS кризисан тобанан, Human Rights Watch, "Команды против пыток" декъалхоша, кхин а йалх коммерцица доцчу цхьаьнакхетараллаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG