ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра харжамийн комиссино цIераш йаьхна Кадыровн "оппонентийн"

Ramzan Kadyrov
Ramzan Kadyrov

Гезгамашин-баттахь хинболчу мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалоцучарна регистраци йар дерзийна Нохчийчоьнан харжамийн комиссино. Карарчу хенахь регионан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца къовсалуш ву Йукъараллин палатан куьйгалхо Денилханов ИсмаьӀал а, меттигера депутат Накаев Халид а.

Пачхаьлкхан "Грозный-информ" агенталло хаамбарехь, Денильханов хьалхатеттина "Нийсонан Оьрсийчоь" партино, ткъа Накаев – КПРФ-о. 2007-чу шарера схьа дуьйна Нохчийчоьнан урхаллехь лаьтта Кадыров Рамзан, "Цхьааллин Оьорсийчоь" партин цIарах гIур ву харжамашка. Оцу йукъанна ала догIу, шен политикан карьерехь дуьххьара Пачхьалкхан Думан харжамашкахь Ӏедалан партин тептарехь хьалхарчу меттехь ца хилира иза.

  • "Кавказан узел" интернет-гIирсо билгал ма-даккхара, Кадыровн конкуренташна цкъа а ур-атталла 5% кхаьжнаш а ца кхаьчна хьалхо дIабаьхьначу харжамашкахь. 2016-чу шарахь кхин а кхаа кандидато 0,53% - 0,84% кхаьжнаш гулдинера, ткъа 2021-чу шарахь шина конкурентана вовшахтоьхча 0,4% гергга кхаьжнаш кхаьчнера.
  • Карарчу хенахь 49 шо долу Кадыров Рамзан цомгуш ву бохуш, тӀечӀагӀбанза хаамаш баьржина лела 2019-чу шарахь дуьйна. 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь цуьнан критикаша чӀагӀдора, иза кхетамчуьра ваьлла бохуш. Стохка бIаьста «Новая газета Европа» газето йаздира, нохчийн куьйгалхо "панкреатикан некроз" йолуш веха масех шо ду аьлла. Цу хаамашна йуккъехула Кадыровс масийттазза зорбане йохура, ша могуш хиларх тоьшалла дан гIерта видеош. Цу Ӏалашонца тайп-тайпана спортан упражненеш йо цо. Кадыровс бохура, хӀора кхо бутт мел болу "капремонт" йо ша, ткъа ахшо мел дели "йоккха ремонт".
XS
SM
MD
LG