ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цуьнан мостагIий багарбина вер вац". Кадыровн могушалла эшарх Нохчийчохь муха тIе ца дуьтура


Кадыров Рамзан, 2023-чу шеран аьхке
Кадыров Рамзан, 2023-чу шеран аьхке

ДIадахна кIира довш цхьа могIа телеграм-каналаша хаамаш баржийра Кадыров Рамзанехь вон хьал ду бохуш. И хаамаш зорбане бахаран бахьана дара йеххачу заманчохь иза нахана йукъахь гучу цавалар а, дуьххьара хьаьжцIа цуьнан кхо воI ша вахар а. ТIаьхьо машанехь видео гучуйелира, цу тIехь Кадыров ву Оьрсийчоьнан парламентан депутатаца Делимханов Адамца къамел деш. Бакъду, и бакъ ца дан тарлучу публикацино кхин тIе а керла хеттарш хилийтира, боху Кавказ.Реалиин редакцино къамелаш динчу эксперташа.

"Лечу хьолехь ву Кадыров, вистхуьлуш вац бохуш, информаци кхочу. Жаннаш севцца, диализо а гIо ца до. Хила тарло хIара денош цуьнан тIаьххьара", - йаздира товбеца-беттан 1-чохь оппозицин нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос. Цуьнца цхьаьна изза дIахьедар дира кхечу блогеро, тоххара Украинехьа тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан пресс-секретарь хиллачу Белокиев Ислама а. Оцу цхьана а хаамехь билгалйаьхна йацара, шайга и хаийтина хьасташ.

Шен цамгарца йоьзна истори Кадыровс ша йолийна хила а тарлора, шена кIелойарна кхоьруш, Мекка вахар къайлахьош аьлла, хийтира ВЧК-ОГПУ телеграм-каналана. Кадыровн могушаллица сингаттамаш бац аьлла, дIахьедира каналаца хиллачу къамелехь Делимханов Адама.

"Хьасташа боху, уьш хьаьжцIа баханера, амма шайна кIело йарна кхоьруш, спектакль хIоттийнера, ший а дарбанан цIийнехь а ву, лечу хьолехь а ву аьлла. ТIехула тIе оцу спектакльна йукъабалийнера шайн гергарнаш а цхьаьна", - боху постехь.

Кавказ.Реалии сайтан хьасташа а тIечIагIдо, Кадыров махкахь ца хилла хир ву – цундела президент Путин Владимир лулара Дагестане веанчу хенахь цига вахар ца нисделира цуьнан.

Цул тIаьхьа дукха хан йалале Нохчийчоьнан урхалхо а, думин депутат Делимханов а инстаграмера эфире велира. Оцу ролика тIехь халла садеIарца, доцца къамел до Кадыровс.

"Тхо меллаша хене довлу, тамашен ду дахар. Интересе ду дахар, иза доца долуш. Дуккха а даха тхо ишта а лууш дац, доцца, амма хьакъ доллуш дехар ду", - дIахьедо Кадыровс.

Дуьххьара дIавуллуш вац

Кадыров цомгаш волчу тера ду бохуш, хаамаш 2019-чу шарера схьа дуьйна бу. И хаамаш леларан цхьана агIор бахьана дара, ханна цуьнан декхарш кхочушдан регионан премьер-министр Хучиев Муслим хIоттор. Масала, 2019-чу шарахь чиллин-баттахь Кадыровн "цхьана ханна болхбан йиш цахиларна" оцу кепара омрана куьгйаздира. Иштта йаздинчу документо зорбанан гIирсашкахь дуккха а версиш кхоьллира.

ХIетахь жимма шелвеллера ша аьлла, кхетийра Кадыровс шен дIаварах, "организм чIогIа йу шен, шина дийнахь бен молха а ца хIоттийра" элира цо. Оцу йукъанна эксперташ шеконашкахь бара цо дийцинчун хьокъехь, шелвелча молха ца дутту, амма цара, масала, организман интоксикаци дIайоккху аьлла, билгадоккхуш.

Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оццу шеран гезгамашин-баттахь могушалла Iалашйаран урхаллин министро Сулейманов Эльхана пост хIоттийра, шен куьйгалхо шелвелла аьлла. Цу хенахь цхьа могIа телеграм-каналаша йаздора, Кадыровна кIело йина хила тарло бохуш, дуьйцура цунна бехке хила куц ду Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Алаудинов Апти а, Хьалха-Мартанан кIоштан префект Абдурешидов Валид а бохуш. Хаамийн гIирсашкахула Кадыровн гIоьнча волчу Дудаев Ахьмада харцйира информаци.

Кадыров "цхьана ханна болх бан гунахь цахиларх" хьал хIоьттира иштта 2020-чу шеран дечкен-баттахь а. Оьрсийчоьнан парламентан депутато Саралиев Шамсаила хIетахь элира "кега-мерса могушаллица проблемаш йу". Декхарш кхочушдан бакъо дIалуш документ зорбанедаьккхира Путин Федералан гуламе вистхуьлучу деношкахь. Нохчийчоьнан куьйгалхо цигахь цахиларна кеп-кепара версишна цунах а бахьана хилира.

2023-чу шеран йуьххьехь медиаша йуха а дийца даьккхира Кадыровн могушаллица сингаттамаш бу аьлла. Масала, чиллин-баттахь Нохчийчоьнан Ичкерия республикин арахьарчу Iедалан премьеро Закаев Ахьмада дийцира украинхойн хаамийн гIирсашка, мехкан урхалхочун могушалла дикка ледара хиларх а, иза наркотикех воьзна хила тарлуш хиларх а.

Зазадокху-баттахь немцойн Bild таблоидо Закаевна тIетевжина йаздира Кадыровн жаннашца лазар хиларх. Нахана хьалха севсина йуьхь йолуш иза гучувийларна бохура цо иштта. Иштта сайто хаамбира Соьлжа-ГIала Абу-Дабира нефрлог ИбрахIим М.Эль ШахIату варах. ХIетахь Кадыров тIе ца дитира шен цамгарх дуьйцург, "могуш ву, шортта ницкъ а бу" аьлла, пост хIоттийра цо.

"Кхин а масех шо хьалха а хьасташа ма дийцира иза (Кадыро.- Редакцин билгалдаккхар.) боккъал а чIогIа цомгаш ву аьлла, оцу лазарна дарба халла хуьлу, 30% меттигашкахь стаг ле бохуш. Амма стохка товбеца-беттера схьа дуьйна цхьа чIогIа хийцамаш хилла боху. Оцу цамгаро дахарна кхерам латтабо, хIунда аьлча, кхечу органашна ницкъбан тарло – уггар хьалха – жаннашна а, пехашна (оцу тIера ду салецар а)", - зазадокху-баттахь хаамбина "Новая газето".

Иштта публикацихь бохура, и цамгар чIогIа лазаршца хуьлу, оцу тIехула наб йар а дов адаман.

"ХIара беламе хета"

"Кадыров лечу хьолехь ву" йа "Делимханов вийна" боху хаамаш беламе тIеэца беза боху Кавказан къаьмнийн Ассамблейн куьйгалхочо Кутаев Руслан.

"Махкахь нах бу, иштта КадыровгIеран эвлахь а, царна дика хаьа, цара дуьйцур дара, цу тайпа хIума билггал хиллехь. Цкъачунна гуш дерг хет-хетарг дийцар ду, оцу темех лаьцна хаддаза дуьйцу", - билгалдоккху Кутаевс.

КадыровгIеран эвларчу наха цунах лаьцна дуьйцур дара, и бакъ хиллехь

Оцу йукъанна гуш ду, Кадыровн могушаллица билггал проблемаш йу, тIетуху политолого: "Суна хетарехь, Кадыровн хотIаца хийцамаш бу – цунна дIавш делла хилча санна. Цуьнан мостагIий багарбина а вер вац. Аса дуьйцург нохчийн дуьхьалбовлар дац, федералан структурашкара а, йоллу ницкъаллин структурашкара а бу. Нохчий дуьхьалбовла цунна тIекхочийла дац, ницкъахой кхочийла ду. Кадыровн а, цуьнан гонна а иза дика хууш ду".

Кадыров цомгаш хила тарлуш хиларх публикацеша декхаре вина иза бакъ дац бохуш, видео дIайазйайта, дуьйцу Европехь куп тоьхначу нохчийн "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

"Оцу роликаца цо кхин а цкъа тоьшалла до, билггал цомгаш хиларан а, и лазар карзахдала тарлуш хиларан а. Улло хиъна Iачу Делимхановс хеставо Кадыров, боху цо хIинцца шена хьалха йина тренировкаш шега йалур а йацара. И дерриг а беламе го. Даим а Делимханов санначу наха ша хестош лелон дела, ма-дарра долу хьал цунна хуучух тера а дац", - элира Сулеймановс.

Билггал теллина йоцу информаци зорбане йоккху пабликаша а, цхьаболчу блогерша а, билгалдоккху бакъоларйархочо Янгулбаевс Абубакара.

Кадыров дIавала лууш хила тарло цуьнан гонера нах

"Со ца теша, Кадыров Рамзанан гонера цхьаммо тахана оцу тайпа керла хаамаш арабохур бара аьлча. Оппозиционерех къастийча, уьш даим а нахана гергахь цхьаьна бу, цхьа механизм санна лелаш бу", - аьлла хета спикерна.

Иштта Янгулбаевна бакъ ца хета цхьахволчу ницкъахочо Кадыровна дIавш делла хир ду боху верси а. Цунна хетарехь, политик дIаваккха лууш цуьнан гонера, оцу дарже хаа лууш берш бен хир бац. Билггал цунна дIавш делла хиллехь, царех цхьаммо жоп делла хир дара, и стаг вайна кхин цкъа а и гур а вацара.

  • Кадыровн Нохчийчуьра рожан критикаша хьалхо дIахьедора Кавказ.Реалиига, хIинца "Ахмат" спецназан командир волу Алаудинов Апти Украинера тIаме вахна "бехках цIанвала" Iалашонца – иза бехкевора 2019-чу шарахь Кадыровна дуьхьал цхьаьнца берта вахна бохуш. Алаудиновс дохку бехкаш бакъ ца дира.
  • Мангал-беттан 14 -чохь украинхойн телеграм-каналаша хаамбира, Украинехь нохчийн дакъойн коврана динчу тIелатарехь Делимханов Адам вийна бохуш. Хиллачух Оьрсийчоьнан верси масийттазза хийцайелира: пачхьалкхан каналаша дуьххьара бехира депутат лазийна, цул тIаьхьа и хаам-массара а бохург санна йухайазбира, иза дийна а ву, лазийна а вац аьлла. ТIаьхьо оцу дийннехь Кадыров Рамзана видео зорбане хIоттийра Делимхановца дIйазйина, экспертийн хеттарш хилира и бакъ хиларх.
  • Кадыровн могушалла билггал эшна хиларан цхьахдолу тоьшалла лору "Новая газето" политикан кIенташна зорбанийн гIирсашкахь йен жигара пиар. Дуьйцург ду цуьнан бераш Украине дахар, воккхаха волчу кIентан Кадыров Ахьмадан Оьрсийчоьнан президентаца хилла цхьаьнакхетар, иштта мехкан гIуллакхаашна уьш йукъабитар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG