Нохчийн оппозиционерашна тIелатар дан гIертарна Оьрсийчоьнан бахархой Туркойчохь дIалецарх лаьцна хаамаш бац Кремлехь. Цунах лаьцна кхаарин дийнахь дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс.
"ХIан-хIа, Кремлехь цунах лаьцна хаамаш бац. Иза, хетарехь, туркойн агIоне хатта деза", - цитата йо Песковна ТАСС гIирсано.
Песковс иштта билгалдаьккхина, туркойн агIоно Оьрсийчоьнан ницкъаллин хьукматашка россиянаш дIалецарх информаци кхачийна хиларх лаьцна а ца хаьа Кремлана.
"Суна ца хаьа, ницкъаллин хьукматийн зIенашкахула хаамаш дIасакхехьийтина хиларх, мухха делахь а, тхуна цунах лаьцна хIумма а ца девза", - тIетуьйхира цо.
Терроризмаца къийсам латточу Стамбулан полицин урхалло а, туркойн Къоман талларан организацино а дIакхайкхийра, дайначу шеран ГIадужу-беттан 9-хь ялх арахьара чувеана стаг дIалацарх. Царах виъ Оьрсийчоьнан вахархо хиллера, кхин а шиъ – Украинан а, Узбекистанан а. ТIаьхьо билгалделира, буьйцуш нохчий Абдулаев Iабдул, Ахмедов Равшан, Оамаев Беслан, Абдулмуслимов Асланбек а хилар.
Оьрсийчоьнан МИД-ан векало Захарова Марияс тIаккха дIахьедира, арахьарчу политикан хьукмато "тидам латтабо карахь Оьрсийчоьнан паспорташ долу Туркойчохь дIалецначу нехан хьолана тIехь".
Туркойчоьнан Iедало нохчийн диаспоран куьйгаллина пачхьалкхан хадархой хIиттийна.
Таллам бечу юкъанна иштта къаьстира, дахначу шеран Зазадокху-баттахь Антальехь лаьцначу Докуев Хьамзата а, Кимаев Бадруддис а юкъарлонаш лелош хиллийла Расаев Бесланца, нохчийн диаспоран векалех лаьцна цуьнга информаци а кхачош – иштта, туркойн зорбанаша "шпионийн скандал" аьллачу гIуллакхна юкъахь хилира бархI стаг. Билгалдоккху, Расаев Беслан инструкцешца лелаш хилла хилар. Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу, мехкан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан гергарчу стагера Делимханов Адамера кхочуш хилла цуьнга уьш, иштта криминалан атворитет волчу, нах байъарна бехкевина, дуьненаюкъарчу лехамашкахь волчу Дукузов Казбекера а.
Чиллан-баттахь стаг вен гIортарца доьзна гIуллакх кхеле хьажийра. Бехкебечарна 17 шарера 33 шаре кхаччалц чохь яккха хенаш ехна прокуратуро.
- Дуьххьара дац официалерчу Соьлжа-гIалин политикан дуьхьалончаш Туркойчохь бойъуш. Байъиначийн тептарехь – Эдильсултанов Гаджи, Джанибеков Ислам, 2008-чу шарахь вийна и шиъ, Асаев Iела (Муса) – 2009-чу шарахь, Мусаев Берг-Хьаж, Альтемиров Рустам, Амриев Заурбек – 2011-хь, Унлю Медет – 2013-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь, Эдильгериев Iабдулвахьид – 2015-чу шеран Лахьан-баттахь, Исрапилов Руслан – 20I6-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь.