ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кхаа вахархочунна хенаш йиттина герзашца йолу тоба вовшахтохарна

Ростов-на-Дону гIалара тIеман кхелан гIишло
Ростов-на-Дону гIалара тIеман кхелан гIишло

Ростов-на-Дону гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхело таӀзар дина Нохчийчуьра кхаа вахархочунна, бакъо йоцуш герзашца йолу тоба кхоьллина аьлла. Талламхоша чӀагӀдарехь, республикехь терроран тоба вовшахтоьхна, цу йукъа лулахой ийзон хьийзаш хилла уьш. Бехкебечарна шайна а, церан адвокаташна а хетарг, довзийтина дац.

МусаевгӀеран шина вешина Хьамидна а, Халидна а, церан йуьртахочунна Арсамирзаев Мохьмад-Эмина а 8 шарера 15 шаре кхаччалц хенаш тоьхна уггаре а шогачу хьелашкахь нах латточу колонехь такхийта, хаам бо кхелан пресс-гӀоьнчалло. Ницкъахоша чIагIдарехь, 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Мусаев Хьамид волавелира Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Ӏедалшна критика йеш йолу публикацеш йеша, цул тӀаьхьа цуьнан ойла кхоллайелира, боху, "герзашца къийсам латто беза" аьлла.

Цул тӀаьхьа, кхелан сацам тIехь йаздарехь, цаьрца зIене ваьлла хилла "цхьа накъост", бакъо йоцчу герзахойн тобанах схьакехатар варий хьо аьлла. ТӀаккха цу тобанах дӀакхетта цуьнан ваша Мусаев Халид а, церан йуьртахо Арсамирзаев а. Талламхоша бинчу хаамца, 2024-чу шеран лахьан-беттан 7-чу дийнахь Мусаев Хьамиде йукъалелаш волчу стагера 100 эзар сом ахча кхаьчна хилла, и ахча цу тобанан хьашташна делла хилла боху, талламхоша. Оцу ахчанах эцна дара, чIагIдо, уьш лоьцучу заманчохь цаьргахь карийна хилла арсаш а.

• Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

• ГIебарта-Балкхаройчохь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахоша лаьцна меттигера вахархо терроризмана гIо латтийна цо аьлла, бехкузаламан гIуллакх дуьхьал а даьккхина. ЧIагIдарехь, дозанал арахьа ши миллион сом гергга ахча дахьийтина хилла цо, ткъа и ахча дIакхаьчна "дуьненайукъарчу террорхойн структурашка".

XS
SM
MD
LG