ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра лаамехь боцурш: Украинерчу Кадыровн эскархойн гергарчара дуьйцург


Нохчийн лаамхойн "Ахмат" батальонан эскархой. Мариуполь, Охан-беттан 17-гIа де 2022 шо
Нохчийн лаамхойн "Ахмат" батальонан эскархой. Мариуполь, Охан-беттан 17-гIа де 2022 шо

2022-чу шеран Зазадокху-баттера Стигалкъекъа батте кхаччалц Нохчийчуьра тIамехь дакъалаца хьовсийначу кадыровхойн а, лаамхой олучийн а тептар зорбане даьккхина Украинан тIеман министраллан таллархойн урхалло. Цу тIехь 2 425 цIе ю, бIе гергга царех велла аьлла, билгалваьккхина ву. Цхьаболчу беллачийн а, лазийначийн а гергарчаьрца къамел дира Кавказ.Реалиин редакцино, иштта тIечIагIдира, хетарехь, нахалабевлла, хаамаш бакъхилар.

Украинхойн талламчийн информацица, тептарехь билгалбаьхна кадыровхой, эскарна тIаьхьа а боьлхуш, дIалецначу дозанаш тIехь "Оьрсийчоьнан къепе" латточу "тIелатаран шолгIачу эшелонехь" хилла бу. ХIетте а, тылехь хиллашехь, Нохчийчуьрчу "лаамхошлахь" хIуммаъ а кIезиг эшамаш ца хилла: 92 велларг ву, лазийнарг 288. Кхин а 60 сов эскархо шайн лаамехь дакъош дIа а туьйсуш, Украинера дIабахна.

Ша тептар леррина хIоттийна ду, цIераш, фамилеш, ден цIераш йоцург а, базехь ду уьш дуьненчу бевлла денош а, беха меттигаш а, иштта церан доьзалан контакташ а, хетарехь, шаьш "лаамхоша" чевнаш йина, йа кхалхар нислахь аьлла, йитина хилла. Ши эзар ах эзар гергга стеган цIераш оцу тептарехь билгалъяьхна елахь а, Нохчийчуьра ву царлахь – 1296.

Зорбане яьккхинчу бази тIехь гучудаьлла, мила, мехкан муьлхачу кIоштара шен лаамехь йа бертаза тIаме кхайкхина ву. Гуьмса кIошт хьалха ю – цигара дIахьажийна 200 сов стаг, шолгIачу меттигехь изза терахьашца Соьлжа-ГIала ю, цунна тIаьхьа йогIу Хьалха-МартантIе – 150 эскархо. 100 стаг ала мегар долуш новкъаваьккхина Куьрчалан а, Нажин-Юьртан а, Шелан а кIошташкара а, Устрада-ГIалара а. КIезиг лаамхой бу Итум-Кхаьллан (3), Шаройн (6), Шуьйтан (8) кIошташкара.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан тешийта гIертара, Кадыровн цIийнах болу "майра, уллора гергара нах а цхьаьна Украине бахана" бохуш. Украинхойн тептарца а догIуш, цуьнан цIийнах ваьлла кхо лаамхо. Делахь а, Украинехь уьш бац бохург дац иза, - кхечу дакъошкахь хила а тарло уьш. Бакъду, ишта хилча, цунах дозалла ца деш Iийр вацара Кадыров, рогIера кинобоевик санна бIаьрла видеоролик зорбане ца йоккхуш, - дуьненаюкъарчу зорбанан гIирсашкахь оцу тIехула кадыровхойх тикток-эскарш аьлла.

Украинхойн талламан тептарера гуш ду, Нохчийчуьрчу лаамхошлахь нисбелла Къилбаседа Кавказерчу мехкашкара дуккха а бахархой хилар: Дагестанера 80, Къилбаседа ХIирийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а 60, кхин а масийтта стаг – Кхарачой -Чергазийчуьра а, Адыгейра а. Иштта тептарехь ву 600 сов Оьрсийчоьнан кхечу йистера – Бурятера, Сахалинера, Владивостокера. Иштта "Кадыровн лаамхошлахь" нисбелла Донецкера ши вахархо а, Луганскера – цхьаъ а.

Тептарерчу вийначу 92-ннах – 18 нохчо а вац, йа Нохчийчуьра а вац. Украинхойн талламхойн хаамашлахь бац, махкарчу шен хьасташна тIетевжина, Кавказ.Реалиин редакцино белла аьлла, тIечIагIбина эскархой.

Масала, Зазадокху-беттан 29-чохь вийна 71-чу гвардийн полкан(в/ч 16544) командиран гIовс Головко Денис Александрович а, цуьнца цхьана хилла бIанакъостий а боцуш бу тептарехь. Йа: беллачарлахь билгалваьккхина ву Ильиновск станицера кхо вахархо, амма вац царлахь Усманов Алхаст, Калиновская станицера вийначу кхаанца хьахош воцу Чапанов Хьамзат а санна.

Шен хьасташкахула редакцино тIечIагIдина украинхойн тептарехь волу Ноьвран-кIоштарчу Алпатово эвлара Имадаев Зайнди, Куьрчалара Явшуркаев Сайд-Мохьмад а, Веданан кIоштара кхин кхоъ а валар.

Украинхойн тептар бакъ ду аьлла, тешна ву нохчийн бакъонашларъярхо Янгулбаев Абубакар а. Цуьнан дешнашца, цо и хаамаш буьстина "Нохчийчуьра белларш" аьлалчу шен тептарца.

"Цкъа -делахь, украинхойн хаамаша тIечIагIйина, ас хIинцале а зорбане яьхна беллачийн цIераш. ШолгIа-делахь, Нохчийчуьрчу хьасташа бакъ йина, билггал тIаме бахначу шайн юьртахойн а, бевзачийн а цIераш. Сан аьтто баьлла оцу тептарера тхайн эвлара пхиъ вовза. Цул совнах, бакъ хилар [тептарера цIераш] гойту информаци юьззина хиларо а: дакъойн цIераш тIе кхаччалц, Украинехь меттигашкахь дIатарбеш а, тIаме ийзош а куьйгалла динчийн цIераш а цхьаьна. Оьрсийчоьнан тептарехь "нохчий" билгалбаьхна хиларо гойту аьлла хета суна, тептарна тIехь болх бинарш украинхойн агIор болу нохчий хилар ", - дийцина шена хетачух Янгулбаевс.

И тептарш нахаладахаро тIейогIучу заманчохь проблемаш хирг хилар гойту цу тIехь болчарна, боху украинхойн политолога Савва Михаила.

"Маьрша нах байина, хьийзийна, къайлабаьхна тоьшаллаш долчу Бучехь, Ирпенехь, Андреевкехь, кхечу адамаш дехачу меттигашкахь хилла бу и нах. Цундела, шеко йоцуш, оцу тептарера хIора а толлур волуш ву динчу зуламашна бехке вуй хьовсуш. Таханалерачу Оьрсийчоьнан режимо хьулбо и нах, амма и гуттар а лаьттар яц, хьал хийцалур ду", - аьлла хета Саввана.

"Цига ма гIахьара бохуш, оха дехарш дира цуьнга

Кавказ.Реалиин корреспонденто телефон йиттира, Украинехь белла аьлла, тептарехь билгалбаьхначу Нохчийчуьрчу "лаамхойн" гергарчаьрга. Къамел дан реза хилира царех кIезиг. Цхьаболчара телефон охьатосура, шайга телефон еттарг журналист вуй хиъча.

Соьлжа-ГIалина гергарчу Садовое эвлара Шовхалов Дукхвахин хIусамненан ю аьлла, билгалъяьккхинчу телефонехь йистхилира зуда. Цо тIечIагIдира, иза шен хIусамда хилар. Цуьнан цIийнда тIамехь хилар а, тIамехь иза кхалхар а бакъ дуй хаьттича- къамелдечо телефон охьайиллира.

Изза жоп делира Лаха Неврерчу Аслаханов Асланбекан зудчо а. Цо тIечIагIдира, шен хIусамда кхалхар, амма реза ца хилира кхиндолчу хеттаршна жоьпаш дала.

Ахчана дуьхьа а, чин дезаш а ца ваханера – шен лаамехь

Веллачу кхечу эскархочун, Соьлжа-ГIалин хиллачу вахархочун Алханов Зеламхин вашас дийцира Кавказ.Реалиига цо "лаамхочо" санна тIамехь дакъалацарх. Цуьнан тIаме ваха лаарх дуьйцуш, къамелдечо билгалдаьккхира, ваша телехьожийле хьежар: "Дуьйцура, бандеровцех лаьцна.. [Вешина] даймохк ларбан лаьара, цундела вахара иза [тIаме]. Ахчана дуьхьа а, чин дезаш а ца ваханера – шен лаамехь". Оцу юкъанна цо тIетуьйхира, ша а телехьожийле хьоьжуш хилар а, вешин йоллу ойланаш шен а хилар.

Украинан тIеман министраллан хаамашца а догIуш, Зеламха Украине вахана хилла Охан-беттан 1-чохь. ТIом балале хьалха шаьшиъ машенаш ялош, уьш юхкуш вара аьлла, дийцина вашас. Велларг зудчуьнца къаьстина вара, бераш ца дисина цуьнан.

Пхеа беран да вара вийна Успанов Аслан. Цуьнан йишас бахарехь, хьалха ФСБ-хь болх беш вара иза, тIамтIе а ваханера "лаамхо" санна. Билггал цуьнан шен лаам барий иза аьлла хаьттича: "Цунах дерг суна ца хаьа" элира цо.

Батте а ца велира Украинехь Успанов. Зазадокху-беттан 1-чохь вахара иза цига, 25-чохь юхаван везаш а вара. Оцу сарахь тIаьххьара телефон туьйхира цо цIа. "Оха дийхира цуьнга, ма гIахьара бохуш", - даредо Успановн йишас.

Украинан тIеман министраллан тептарехь язвинчу Алиев Висадин дас а тIечIагIдира Кавказ.Реалиина цуьнан кхалхар, дозаллица элира, шен кIант "Кадыровн гвардихо а, спецназхо а" вара аьлла. 27 шо дара цуьнан, зуда а, доьзал а бац цуьнан.

Къамелдинчо даредо, тIамтIе ма гIо бохуш, дехарш дира ша кIанте: "Кхетийша, со суа а му ву Абхазехь лаамхо хилла (юьйцург ю 1992-чу шарахь хилла тIеман конфликт. – Редакцин билгалдаккхар.), лазийра со, гуьржийн йийсарехь хилла а ву… Сан а дара 27 шо, со тIом бан вахча. Цундела суна ца лаьара ваха [кIант Украине]".

Оьрсийчоь луларчу пачхьалкхан дозана тIелатар бакъдо Алиевс -воккхаволчо, гуш ду, пачхьалкхан пропагандас дуьйцург схьалацар: "ХIокху гIуллакхехь со воккха политикан ву бохийла дац, амма лартIахь волу стаг кхеташ хила веза, америкосаш Украинана тIе ховшахь…И массарех а хьакхалуш ду, иштта хета-кх суна".

Охан-беттан 4-чохь вийна цуьнан кIант, ши де даьлча даймахка кхачийра дакъа. ХIетахь дуьйна меттигерчу Iедалхошкара гIоьне хьоьжуш ву да. "Цкъачунна кехаташ ду кечдеш", - дерзийра къамелдечо.

Украинан тIеман министраллан тептарера кхин цхьаъ – Гузуев Ваха ву. ТIом балале хьалха гIишлошъярехь болх беш вара иза, пхи кIант а, цхьа йоI дисина цуьнан, дийцира цуьнан вашас а, нанас а. Гузуев бертаза Украине хьажийнера бохург аьттехьа тIе ца дитира цара, амма даредира, идеологин хьежамаш боцуш, цига ваха иза декхаревина хилар дахаран ледарчу хьелаша.

Ша хан текхна хилар дIадоккхур ду, балха а оьцур ву элира цо

"Лаьцна Iийна ву иза, цо боху соьга: "Нана, Украине гIур ву со". Ас хоьтту цуьнга: "Хьуна стенна оьшу иза?" Цо элира, ша хан текхна хилар дIадоккхур ду, балха а оьцур ву", - дуьйцу веллачун нанас.

Цуьнан дешнашца, эскарехь гIуллакх дина вацара цуьнан кIант, тIаме хьажоле хьалха цхьана кIиранах кхечу "лаамхошца" Iаморашкахула чекхвалар доцург.

Наггахь бен цIа телефон ца тухура Гузуевс, тIаьххьара латкъамбира цо зIе цахиларна. Охан-беттан юккъехь "Азовсталь" заводана гена йоццучу блокпостехь хиллера иза, боху вашас.

Гузуевн нанас дIахьедина, цкъачунна Iедалшкара гIо шайна хилла цахиларх, амма доьзал оьшу кехаташ вовшахдетташ бу аьлла.

Кавказ.Реалиин корреспондентаца къамел дирзина масех минот яьллачу хенахь, веллачун вашас юха хьовзийра телефон, Гузуев Вахин хIусамнана масех дош тIетоха лууш ю аьлла.

"Тхуна массо а хIуманца гIо до – берашна а, суна а", - элира телефон тоьхначо, шен цIийндена тIамтIе ваха ца лаьара, амма тIе ца тайча ца йолура ша аьлла, тIе а тухуш. "Нацисташца" къийсам латтор дара Украине гIортаран бахьана бохучух теший иза аьлла, хаьттича, веллачун зудчо телефон охьайиллира.

"Оьрсийчоьнехьа оьшуш хилча – вахара".

Нохчийчуьра лазийначу "лаамхойн" гергарнаш цхьа наггахь бен реза ца хуьлу къамел дан, цец а буьйлу, шайн телефонаш тIекхача аьтто болуш хиларх. Кавказ.Реалиин къамел дан аьтто баьллачарех дукхахболчарна хууш дацара Нохчийчуьра Украине хьийсийначийн цIераш тIехь йолу тептар зорбане даьккхинийла..

Царех цхьаъ ву – 47 шо долу Соьлжа-ГIалара Асуев Рустам. Цуьнан кIентан телефон хууш ю. Къамел дечу хенахь хезачу герзийн татанца хетара иза тирехь ву, йа цхьанхьа герзаш деттачохь ву. Бакъ дуй цуьнан да Украинерчу тIамехь лазийна бохург аьлла, динчу хаттарна жоп делира цо: "Дерриг а дика ду, баркалла сагатдарна", тIаккха билгалдоккху, юьйцург контузи хилар.

ТIеман пенси догIуш вара ишта а Асуев, шен доттагIашца – шеца цхьаьна тIеман гIуллакх динчаьрца тIом бан вахара иза. ХIинца цIа веана иза. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Асуевн кIанта даредира, да бахьанехь шега Украинера телефон тоьхна аьлла: "[Цара] хоьттура соьга, стенна вахийтина ахь иза цига. Со бехкевора цунна. Сийсазе къамелаш а дора".

Червленная станицера лазийначу Хагаев Мохьмадан вашас тIечIагIдира, шен гергарниг дукха хан йоццуш тIамера цIаверзарх. Цуьнан 37 шо ду элира цо (зорбане баьхначу хаамашца, Зазадокху-бутт бовш 38 шо дуьзна цуьнан). Бертаза вахийтинерий иза тIамтIе аьлла, хатта хIоьттийча, къамел дечо дIахадийра: "Цхьаммо а, цхьа а бертаза декхаре ца вина".

Хагаевн ваша цецвелира, шен телефон публикацехь хиларна, дуьхьал хилира кхин дIа долчу хеттаршна жоьпаш дала: "Хьажахьа, цуьнга телефон а тохий, шегга хаттахьа (Хагаев Мохьмадан телефон тептарехь яц. – Редакцин билгалдаккхар). Iо дика йойла".

Тептарехь лазийна ву боху кхиниг – Хьалха-МартантIера Янаев Муслим ву. Цуьнан дас дийцира, шен кIант ницкъаллин структурашкахь болх бина ву – юха а органашка балха дIахIоттархьама тIамтIе ваханера аьлла.

Къамелдинчо бакъдира, Чиллан-баттахь Янаевн 30 шо кхачарх, дийцира цуьнгарчу хьолах: "Дикка лазийна иза, контузи ю [цуьнан]. Аьрру агIо а…Хаац, даьндарг ю цигахь, йа гаьргаш ю".

ТIом  тIом бу, хьанна оьшу – хIара тIом

Кхо бер ду Муслиман – ши кIант а, йоI а. "Лаамхочун" дас даредо, Украинан дуьхьал тIом бан вахарх цуьнан Iалашо хиларх шен къамел цуьнца хилла дац бохуш: "ХIоранна а шен хьажам бу, иза воккха стаг ву, хаац суна-м… ТIом тIом бу-кх, хьанна оьшу – хIара тIом. Оьрсийчоьнехьа оьшуш хилча – вахана".

ТIаьхьо Кавказ.Реалиин корреспонденте телефон туьйхира кхечу номерца цхьана зудчо, ша Янаевн нана ю элира цо. Цуьнан озаца гуш дара, иза йоьхна хилар. Журналисташкахь шен цIийнден номер муха нисъелла, хаа лууш яра иза.

"Уьш, ("лаамхой". – Редакцин билгалдаккхар.), нагахь санна, бертаза бахийтинехь а, цхьанна а хьалха отчет яла декхарийла дац тхо. Стенна гулъеш ю иштта информаци? Бакъдерг дийцича, кIордийна. Нагахь цхьаъ тIечIагIдахь а: лаамхо, йа белхахо [ницкъаллин структурийн], йа бертаза [вахнехь тIом бан] – хIун нисло мискачу стеган?"- ца кхетара телефон тоьхнарг.

Стохка гурахь 25 шо кхаьчна ТIехьа-Мартанарчу Ахматов Iийсан. Украинехь контузи йина цунна, ког а кагбелла, дикка меттахIоттанза ву иза хIинца а, амма тIаме юхавеана. "Машенлелорхо вина цунах, суна хетарехь, когана ницкъ ца бан", - боху Ахматовн вашас.

Мича Iалашонца ваханера иза тIамтIе аьлла, хаьттича, къамелдечо даредо: "Бакъдерг дийцича, ца ваьллачу денна. Ахчанца проблемаш яра тхан". Украине тIаме хьажавале Ахматов контракт дина, эскаран гIуллакх деш вара Ставрополан кIоштарчу Буденновскехь. Зуда а, бераш а дац цуьнан, цомгаш да-нана дисина цIахь.

Эскархочун ваша а цецвуьйлура, Нохчийчуьра бахийтинчу "лаамхойн" телефонан номерш йиллинчу хьасташкахь хиларх.

"Муха нисделла церан цIераш гучуйийлар? Цхьа информаци араялар ду-кх хIара, суна хетарехь. ТIейогIучу хенахь суна а, сан вешина а бале дала там болуш хIума ду хIара", - дагахьбалламца элира Ахматовн гергарчо.

Лазийна Джалкхера Магомадов Муслим, цуьнан вешин дешнашца, Мариупольна гергахь хиллера, когах чов йинера цунна. Кхечу хеттаршна жоьпаш дала реза ца хилира къамелдийриг, ша Москвахь вехаш ву, цIахь хилаза дуккха а хан яьлла, мича бахьанашца вахна Мовсаре шега хаьттича гIоле ду аьлла. ТIаьхьо ваша ша зIене велира Кавказ.Реалиин корреспондентаца, цо харцдира, ша тIамехь ву бохург, информаци яржарна реза цахилар къадийра, шен дешнаш ма даладе а олуш.

Украинехь чевнаш йинчу Дикаев Хьасанан "контакты" декъехь язйина хIусамненан номер ю. Цо дийцарехь, и шиъ хIинца къаьстина ду. Къамелдинчо тIечIагIдира, шен хIусамда хилларг Украинехь лазийна хилар а, хIинца иза цIахь хилар а. Цуьнан дешнашца, тIеман гIуллакхдархо ву иза, шен лаамехь вахна иза тIамтIе йа ца вахна, цунна хууш дац.

Дикаев Оьрсийчоьнан чугIортарехь дакъалоцуш хилар къобал дой цо аьлла, шега хаьттича, цо жоп делира: "Суна тIом ца беза. ХIуъа дийцича а, тIом - тIом бу-кх – цигахь а, кхузахь а маьрша нах бу. Суна ца хаьа, хIара дерриг а политика ю, со цунах кхеташ яц. Деле доьху ас, сихха тIом берзийта ахь, цигара нах хьийза а ца бойтуш, бохуш. Суна массо а адам цхьатерра ду".

***

Украинан тIеман министраллан тептар зорбане даккхарца, Украинне тIом бан баха лаам берш вовшахтухуш хиларх хаамаш зорбане бохучу нохчийн "Канал добровольцев" телеграм-каналехь информаци гучуелира дIаязбар юкъахдаккхарх. Авторша доьху кIира даьлча канале юхадуьйла, набахтехь хан яьккхинарш шаьш дIаоьцур цахиларх дIа а хьедеш.

Хьарамлонаш, наркотикаш, бакъо йоцуш герз лелийна, нах байарна хенаш яьхнарш лаамхойн тептарехь шайна карорах цхьадолчу зорбанан гIирсаша чIагIдарна дуьхьал делла жоп хила тарлора иза. Доккхачу декъанна цунах лаьцна хаамбира "Можем объяснить" телеграм-канало а, иштта бакъоларъярхочо, журналисто, Оьрсийчохь къевлинчу "Русь сидящая" фондан куьйгалхочо Романова Ольгас а. Цунна хетарехь, Украинехь нисбала тарло, документашкахь хан токхуш берш а. Романована хетарехь, оцу нахана кхачо тарло уггар а боьха болх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG