ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра масех ницкъахо Украинехь шайн накъосташа герз диттина вийна


Кадыровхой Киевскан кIоштан хьуьнхахь, 2022-чу шеран Зазадоккху-беттан 19-гIа де

Гражданскан бакъоларъярхойн тобано – "Мемориал" центран хиллачу белхахоша – Нохчийчуьра ницкъахой шайн тIеман накъосташа герз диттина вийна боху шиъ хаам теллина, уьш тIе а чIагIбина.

Охан-беттан 20-хь 1ADAT нохчийн телеграм-канало гайтина вийначу виъ стеган декъешка хьоьжуш яьккхина видео - иштта хиина дуьххьарчу гIуллакхех лаьцна. "ХIара иччархочо вийна?" – хотту цхьамма. "ХIан-хIа, хIара шиъ вовшаха вийначех ву", - жоп ло цунна шолгIачо.

"Мемориалана" ликвидаци йича цуьнан тобано лелош йолу "Полный ПЦ" телеграмерчу каналан хаамца, Охан-бутт болалуш ворхI нохчийн ницкъахо шайн Украинерчу базехь хиллера, бархIалгIаниг чу а иккхина, девзаш доцчу бахьанца царна тIе герз детта хIоьттира. Пхиъ вийра, дийна виссинчунна аьтто белира дуьхьала герз а тоьхна тIелеттарг вен. Соьлжа-ГIаларчу УМВД дIакхачийра дийна виссина шиъ, таллам бу дIахьош.

ШолгIачу хиламах лаьцна аудио Охан-беттан 26-хь арахийцира оппозицин блогера Белокиев Ислама. Вевзаш воцчу стага нохчийн маттахь дуьйцу оцу тIехь, Курчалойн гIаларчу кхаа кадыровхочо, хетарехь, Украинехь зуьдаршкара дашон тIеоьхкинарш схьа а йохуш талораш лелош хилар. Ойсхарара схьаваьллачу тIеман накъоста цаьргара бехк баьккхина хилла, тIаккха цара и герз тоьхна вийна.

Дуьйцучо чIагIдо, шена цигара хьал девзина куьйгбехкечун а, дIакхелхинчун а доьзалшна юккъехь хилла дов листарехь дакъа лаьцначаьрга. ЖамIехь Ойсхарарчу бахархоша куьйгбехкечунна чIир кхайкхийна.

"Мемориалан" экс-белхахойн аьтто баьлла и хаам тIечIагIбан. Жигархойн хаамашца, стаг вуьйш дакъа лаьцна хилла волу кхоъ стаг Нохчийчу схьавалийна, царах кхин дIа хилларг хууш дац. Царах цхьаъ Ковраев фамили йолу ЯмадаевгIеран вежарийн йишин кIант хила тарло.

  • 2022-чу шеран Зазадокху-баттера Стигалкъекъа батте кхаччалц Нохчийчуьра тIамехь дакъалаца хьовсийначу кадыровхойн а, лаамхой олучийн а тептар зорбане даьккхина Стигалкъекъа-беттан 16-хь Украинан тIеман министраллан таллархойн урхалло. Цу тIехь 2 425 цIе ю, бIе гергга царех велла аьлла, билгалваьккхина ву. Украинхойн талламчийн информацица, тептарехь билгалбаьхна кадыровхой, эскарна тIаьхьа а боьлхуш, дIалецначу дозанаш тIехь "оьрсийн къепе" латточу "тIелатаран шолгIачу эшелонехь" хилла бу.
  • Формалехь "архьарчу агентан" билгалонаца долу тIедиллар кхочуш ца дарна, Охан-беттан 5-хь болх бан болабеллачу сацамца кхело дихкина "Мемориална" шен болх дIакхехьа. Цуьнан белхахоша бакъоларъяран болх дIакхоьхьуш бу.
  • Ямадаев Сулима оьрсийн-нохчийн хьалхарчу тIамехь къобалъянзачу Ичкерин агIо лаьцна дакъа лоцура, шолгIачу тIамехь – Оьрсийчоьнан агIо лаьцна, "Восток" батальонан буьйранча вара иза. Вийра Дубайхь 2009-чу шарахь. Ямадаев Руслан 2003-2007-чу шерашкахь пачхьалкхан думан депутат вара, 2008-чу шарахь Москвахь вийра иза. ЯмадаевгIеран вежарий байъале уьш Кадыров Рамзана конкуренташ хетара. "Новая газетан" хаамашца, ЯмадаевгIеран вежарий 2006-чу шарахь журналист Политковская Анна ерца боьзна хила мега.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG