ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра мухIажарера паспорт схьадаьккхина Болгарехь


Болгарин а, Туркойчоьнан а дозанехь лаьтта полици
Болгарин а, Туркойчоьнан а дозанехь лаьтта полици

Австрино делла мухIажаран паспорт схьадаьккхина, оцу пачхьалкхехула чекхъяьлла, шен хIусамда дIаволла Туркойчу йоьдуш хиллачу нохчочуьнгара Каимова Сацитера. Кавказ.Реалиига дийцина цунах лаьцна ша Каимовас.

Iедалхоша кхеторехь, дуьйцу Каимовас, цуьнан документ юкъахдаьккхина хилла. ХIинца Каимова шен 11 шо долчу кIантаца хийрачу махкахь юьссу, цунна хета, шен паспорт тIехь цхьа гIалат хилла хир ду аьлла.

"Товбеца-беттан 21-чохь цIийнда велира сан, цуьнан дакъа Туркойчу дIахьажийра, тхо цунна тIаьххье машенахь доьлхуш дара. Болгарин, туркойн дозанехь тхо совцийра, сан документ юкъахдаьккхина ду аьлла. Ткъа кIентан кехаташ нийса ду. София гIала юха ян декхаре хилира со, кхин цхьанхьа а яха аьтто а боцуш", - дийцина Кавказ.Реалиига Каимовас.

Къастазчу миграцин статусехь доьзал Болгарехь биссарна, Габаев дIавоьллина доьзало дакъа а ца лоцуш.

"Стресс хилла кIантана, цхьа хIума юуш вац иза, цIа ваха лууш. Со а ю чIогIа сагатдеш. Векалте яьллера со, цигахь шина кIиранах собар дан деза, информаци тIечIагIъяллалц элира. Хьешан хIусамехь доккхучу хIора дийнах оха охьадуьллуш ду 140 евро, дуккха а кхузахь хан яккха таро яц тхан", - боху мухIажаро.

Каимова Сацитас билгалдаьккхира, дикка хьалха ахча а, паспорт а лачкъийнера цуьнан, криминалан полицига дIахьедина а хиллера цо. Ши кIира даьллачу заманчохь шен цIенна уллохь бохча схьакарийнера цунна, чохь паспорт а долуш. Хетарехь, зуламхочо ахча дIа а эцна, кехаташ схьатесна хилла хир дара, кхунах дог лезна.

"Паспорт дарах информаци полицехь дIаяьккхина хилла хир яц, цундела хIара формале гIалат дуьхьалдаьлла", - тIечIагIдира Каимовас. Цо иштта тIетуьйхира, 2003-чу шарера схьа дуьйна ша Европехь ехаш хилар, бакъоларъяран органийн кхуьнан доьзале цхьана а кепара хеттарш хилла цахилар а.

Болгарин миграцин органаша хьолах лаьцна комментарий йина яц.

  • Украинехь тIом болабелчхьана дукха нисделла Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчашна дуьхьало еш, йа депортаци еш меттигаш. Доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказерчу бахархоша латкъамаш бо кест-кеста къоман а, динан а билгалонашца дискриминаци лелайо шайца румынхойн миграцин хьукматаша бохуш. Бакъоларъярхойн хаамашца, къаьсттина хьакхало и нохчех: йа депортаци йо царна, йа лоьцу уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь бацахь а, ткъа Румынехула дехьабовлу уьш транзитехула.
  • Интерполон комиссино дуьненаюкъарчу лехамашкара дIаваьккхира Дагестанан вахархо а, Нохчийчуьра шиъ а уьш Оьрсийчоьно бехкебинера бакъо йоцуш, герзашца вовшахйиттинчу тобанашлахь дакъалаьцна бу аьлла. Церан массеран а мухIажаран статусаш яра Евросоюзехь а, Британехь а. Хьалхо Интерполе дехар динера, махкал арахьа болх бечу нохчийн бакъонашларъяран «Вайфонд» организацино.
  • 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG