ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра немцойн депутат тIамтIехь нисвалар

Дадаев Мурад, иза ву Нохьа Кригер а
Дадаев Мурад, иза ву Нохьа Кригер а

Ша "Альтернатива Германина" (АдГ) аьллачу аьтто-партин декъашхо ву боху, Нохчийчуьра схьаваьлла Дадаев Мурад, къаьсттина дика вевза иза Кригер Нохьа цӀарца, Оьрсийчоьнан эскаран декъахь Украине ваханера. Цунна хIинцале а мидал йелла, "Немцойн батальон" кхуллуш ву ша аьлла, дIа а кхайкхийна цо. Ша массеран а метта "тIом беш ву" боху цо: оьрсийн а, нохчийн а, немцойн а метта. Оцу йукъанна, цхьа а тоьшалла дац Кригер тӀамехь дакъалоцуш хиларан. Тхан редакцино теллина, муха, хӀунда нисвелла блогер тӀамехь.

Дадаев Мурад Соьлжа-гIалахь вина ву 1989-чу шарахь, иза хьалакхиъна СемаьIашкахь. Цуьнан вешина Дадаев Сулейманна таIзар дира 2011-чу шарахь Австрехь 19 шо хан а тухуш, Венехь Кадыров Рамзанан хилла хадархо Исраилов Iумар верца доьзначу гIуллакхехула. Исраиловс гIарадаьккхинера Нохчийчохь къайлахчу набахтешкахь нахана тIехь ницкъбарх лаьцна. Дина таIзар доллушехь, 2022-чу шеран чиллан-баттахь Дадаев Сулейман Оьрсийчу йухавеара, керла паспорт а даьккхина.

Ткъа Кригер тIаьххьалц Германехь вехаш вара. Цо лелош бизнес йара, XIX -чу бIешерашкара цхьа шира гIишло йара цо ХIанноверехь аренде эцна. Цигахь цо тIелоцуш хиллера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца боьзна шен махкахой. "Германинан альтернатива" партин ша декъашхо хиларе терра, цо жигараллица пайдаоьцура социалан машанашкахь нацистийн лозунгех а, билгалонех а.

Дерриг а хийцадала доладелира 2025-гӀа шо чекхдолуш. Цкъа хьалха Кригер цо лаьцна хиллачу хӀусамера араваьккхира, арендан ахча дIа ца даларна (цул а хьалха оцу цӀенна цӀе тесна а хиллера). Ткъа гурахь АдГ партино дӀахьедира, шаьш блогер шайн могӀарера дIавоккхуш болх болийна аьлла. И сацам баран хIун бахьана ду, ца дийцира партино. Амма цул а хьалха Кригер Соьлжа-ГӀала а вахана, Кадыровс дакъалоцуш хиллачу Нохчийчоьнан парламентан кхеташонехь хилира, республикан вице-премьерна Дудаев Ахьмадана свастика тӀехь йолу Люфтваффе урс а делира цо совгIатна.

Эххар а АдГ-н могIарера Кригер дIаваьккхина йа ца ваьккхина а, билггал хууш дац. Тхан редакцино партига оцу хьокъехь дахьийтина ши кехат а жоп доцуш лаьтта. Кригера, хьалха а санна, дIахьедо, ша хIинца а цу партин декъашхо ву бохуш. Амма бакъду, зазадокху-баттера схьа дуьйна Оьрсийчохь вехаш ву иза. Соьлжа-ГӀалахь лерринчу полицин полкан Ӏаморшкахь а хилла иза, лаьмнашкахь йоккха топ а йиттира цо, иштта Пачхьалкхан Думехь а, Петарбухерчу экономикан форумехь а хила ларийра иза. Ала догIу, цигахь а, вукхунхьа а "АдГ-н депутат" санна хилира иза.

Кригер Нохьа
Кригер Нохьа

Мангал-бутт чекхболуш Кригер Нохчийчуьрчу аренашкахь хилира, тӀеман Ӏаморех терачу цхьана барамехь дакъалоцуш вара иза. Цул тӀаьхьа масех де даьлча Украинера видеош йаржо волавелира иза. "Со кхузахь ву, и дерриг а сайн бӀаьргашца ган веана", - йаздинера цо инстаграмехь товбеца-беттан 2-чу дийнахь.

ХӀара блогеро оьрсийн маттахь наггахь бен йазйеш йоцчу постех цхьаъ йу, цо дукха хьолехь лелабо немцойн мотт. Цу зорбане йаьхначу посташкахь, цхьанна тӀехь Кригера дӀахьедо: "Аса дозалла до немцойн халкъан декъашхо суо хиларх. Махкахь вайн гӀалате йолчу политикано вайн немцойн мехаллаш йохош йу. Со Украинехь ву, Оьрсийчоьнехьа лаьтташ. Мила бакъ ву, мила вац, дац вай дуьйцург, барт эгIо луучу мазбузенан политикана дуьхьал болу къийсам бу". Цуьнца цхьана хIоттийначу видео тIехь Кригеран некха тIехь латийна цуьрг ду: "Тхо-оьрсий ду, тхоьца Дела ву" аьлла, йаздина.

Украинехь йинчу кхечу шен публикацешкахь цо доьху "немцойн Даймохк кълбалбе", боху цхьана дийнахь ша йуха а цигахь хир ву, тIаккха "мукадехкех сайн мохк" маьршабоккхур бу.

"ТӀех йеххачу хенахь Атлантикан дехьа йолчу арахьарчу пачхьалкхаша хьоьхуш ду вайна арахьара политика а, вайн экономика а, ур-атталла вайн мехаллаш а муха хила йеза. Трансатлантико тIекъийлар- доттагӀалла дац, иза вайн халкъан сий дӀа а доккхуш, латтош долу Ӏуналла ду. Ас дош делира шуна, шех "альянс" олучу оккупацех шу маьрша дохуш, тхо дIакхочур ду аьлла. Тхо хIинца а тхешан деша тIехь ду",- йаздина Кригера шен цхьана постехь.

ХIокху хьолах дIакхета а, герз лело а веана со

Блогер тIемаш беш хиларх цхьа а тоьшалла дац. Цхьана видео тӀехь иза дӀасалелочу машенна тӀелатар до дроно. Уллора эскархой дрон йохон хьийза йукъанна, Кригеран карахь йу телефон. Цул тӀаьхьа коьллаш йукъахь къайлаволу иза. Кхечу видеон хьесап дича, блогеро шен видеош йохуш йу Донецкан кӀоштара, лаххара а, тIемаш боьлхучу меттигна иттаннаш километрашкахь генара. Ишта хаавелира иза Енакиевехь а, Авдеевкехь а.

Амма цунах новкъарло ца хилира, цунна "бIахаллин доьналла" гайтар аьлла, мидал йала. Тхан редакцино тидам барца, "Шторм" тобанан цIарах дина ду и совгIат. Цу тобанан йукъа оьцуш бу тутмакхаш.

Кригерна совгӀат даларан билггал бахьана хууш дац. Амма и мидал пачхьалкхан мидал йац, цуо цхьа а пайда а, йа льготаш а ца ло; иза кхоьллина ветеранийн "ТӀеман вежаралла" йукъараллин организацино. И совгӀат кхаьчначу кхечу Нохчийчоьнан бахархошна йукъахь ву инарла Алаудинов Апти а, Нохчийчоьнан премьер-министр Даудов Мохьмад а, регионалан Росгвардин урхаллин куьйгалхо Делимханов Шарип а.

"Декъал хуьлда сийлахь Германи. Тхо, немцой, Дела воцчух, кхин цхьаннах а кхоьруш дац", - ишта комментарий йира блогеро шена совгIат делча.

Цул сов, товбеца-беттан 16-чу дийнахь цо дӀакхайкхийра, Оьрсийчоьнан эскарна йукъахь "Кригер" аьлла цӀе а тиллина, "немцойн батальон" кхолларх лаьцна. Иштта дакъа кхолларх лаьцна официалехь бина хаам бац.

Нохчийн NIYSO боламна хетарехь, ша "чIогIа кIант" ву аьлла, сурт кхин тIе а чIагIдархьама вахана хила тарло блогер оккупаци йинчу дозанашка.

"Тхуна цхьа а бахьана ца го, иза цига ницкъаца вахана хир ву аьла. Мелхо а, Кадыровн рожехь логикаца догӀуш хир дара, рогIера "Европера цӀавеанарг" ву хIара аьлла, шайн пропагандехь цунах пайдаэцар. Амма цуьнца бина болх меттигерчу хаамийн гӀирсаша буьззинчу барамехь дӀабаьхьна бац. Кригер цхьа майра, доьналла долуш стаг ву аьлла, вевзаш вац. Цундела олийла йу тхан, тIама йуккъехь иза дакъалоцуш вац аьлла. Оцу хьолах дIакхета, жимма герз лело, Оьрсийчоь Iалашйарехь цхьа "дакъалаца" вахначух тера ду иза цига", - дIахьедира боламан векало тхан редакцига.

Цунна хетарехь, нохчийн куьйгалло бIаьргаш хьаббо блогеран нацистий хьежамаш хиларна, хIунда аьлча, царна коьрта ду, иза Оьрсийчоьнехьа хилар а, цо дIахIиттинчу Iедалхошкахьа хилар а. Кхиндерг коьрта дац.

"Масала, схьаоьцур вай Оьрсийчоьнан пропагандин АгД-ца йолу политика. Германехь уьш лоруш бу ма-дарра аьлча, Гитлеран верасаш санна. Амма Оьрсийчохь, мелхо а, цара царна гӀортор йо, къайлаха спонсоралла а до, уьш хьошалгIа а кхойкху а. Германехь бехачу дуккхаъчу оьрсийн къаьмнийн векалша кхаж тосу АдГ-на. Цара дерриг а цхьана муха иэдо- "денацификаци" а, "дедайша тIемаш бар" а, АдГ-на кхаж тасар а – хIетал-метал ду", -бохура къамелдечо.

Кригер нохчаша тIе муха оьцу аьлча, NIYSO-н векало билгалдаккхарехь, диаспорина иза мостагӀ а, йамартхо а ву, хӀунда аьлча, мигранташна дуьхьал йолчу партин векал ву иза. Ткъа даймахкахь бехарш цецбевлла цо лелочух, иза тамашийна, беламе стаг хета царна, цунах кхарда а кхаьрда уьш.

Нацистийн хьежамех цхьа а цец ца волу Оьрсийчохь

Оьрсийчоьнан пропагандина Кригер – шен хьагӀ йолу хьежамаш боллушехь – дешин мах болуш ву, цо "нийса" Европа гойтуш хиларна, билгалдоккху социолога Дубровский Дмитрийс.

"Кремлан логика иштта ма йу: Оьрсийчоь гӀерта "нийса" Европа "харц" Европах ларъйан. Цара боху, европахой хийцабелла, телхина, массо а тайпа галдаьлларг йукъа а даькхкина- эвтанази, ЛГБТ- оцу доллучух а Европа "кIелхьарайаккха" йеза бохуш. Цундела, Кригер санна волу стаг царна гергахь дийна тоьшалла ду оцу хIуманан, Оьрсийчу а лесташ, шаьш "неIалте гейропех" кIелхьарадийла муха гIерта дуьйцу кхинболу нах а санна", - кхетийра къамелдечо.

Цо билгалдоккху, Кремл иттаннаш шерашкахь Евробертан генарчу аьтто-партин ницкъашца жигара цхьаьнаболх беш хилар. Цундела Кригеран АдГ-ца уьйр хиларо, шеко йоццуш, лакхарчу даржхошна новкъарло ца йо.

"Мацах лелаш хилла цхьа забар дагайоуьйту кхуо, Гестапера къизаллина тIехула цхьаъ араваккхар. Фашистийн АдГ парти йукъара нацизмана пропаганда йарна стаг дIаваккхар, и ду хьуна и стаг билггал нацист хилар", - билгалдоккху Дубровскийс.

Оьрсийчоьнан Ӏедалшна цхьа а проблема йац Кригеран хьежамаш хиларна – Оьрсийчоьнан эскарехь хӀинцале а болуш бу тӀом беш неонацисташ, боху журналисто Кашин Олега: "Ткъа, принципехь, "леррина тӀеман операци" йолалуш Путин Владимира хьалха хӀоттийна йолу денацификацин лозунг, ма-йарра тIеоьцийла дац. Свастикех а нацистийн хьежамех а Оьрсийчохь цхьа а цец ца волу".

Ма-дарра аьлча, бохуш, кхетадо къамелдечо, Оьрсийчоьнан пачхьалкхана ца тов йерг -Украинера аьтто-партин идеологи бен йац, шен орамашца украинхойн националистийн йукъараллийн а, Украинан гIаттамхойн армин а эпохе вуьгуш йолу. Амма "Бандерал дехьа долу муьлхха а хӀума кхачам боллуш къобал дан йиш йолуш ду Кремло", - аьлла, дерзийра Кашина шен къамел.

  • Украинерчу тIамехь вийна масийтаза кхел йина хилла Нохчийчуьра криминалан авторитет, "Кадыров Рамзанан чалтач" санна вевзаш хилла Денисултанов Артур. Политикан буха тIехь нах байъина, Нохчийчуьра бахархой тоххара а хьийсабора тIамтIе. Уьш тIамехь муха нислора а, цигахь царах хиллачух а дийцира тхан редакцино шен материалехь.
  • Нохчийчохь, Кадыровн рожан критикашна дийцарехь, ницкъаллин структурийн белхахоша меттигера бахархой лечкъор соцуш дац. Белларш а бу царлахь, шайна йукъахь тӀаме а вахана, цул тӀаьхьа "Ахматехь" ахчанаш дахарна арз дина хилла оппозицин блогер а волуш. Тхан редакцино къастийра, тӀаьххьарчу беттанашкахь нуьцкъала нах лечкъорах а, къайолабахарх а хууш долчух лаьцна.
XS
SM
MD
LG