ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра полицин декъехь йина гIело ца талларца бина сацам тIечIагIбина Лаккхарчу кхело


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсичоьнан Лаккхарчу кхело тIаьххьара тIечIагIбина Нохчийчохь лецна хиллачарна гIело йар нохчийн талламхоша листа реза ца хиларца бина сацам, хаамбо бакъоларъяран "Мемориал" центрехь. Буьйцурш бу Куьрчала кIоштара 14 вахархо – цкъа дуьххьара шина баттахь низамехь доцуш кIоштерчу полицин декъехь а, тIаккха Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу ППС-н 2-чу полкан ларми чохь латторна нуьцкъахой жоьпе озон гIерташ уьш хьийза масех шо ду. Арз динчара бахарехь, цигахь царна тIехь Iазап латтийнера.

Масала, нуьцкъахоша шайна еттарх а, сексуале ницкъ барна кхерамаш тийсарх, низамехь йоцу герзаца вовшахкхетаран (НВФ) декъехь хилар а, герз лелор а тIелаца бохуш шайша хийзорах лаьцна кхелехь дIахьедира лаьцначара. Шелара гIалин кхело 9,5 тIера 10,5 шаре кхачалц чохь яккха хенаш йиттира царна, гIуданаш туьйхира 200 тIера 250 эзар соьме кхачалц.

Iазап латторах лаьцна дIахьедарш массо оьрсийн инстанциш тидам боцуш дитира. Масала, латкъамаш талла реза ца хилира кIоштан а, Лаккхара а Нохчийчоьнан кхелаш, иштта ПхоьалгIа кассацин кхел а – Оьрсийчоьнан Лаккхара кхел оцу зIенехь тIаьххьара инстанци хилира.

"Мемориало" бинчу сацамца а догIуш, оцу гIуллакхехь хьийшира Европан конвенцин адамийн бакъонехула йолу артиклаш: арт. 3 (гIело ца магор), арт. 5 (маршонна а, стеган бехкаме хилар), арт. 6 (кхело бакъонца листар), арт. 13 (эвсаралле бакъонан ларваран гIирсан бакъо). Нохчийчохь Iазап латторца боьзна латкъам ЕСПЧ-хь листаран рогIе хьоьжуш бу.

  • Зазадоккху-баттахь Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн Министралло санкцеш яьхна Куьрчалойлара МВД декъанна а, цхьамогIа бакъонийн органийн белхахошна дуьхьала: Куьрчала кIоштара МВД-н декъан ГИБДД-н куьйгалхо Хутаев Хьусайн, талламхо Саламов Нурид, Устрада-ГIалан прокурор Ахматов Джабраил. Документаца а догIуш, царна дуьхьала санкцеш яхар оцу наха адамийн бакъонаш хьешарца доьзна ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG